Бицираев, Сайдхусейн Султанович
Саи́д (Сайтхусе́йн) Элемсулта́нович Бицира́ев (1954 шеран 30 январь, Кадамжай, Баткенан область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР) — нохчийн художник, Г. Р. Державинан цӀарах йолу оьрсийн йозанан а, исбаьхьаллан а Академин декъашхо (2004), Нохчийн Республикин Сийлахь художник (2004), Российн Сийлахь художник (2013), А. Л. Штиглицан цӀарах йолу Петарбухан пачхьалкхан исбаьхьаллин а, индустрин а академин суьрташ дахкаран кафедран профессор, Российн художникийн бертан декъашхо, Халкъашна йуккъера исбаьхьалчийн а, критикийн а ассоциацин Петарбухан декъан декъашхо.
Саид (Сайдхусейн) Султанович Бицираев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Исбаьхьалча |
Вина терахь | 1954 шеран 30 январь (70 шо) |
Вина меттиг | Кадамжай, Баткенан область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР |
Корматалла | художник |
Гражданалла | ССРС → Росси |
СовгӀаташ |
|
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Саид Бицираев |
Биографи нисйе бӀаьра
Вина 1954 шеран 30 январехь Киргизин Баткенски областан Кадамжай гӀалахь. 1957 шарахь цуьнан доьзалла цӀа бирзира шайн юрте Нойбера. Оцу юртехь цо школа чекхйаьккхира.
1973 шарахь цо чекхйаьккхира Краснодаран исбаьхьаллин училище. 1981 шарахь чекхйаьккхира СССР исбаьхьаллин академин Репинан цӀарах йолу сурт дилларан а, скульптуран а, архитектурин а институт. Доьшуш хенахь иза вара СССР исбаьхьаллин академин декъашхон Юрий Непринцев пхьалгӀехь болх беш.
1982 шарахь иза Петарбухан художникийн бертан декъашхо хилира. 1982-1983 шарахь иза вара сурт диллар хьоьхуш № 1 йолу Ленинградан берийн исбаьхьаллин школехь. 1983 шо дуьйна таханналц иза ву Петарбухан пачхьалкхан исбаьхьаллин а, индустрин а академин хьехархо а, доцент а сурт дилларан кафедрехь.
1984—1986 шерашкахь болх бира Художникийн бертан Ленинграда декъан исбаьхьаллин пхьалгӀехь. Цуьнан куьйглахо вара СССР Халкхан художник В. Ф. Загонек. 1987 шарахь иза хилира Российн художникийн бертан декъашхо. 2001 шо дуьйна иза ву Къилбера Корейн исбаьхьаллин ассоциацин (КСАА) декъашхо («2000 Korea Creative Artist Association»). 2002 шарахь иза хилира искусствоведийн а, критикийн а СНГ Халкъашна йуккъера ассоциацин Петарбухан декъан декъашхо. 2004 шо дуьйна иза ву Г. Р. Державинан цӀарах йолу Российн йозанан а, исбаьхьаллин а академин декъашхо.
2004 шарахь цунна йелира Нохчийн Республикин Сийлахь художникан цӀе[1].
2012 шеран 5 октябрехь Нохчийн Республикин Халкъан музей схьайоллуш цо 100 гергга шен сурт делира оцу музейн[2].
2013 шарахь цунна йелира Российн Федерацин Сийлахь художникан цӀе[3].
Иза ву Российн, Китайн, Австрин художникаш дакъа лоцу «Цхьаналлан тӀе некъ» проектан декаъшхо. Цо дакъа лоцу «Российн художникаш — дуьненна» проектехь. Оцу проектан Ӏалашо йу дуьненна Российн тоьлла художникийн кхолларалла дуьненна дӀагайтар. Масала, цо 2004 шарахь дакъа лецира проектан альбом кечйарехь а, арахецарехь а.
Иза кест-кеста воьду кхоьчу пачхьалкхашка (Финлянди, Желтойчоь, Итали, Испани, Китай, Австри). Испане ваханчула тӀехь цо диллира 30 сов сурт Федерико Гарсиа Лоркин поэзица доьзна. 2004 шарахь арахийцира Абрам Раскинс йазйина книга «Саид Бицираеван Испанин рапсоди». Цо дехкина суьрташ Китайх а, Желтойчох а лаьцна. Цо дехкина суьрташ ду Российн, Финляндин, Германин, США, Желтойчоьнан, Канадан, Китайн, Италин, Испанин, Венесуэлин, кхоьчу пачхьалкхийн музейшкахь а, долахь болу гуламашкахь а.
Бицираеван кхолларалах лаьцна статьяш йазйо Петарбухан а, Нохчичоьнан а газеташкахь а, кхоьчу пачхьалкхара арахецарашкахь а. Яккхина кхоъ документальни фильм цунах а, цуьнан кхолларалах а лаьцна. Бицираевах лаьцна радиопередачаш йинера Петарбухан радиос а, «Маршо» радиостанцис а.
Гайта хӀоттамаш нисйе бӀаьра
- Ленинградера художникийн гуьренан гайта хӀоттам. Йуккъера гайтахӀоттаман зал, Петарбух;
- Къона художникийн гайта хӀоттам. ГайтахӀоттаман зал Охтехь. Петарбух;
- Дипломан белхийн Йерригсоюзан гайта хӀоттам. Тбилиси;
- «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу къона художникийн гайта хӀоттам;
- Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
- «Хьоме пачхьалкхахула» цӀе йолу республикин гайта хӀоттам;
- Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
- «Гуьйре 83». Ленинградера художникийн гайта хӀоттам;
- «Ленинград — Москва» цӀе йолу 8-гӀа Йерригсоюзан къона художникийн академически гайта хӀоттам;
- Кегирхойн гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
- Кегирхойн ГӀалахь хилла къона художникийн гайта хӀоттам;
- Ленинградера художникийн Зонан гайта хӀоттам. Йуккъера гайта хӀоттаман зал, Петарбух;
- Къона художникийн гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
- Петарбухан художникийн бертан пхьалгӀан отчетан гайта хӀоттам;
- «Вайн заманхо» цӀе йолу Ленинградера художникийн зонан гайта хӀоттам;
- Ленинградера художникийн БӀаьстенан гайта хӀоттам;
- «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу зонан гайта хӀоттам. Охтехь йолу гайтахӀоттаман зал;
- «Пачхьалкхан къоналла» цӀе йолу республикин гайта хӀоттам. Москва;
- «БӀаьстенан пейзаж» цӀе йолу Ленинградера художникийн гайта хӀоттам;
- Портретан республикин гайта хӀоттам. Москва;
- Долахь йолу галерейхь гайта хӀоттам. Финлянди. Хельсинки;
- Российн художникин тобанан гайта хӀоттам. ФРГ;
- «Аврора» журналан редакцехь хилла йолу художникийн тобанан гайта хӀоттам. Петарбух;
- «Йерриг Петербург» цӀе йолу гайта хӀоттам. Петарбух;
- «Москва — Петербург» гайта хӀоттам;
- Российн, Италин, Финляндин, Корейн, Японин, Германин художникин гайта хӀоттам. Финлянди, Котка;
- Российн, Финляндин, Корейн, Японин, Канадан художникийн гайта хӀоттам;
- Петарбухан художникийн гайта хӀоттам Пекинехь. Китай;
- «ЗооАрт» гайта хӀоттам. Петарбух. Гайта хӀоттаман зал «Манеж»;
- Китайн, Российн, Австрийн художникийн гайта хӀоттам. Российн исбаьхьаллин Академин музей. Петарбух;
- Халкъашна йуккъера гайта хӀоттам КСАА. Вена. Австри;
- Нохчийн художникийн гайта хӀоттам. Исбаьхьаллин академи. Москва;
- КСАА декъашхойн халкъашна йуккъера гайта хӀоттам. Хельсинки. Финлянди;
- Харбинера а, Петарбухера а художникаш цхьана бина гайта хӀоттам;
- Петербургера художникийн юбилейн гайта хӀоттам. Гайта хӀоттаман зал «Манеж»;
- «Художникаш — Петербурган» цӀе йолу гайта хӀоттам. Петарбухан 300 шо кхачаран;
- Китайн, Российн, Австрийн художникаш цхьана йина гайта хӀоттам. Цийчоь;
- Российн художникаш Венехь бина гайта хӀоттам (Австри). «Российн художникаш — Дуьнега» проект;
- «Китайх лаьцна ойланаш» цӀе йолу дӀасалелало гайта хӀоттам. Гайта хӀоттаман зал «Смольный»;
- «Испанин рапсоди» гайта хӀоттам. Анна Ахматован музей;
Лерина шен гайта хӀоттамаш нисйе бӀаьра
Билгалдахарш нисйе бӀаьра
- ↑ Указ Президента Чеченской республики № 145 от 1 июля 2004 года о присвоении звания Заслуженного художника Чеченской Республики С. Бицираеву.
- ↑ Еще один «Заслуженный художник России»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации № 356 от 15 апреля 2013 года
Литература нисйе бӀаьра
- Дмитренко А. Ф. Саид Бицираев. — Санкт-Петербург: «Текст», 2005. — 142 с. — 1000 экз. — ISBN 5-7678-0019-7.
- Раскин А. Г. Испанская рапсодия Саида Бицираева. — Санкт-Петербург: ЗАО Геза Ком, 2004. — 84 с.
Хьажоргаш нисйе бӀаьра
- Сайдхусейн Бицираев . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 февраль.
- Сайдхусейн Бицираев . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 февраль. Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine
- Диалоги - Саид Бицираев - Часть 1 YouTube чохь