Вайнах махкахбахар[1][2][3] я (нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар) (операци «Чечевица») — 1944 шеран 23 февралехь долина 9 март кхаччалц Нохч-ГӀалгӀайн а, ДегӀастанан а АССР-шкара вайнах Йуккъерачу Азе а, Кхазакхстане а бахийтар.

Операци «Чечевица»
ССРС-ехь вайнах махкахбахар
Пачхьалкх  ССРС
Кечдаран терахь 1944 шеран 29 январь
Кечдархо Лаврентий Берия
Ӏалашо Вайнах нуьцкъаха махкахбахар
Кхочушдархо НКВД, НКГБ а, «СМЕРШ» а
Кодан дош Пантера
Хан 23 февраль 02:00 тӀера 1944 шеран 9 март кхаччалц (UTC+4)
Меттиг Нохч-ГӀалгӀайн а, ДегӀастанан а АССР-ш
Хилам Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар Соьлжа-ГӀалин область кхоллар РСФСР юкъахь

Махкахбахаран бахьна нисйе бӀаьра

ТӀом болабелчахьана 1944 шеран январь бутт кхачале республикехь 55 гӀера хӀаллак йина дӀаяьккхина яра, оцу йукъара 973 стаг а вуьйш, 1901 стаг схьа а лоцуш. НКВДс билгалйина яра Нохч-ГӀалгӀайн АССР-ехь 150—200 гӀера 2-3 эзар стаг юкъахь а волуш (гергарчу хьесапехь 0,5 % бахархой)[4]. Амма дукха нохчий а, гӀалгӀай ЦӀен эскар цӀе йолчу тобана юкъахь тӀом беш бара, (гергарчу хьесапехь 0,5 % бахархой)[4] нохчий а, гӀалгӀай а дӀакхелхира фронтехь. Брестан гӀап ларъярехь 250 тӀера 400 кхаччалц вайнехан тӀемалой хилла. Царех цхьаъ хилла Мохьмад Узуев. 1996 шарахь Брестан гӀап ларъяр бахьнехь цунна Российн Федерацин турпалхо дарж делира.

1942 шарахь кхоьллира 255-гӀа къастина Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн полк. Цо дакъа лецира Сталинградан тӀамехь. Оцу полкан дуккха а салташна чевнаш йина, дӀакхелхина хиларна а бахьнехь, я хилла зенаш Нохч-ГӀалгӀайнчура меттахӀотто йиш ца хиларна, оцу полках бисина салтех шиъ талламан дошлойн дивизион а кхоьллина. Уьш, генерал-лейтенант Т. Т. Шапкин куьйгалхо волу, 4-гӀа дошлойн корпусан юкъаяхийтира[5].

Вайнах махкахбахаран бахьанехь цхьа бахьана хила тарло, «СССРн Иранаца а, ХӀункараца а дозанашкахь Ӏаш долу кегийра къаьмнех боцу тешам. Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь Ӏаш долу къаьмнаш «тешам боцуш ларарна», «хӀунда аьлча царех дукхахболчеран дозанал арахьа гергара нах хиларна»[6].

«Чечевица» цӀе йолу операци нисйе бӀаьра

ЦӀе нисйе бӀаьра

Вайнах махкахбахаран операцин иштта цӀе тиллар бахьан билгала хууш дац. Схьахетарехь, и дош цӀерахбокххучу цхьана къоман цӀерах терахилар ду.

ХӀинца болу дуккхачу талламхойн операцин цӀе стенах схьаяьлла ю аьлла цхьа барт бац. Цхьаболу вайн заманхошна хетарехь «чеченцы» аьлла йолу цӀарах схьаяьлла ю иза.

Хиламан дахар нисйе бӀаьра

1944 шеран 31 январехь ПДО ССРС № 5073 сацам бина Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккха а, цуна бахархой махкахбаха Йуккъерачу Азе а, Кхазакхстане а бахийта «дӀалецархошна фашисташна гӀодар бахьнехь». Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхина цуна 4 кӀошт ДегӀастанан АССР-н дӀаелира ткъа 1 кӀошт Къилбаседа ХӀирийн АССР-н, Дисначу латтан тӀехь Грознин область кхоьллира.

1944 шеран 29 январехь ССРС-н чоьхьара гӀуллакхийн наркомас (халкъан комиссаро) Лаврентий Берияс чӀагӀдина «Нохчийн а, гӀалгӀайн а арабахаран къепен дилларан иструкци»[7], ткъа 31 январехь Пачхьалкхан Дуьхьалон Комитетас бина сацам нохчий а, гӀалгӀай а Казахийн а, ГӀиргӀазойн а ССРшка бахийта аьлла[8]. 20 февралехь И. А. Серов, Б. З. Кобулов а, С. С. Мамулов тӀехьахь болуш, Берия Соьлжа-ГӀала веара операцин ша куьйгалла дан волавелира, «лаьмнашкахь Ӏабор» баьхкина санна чу эскараш далийнера оцу юкъахь бара 100 эзар эскархо, 18 эзар офицераш юкъаш а болуш цул совнах 19 эзар НКВД, НКГБ а, «Смерш» а оперативни белхалой[9]. 21 февралехь оцо приказ арадаьккхира НКВД-н гӀоьнца вайнах махкахбаха аьлла[7]. ШолгӀачу дийнахь республикин куьйгалхошца а динан лидершца гулам бина цаьрга шаьш бина сацам дӀахаийтира а, цул совнах дехар дира бахархошна юкъахь кечам беш болх бар[9]. Цунах лаьцна Берехь хаам бира Сталине:

Нохч-ГӀалгӀайн АССРн СНК председатель волучу Моллаевега дӀахаийтина вайнах махкахбаха Ӏедало бина сацам буьйцуш а и сацам баран баьхьана а дуьйцуш.
Са хаам бешначул тӀехьа Малаевн бӀаьргех хиш деара, амма вайнах махкахбахаран хьокъехь шен тӀедиллинарг ша кхочуш дийр ду аьлла дош делла. Цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалахь сацам хилла схьакхайкхина нохчийн а гӀалгӀайн а йукъара 9 урхаллин белхалой, цаьрга дӀахаийтина вайнах махкахбохург хилар а махкахбахаран бахьана а.
…40 республикин а, партийн а, советски белхалошна а тӀедиллина 24 кӀоштехь хӀора нах беха меттиган 2-3 стаг харжар меттигера жигархойн йукъара агитаци ян.
Къамел дина Нохч-ГӀалгӀайнчохь уггара лараме болучу динан нахе Б. Арсановца, А.-Г. Яндаровца а, А. Гайсумовца, цаьрга доьхург дара моллашца а, кхин меттигера лараме болучу нахаца а гӀодар[10].

Махкахбахар а, эшелонаш дӀаяхийтар а доладелира 1944 шеран февралехь меттигера хенаца 02:00 даьлча, ткъа чекхделира оцу шеран 9 мартехь. Операцин кодан дош дара «Пантера», иза радеочухула кхайкхош а хезаш дара.

Махкахбохучу хенахь цхьаберш лаьмнашка бовда гӀиртира, я меттигера бахархой муьтӀахь бацара. НКГБс хаамбира революцин законаш талхийна аьлла махкахбаьхначул тӀехьа махках бисна къена-нохчийн зударий, цамгуш берш а, сакхт берш а эскархоша шайн лаамца тоьпаш тоьхна байина аьлла.

Документаш ма-боху цхьана эвлахь кхоъ адам дийна, цара юкъахь хила бархӀ шо долу кӀант, кхечу эвлахь «пхиъ къеда зуда» йийна, кхолгӀачу — «билгал ца динчу хаамшца» «эскархочун лаамца тоьпаш тоьхна 60 адам дийна». Цул совнах ГаланчӀожан кӀоштан юкъахь хиллачу Хьайбахехь 700 адам дийна доллушехь цӀе йилина дагийна аьлла Ӏедало хӀинца а бакъданза хаамаш бу[4].

ДӀаяхийтина 180 эшелон 493 269 адам чохь долуш. Некъахь дийна 56 бера, дӀакхелхина 1272 адам, «уьш хуьлу 2,6 адам 1000 махкахбаьхначарна. РСФСР-н статистикийн урхаллас мах хадорца Нохч-ГӀалгӀайн АССРехь 1943 шарахь 1000 бахархойх 13,2 адам делла хуьлура». Цу тӀе баларан бахьна дара «махкахбохурш къена хилар», махкахбохучарна юкъахь «ширъелла цамгарш ерш хилар а», физикин хьесапехь ледарниш юкъахь хилар а. Табечу гӀишлошка бахийтина 285 адам.

ТӀаьххьара эшелон дӀаяхийтира Нохч-ГӀалгӀайчоьнан куьйгалла деш хила белхалой а, динан лидерш а операцехь дакъалоцуш хийла болу[4].

Официалан хаамашца, операци дӀайоьдучу хенахь 780 адам дийна, совет Ӏедалан дуьхьала болу 2016 стаг лаьцна, 20 эзарал дукха долу герз даьккхина, 4868 пхоьазза йолу тоьпаш, 479 пулемёташ а, автоматаш. Лаьмнашкахь дӀалачкъа кархдаьлла 6544 стагна[11].

Махкахбахаран хьал нисйе бӀаьра

Официалан хаамашца Нохч-ГӀалгӀайн АССРера ницкъаца ара баьхна 496 эзар нах — вайнех, оцу йукъара Казахийн ССР махка — 411 эзар адам (85 эзар доьзал), кхин ГӀиргӀизойн ССР махка — 85,5 эзар адам (20 эзар доьзал)[12]. Кхечу хаамашца махкахбаьхнарш хилла 650 эзарал дукха[13].

Новкъахь 56 бера динера, 1272 адам делира. Дукхачу нехан балар бахьанаш дара шело, дахаран таронаш хицадалар, цамгарш, кегий а, бакххий а нехан гӀело[14]. Къилба ХӀирийн КПСС обкоман отделан куьйгалхо Х. Арапиевс дуьйцара:

  ТӀех юзна «бежнийн» вагонашкахь, серло а, хи а доцуш, цхьа бутт гергга дагӀара тхо стенга доьду ца хууш… Тиф йолаелира. Цхьа а дарба дацар. Боьдуш тӀом бара… Поезд йоцца сецча нах боцу разъездашкахь поездан уллехь цӀерпоштан кӀурас Ӏарждина лайлах белларш дӀабухкура (вагонан уллера пхи метр сов генаваьлча вен кхерам бара)...[8].  

1944 шеран мартехь, цӀерабехнарш шайн билгалъякххина метте дӀакхаьчча, шайга Ӏедало делла омра долушшехь, колхозаш а, совхозаш а бехкинчарна я кхача, я хӀусамаш, я болх а ца белира. ЦӀерабехнарш шайн керла меттехь халла дӀанисбал гӀерташ бара[15].

Нохчийн а, гӀалгӀай а шайн даймахкара арабахаран сов, кхоьчу меттанашкара а арабохуш бара. Армехь берш эскарара мукъа а бохуш Сибрех дӀабохуьйтура[4].

1956 шарахь Кхазакхстанехь Ӏаш бара 315 эзар нохчий а, гӀалгӀай а, Киргизехь — 80 эзар. Сталин веллачултӀехь царна дӀасабаха маршо елира, амма цера цӀабаьрза бакъо яцара. ХӀетте а 1957 шарахь меттахӀоттина Нохч-ГӀагӀайн АССР 140 эзар цӀеравекххинарг цӀавирзира. Цхьайолу лаьмнийн кӀошташкахь дахар дихкина дара. Цундела цигахь Ӏийнарш лахара юрташкахь охьахевшира.

Микоян Анастасан позици нисйе бӀаьра

Махкахбахаран тӀехье нисйе бӀаьра

СССРн планаца цӀахь биса цхьане бакъо йацара, цундела масийтта эвлахь (масала, Хьайбахехь) НКВДн эскаро мадарра аьлча маьрша бахархой хӀаллак бина. Пачхьалкхан кхерамзаллин наркоматас хаийтира «масийтта хилла революцин законаш талхош а ирча хиларг эскархоша шайн лаамца тоьпаш тоьхна нохчийн къена зударий, сакхт нах, цамгарш берш а тӀехьа баха ца луш берш а байина аьлла»[хьост?].

Вайнах махкахбахаран уггаре хьалха хилларг дара махкахбахнарш кӀезиг хилар дуьххьара шарашкахь. Меттигехь адаптаци хилар хала хилар ца тоьуш вайнах баларан бахьанаш дара шиъ: цхьалгӀа тӀеман хенан халонаш, шолгӀа дукху болу вайнах цӀахь болуш юьртабахам лелош бара, ткъа кхузахь ишта белхаш кӀезиг бара (1949 шеран мартан хаамашца, 63,5 % вайнах йоза-дешар цахууш бара, ткъа 11,1 % у немцой)[16]. Махкахбаьхначарна аграран секторехь белхаш ца хилча дийна биса шансаш кӀезиг яра.

Вайнехан контингентан бераш даран а, баларан а ша къастина хаамаш бац, амма массо Къилбаседа Кавказера махкахбаьхначера хууш ду (Нохчий а, гӀалгӀай а, кхарачой а, балкхарой а). Махкахбаьхначхьана а 1948 шеран 1 октябрь кхаччалц Сибрех хилла 28 120 бер, кхалхина 146 892 адам. Къастина шарашкахь бераш дар а, кхалхар а дара иштта:[17]

Шо Бераш дина Кхелхина ТӀекхетар (кӀезиг хилар)
1945 2230 44 652 −42 422
1946 4971 15 634 −10 663
1947 7204 10 849 −3645
1948 10 348 15 182 −4834
1949 13 831 10 252 +3579
1950 14 973 8334 +6639

Вайнах Сибрех кхаьчна хан тидаме эцча Къилбаседа Кавказера массо махкахбаьхначарца лерича 81,6 % вайнах хуьлура, оцу массо халкъийн баларш лерича 120 эзар адам делла ала мегар ду. «Ординаран» балар а лерича махкахбахар бахьнехь 90—100 эзар адам делла. И хуьлу 20 % герга дуьххьара махкахбаьхначеран дукхаллица.

1939 тӀера 1959 шо кхачалац СССРехь 2,6 % кхиъна вайнах бара (407 968 тӀера 418 756 кхаччалц), гӀалгӀай бара — 15,0 % (92 120 тӀера 105 980 кхаччалц адам). Оцул кӀезиг адам тӀекхетаран бахьна дара махкахбахар. Амма XX бӀешеран эхигехь вайнехан ламастан лакхара бераш дукху хилар бахьнехь демографин катастрофегара толам баьккхира. 1959 тӀера 1989 шарашкахь нохчийн дукхалла тӀекхиира 2,3-за, гӀалгӀайн — 2,2 за.

1945 шаран 1 январь тӀекхаьчча махкахбаьхнарш бара 440 544 нохчий а, гӀалгӀай а, 1949 шаран юьхьангахь дукхулла кӀеззиг хилара 365 173 тӀе кхаччалц[18]. 1949 шарахь Сибрех бахаран адаптаци хилар духкучу хьолехь чекхделира, Баларал бераш дар сов деллара оцу бахьнехь контингентан дукхалла а тӀекхета йолаелира. 1953 шаран юьхьангехь лерана комендатурехь дӀаязбина бара 316 717 нохчий а, 83 518 гӀалгӀай а. Оцу хенах цера СССРн регионашкахь баьржина хилар дара лахахь ма гойту[19]:

Регион нохчий гӀалгӀай массо
Казахийн ССР 244 674 80 844 325 518
Карагандан область 38 699 5226 43 925
Акмолан область 16 511 21 550 38 061
Кустанайн область 15 273 17 048 32 321
Павлодаран область 11 631 12 281 23 912
Малхбален-Кхазакхстанан область 23 060 3 23 063
Алма-Атан область 21 138 1822 22 960
Талды-Курганан область 21 043 465 21 508
Джамбулан область 20 035 847 20 882
Кокчетаван область 5779 14 902 20 681
Семипалатин область 19495 58 19 553
Къилбаседа-Кхазакхстанан область 12 030 5221 17 251
Къилба-Кхазакхстанан область 14 782 1187 15 969
Кзыл-Ордан область 13 557 74 13 631
Актюбен область 10 394  — 10 394
Гурьевскан область 1244 159 1403
Малхбузен-Кхазакхстанан область 3 1 4
ГӀиргӀазойн ССР 71 238 2334 73 572
Фрунзен область 31 713 1974 33 687
Ошан область 21 919 294 22 213
Джалал-Абадан область 13 730 39 13 769
Таласан область 3874 13 3887
Тянь-Шанан область 1 1 2
Узбекийн ССР а, Таджикийн ССР а 249 182 431
РСФСР 535 142 677
Тобаран-белхан лагерш а, ССРС МВДн лерийна гӀишлош яр а 19 15 34

Операцин мах хадор нисйе бӀаьра

Диццадар нисйе бӀаьра

Диццадаларан хӀолламийн суьрташ
 
 
 
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Мемориал «Ис бӀов» 1944 шарахь махкахбаьхначарна мемориал (Соьлжа-ГӀала)

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Гудермесская районная газета «Гумс»"(ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. Вайнах махкахбахар дагалоцучу дийнахь
  3. Вайнах махкахбахар
  4. 1 2 3 4 5 Наказанный народ. Как депортировали чеченцев и ингушей
  5. [Висаитов М. А. От Терека до Эльбы. Воспоминания бывшего командира гвардейского полка о боевом пути в годы Великой Отечественной войны. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1966. — 128 с., с. 71.]
  6. Калыбекова М. Ч. Некоторые аспекты причины выселения и депортации народов. articlekz.com (2010). ТӀекхочу дата: 6 январехь 2016.
  7. 1 2 "Наказанный народ. Как депортировали чеченцев и ингушей"(оьр.). РИА Новости. 22/02/2008. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  8. 1 2 Николай Бугай. "Депортация народов"(оьр.). Научно-просветительский журнал «Скепсис».
  9. 1 2 Павел Полян. "Принудительные миграции в годы второй мировой войны и после её окончания (1939–1953)"(оьр.). memo.ru.
  10. "Документы из архива Иосифа Сталина"(оьр.). Независимая газета. 2000-02-29.
  11. Операция «Чечевица»: 65 лет депортации вайнахов
  12. Рассекреченные архивы И. Сталина
  13. Бугай Н. Ф. Правда о депортации чеченского и ингушского народов // Вопросы истории. 1990. № 7. С. 32-44.)
  14. см. Примечание 4 Архивйина 2014-11-11 — Wayback Machine
  15. см. Примечание 1
  16. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 178.
  17. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 193—195.
  18. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 119, 164.
  19. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 210—224.
  20. Лунина М. Терпение камня. — Собеседник Москва 1989, N 27, с. 12.
  21. Мемориал в Грозном: ликвидация памяти чеченского народа