Буркаев Мовлад (1937 шо[1]. Ломаз-Йурт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР[1], 1995 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь) — гӀараваьлла нохчийн а, советан пачхьалкхан а артист, йишлакхархо, солист. Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист. Тайпана Ансто.

Буркаев Мовлад
Коьрта хаам
Вина терахь 1937({{padleft:1937|4|0}})
Вина меттиг Ломаз-Йурт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Кхелхина терахь 1995({{padleft:1995|4|0}})
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Пачхьалкх ССРСн байракх ССРС
Говзаллаш артист, йишлакхархо, солист

Биографи нисйе бӀаьра

Мовлад вина 1937 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Теркан кӀоштара Ломаз-Йуртахь. 1944 шарахь Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар бахьнехь Мовладан доьзал Кхазакхийн ССРн Джамбул гӀала дӀабахийтира, цигахь цуо йукъара ишкол чекхйаьккхира. Кхазакхстанера цӀабаьхкиначул тӀехьа Соьлжа-ГӀалин Мичурина эвла охьахевшира[1].

1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн телевиденин а, радиокъамелдаран Комитетехь кхоьллира Халкъан пондарийн оркестр. Цуьнан дуьххьара куьгалхо вара композитор Александр Халебски. Цул тӀехьа оркестрна куьйгалла дира Нохч-ГӀалгӀайн АССРн композиторш: Шахбулатов Ӏаднана, Чергизбиев Зайндис, Долгов Юрийс, Димаев Ӏелас. Дуьххьара оркестран солисташ бара: Шамилева Жансари, Асхабова Ӏайнаъ, Буркаев Мовлад, Дацагов Салман[2]. Оцу шарахь Мовлад Нохч-ГӀалгӀайчоьнан хороводан ансамбле дӀаийцира[1].

1963 шарахь ГнесингӀеран цӀарах йолу Москохан пачхьанкхан музыкийн-хьехархойн институт чекхйаьккхира, цигахь цуьнца доьшуш бара Кобзон Иосиф, Шахбулатов Ӏаднан, кхиберш а. Дешар чекхделачул тӀехьа 5 шарахь, йуха а, ансамблехь болхбира[1].

1969 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн телевиденин а, радиокъамелдаран а Пачкомитетехь композитор Розенберг Анатолийс кхоьллина йойлу эстрадан ансамблан солист болхбира. Пачкомитетехь цуо 25 шарахь гергаболхбира[1][3][4].

Нохч-ГӀалгӀайн АССРн эстрадан исбаьхьалла кхиор а, пропаганда йар а, концертан гӀуллакхдар а, говза болхбар а бахьнехь Мовладан Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист аьлла совгӀат дира. Мовлад кхелхина 1995 шарахь[1]. ДӀавоьллина Теркан кӀоштарчу Ломаз-Йуьртахь.

Доьзал нисйе бӀаьра

Зуда Лиза а, 3 кӀант а[3].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 Кусаев, 2013, с. 195-196.
  2. Кусаев, 2013, с. 125-126.
  3. 1 2 Жизнь замечательных людей — Мовлад Буркаев (Нагиева Роза) — Чечня — ГТРК Вайнах 2014 г.
  4. Cирла сирла беттаса. О жизни и творчестве Мовлада Буркаева — ЧГТРК «Грозный» : 2014 г.

Литература нисйе бӀаьра

  • Адиз Кусаев. Чеченское радио и телевидение: этапы становления и развития (1928-2008 гг.). — Гр.: Чеченский государственный университет, 2013. — 254 с. — ISBN 978-5-94587-537-1.
  • Шахбулатов Л. Д. Шрамы на клавишах. — М.: Пробел-2000, 2007. — 122 с. — ISBN 5986041062.