Бурампассажираш а, транспортан гӀирс а хих дехьабахархьама (эркаш, Ӏаьмнаш, хидоькъеш, хӀордаш) лело некан гӀирс.

Истори а, классификаци а нисйе бӀаьра

Бурамаш шен функцешца тӀайнех тера ду. Амма, цхьадолу хӀордан бурамаш лела бердашна йисташкахула, иштта шайна тӀе кирапассажирийн лайнер-кеманийн функци лоцу. Ишттачу бурам тӀехь некъ беха бо латта тӀиера транспорт тӀехьчул, амма новкъахошна-автомобилисташна гӀоле хета шеца жима автомобиль йига. Цу тӀе, наггахь иштта бурамаш гӀо до кхоалгӀачу пачхьалкхашкахула транзитах кӀелхьара вала (масала бурам КалининградПетарбух).

Цхьацца пачхьалкхашкахь, масала Нидерландашкахь, бурамаш леладо автомобилийн некъан гӀуллакхо. Эркашна тӀехула бурамаш дукха хьолахь маьхаз ду (амма автомобилаш а, боккха мохь а мехах ду). Масала, маьхаза ду нью-йоркан бурам Манхэттен — Статен-Айленд, иза чӀогӀа гӀарадаьлла ду хин тӀиера Маршонан хӀолламе а, нью-йоркан центре а хьажа луучу туристашлахь.

Венецехь бурам (итал. traghetto) — коллективан гондола, леладо пассажираш Гранд-татолах дехьабохуш масех меттигехь.

Бураман меттана дукха хьолахь кеманаш леладо, амма бурамаш ду кхин некан гӀирсаш, масала, понтонаш. Кхечу агӀора хьаьжчи, иштта лелийча уьш шеш а хуьлу кеманаш, хӀунда аьлчи лелайо транспортан функци.

Уггаре атта бурам — пийсиган кема. Масех кема хӀоьттина, тӀехула платформа хӀоттайой, до транспортан гӀирс дехьабоккху бурам. Иштта кепара до черманех бурам. Бурам до дукъош доьхкий а.

Ийдал а, Дон а тӀехь тӀайнаш дахкале мохь а, адамаш а дехьадохуш леладора даккхийра чӀапа бух болу кеманаш — завозняш.

Леладаран меттигашца бурамаш хуьлу хӀордан, эркан, Ӏоман. Киран тайпанца — цӀерпоштнекъан, автомобилан, пассажирийн, киран-пассажирийн бурамаш.

Шеш лела а, ца лела а бурамаш нисйе бӀаьра

 
Десант дехьайоккху бурам

Бурамаш хуьлу шеш лелаш а, ца лелаш а. Шеш лела бурамаш тотту моторо, иза дихкина дац бердах (машшийн бурамех къаьсташ).

Шеш ца лела бурамаш ду машшийн бурамаш[en]. Иштта бурамаш шина тайпана ду:

  • Уггаре даьржина — шина бердан йукъа тесна муш йа зӀе тӀехула лела бурам. Энергин хьост бу чоьхьара дагаран мотор, электромотор я (кегийчу бурамаш тӀехь) адаман ницкъ. Хуьлу машшийн бурамаш шайн гӀуллакхна дехкина. Наггахь иза леладарна мах боккху: пассажир дехьа ца валало херонан чу нахарт ца кхоьссича (хьесап йох-иэцаран автоматийн санна). Нагахь электромотор лелабахь бураман тӀе ток йогӀу берда тӀиера: эрк тӀехула муш озабо, цунна тӀехула шершачу хӀоьзнаш тӀехь уллу «лаьхьа» санна сетташ гулло электрийн кабель (коре уллучун хьесап).
  • Наггахь бен доцу, кхечу тайпана бурамаш (реакцин бурам олу) энергин хьост леладо эркан охьадоьду хин ницкъ. Иштта бураман мушан цхьа йуьхьиг йоьхку хин йуккъе (масала, якорь кхуссий), шолгӀа йуьхьиг бурам тӀе йоьхку. Урхан гӀоьнца эркан хин дуьхьала са беш, бурамхочо шен кема цхьаьна берд тӀиера вукха берд тӀе доккху (бурам лела шина берд йукъахь цӀалк санна).

Кема санна бурам нисйе бӀаьра

 
Понтон бураман метта. Харьков

Пассажираш а, вилиспетхой а дехьабохуш леррина бураман дина доцу кегий кеманаш леладо. Автомобилаш дехьайоху бураман йоккха палуба а, тӀейоккху аппарель а хила еза. Готтачу меттигерачу бурамийн шиъ аппарель хуьлу (бурам хьийза дан аьтту ца хиларна), шинне агӀора цхьатерра боларехь а лела иза. Ишттачу бурамийн урхаллин чоь автомобилан палубан тӀехула тӀай дуьллий, оцу тӀайн тӀехь хуьлу, оцу суьрто бурам сиха довзуьйту.

Кхин а даккхий бурамаш кеманех тера ду, дика къаьсташ маара а, цӀога а хуьлу: нагахь некъ масех сахьтахь бинех, бурам хьовзош йолу хан цхьа башхалла йолуш йац. Цу тӀе иштта кеп хӀордаца леларан бехкамашца йогӀуш ю. Даккхий бурамийн масех автомобилан палуба хуьлу. Масалин хьовса Viking XPRS[1] бураман техникин амалашка а, дийцаре а.

Хуьлу цӀерпоштнекъан бурамаш, леррина кечдина вагонаш дехьаяха[2][3]. Вагонаш хьалайоху меран кевнехула я меран аппарелехула. Кеман тӀе вагонаш йоху лерина тӀай тӀехула, иза киран операцеш йолалуш бурамца хӀутту. Цхьацца цӀерпоштнекъан бурамаш тӀехь (масала «Балтийск»[4]) хуьлу вагонаш цхьаьна палубан тӀиера вукха палубан тӀейохуш киран лифт, ткъа иштта цхьаьна палубин тӀехь вагонаш дӀасаяха токан локомотиваш а, цӀерпоштнекъан цамзанаш а. Кхин цӀерпоштнекъан бурамаш (Mukran классан) тӀейоху вагонаш шина палубна дуьххьала бердан терминал тӀиера, нагахь бердан тӀайн ши гӀат елахь, Зассницера я Клайпедера цӀерпоштнекъан терминалашкахь санна.

Билгалдаккха деза, кхерамазаллин техника кхочушъярхьама шофераш а, пассажираш а бурам тӀехь дехьаволуш транспорт чуьра аравала веза.

Советийн бурамийн сереш нисйе бӀаьра

Цхьадолу бураман дехьадовлийлаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра