«Вайнах» — «Россия» телеконцернан Нохчийн Республикехула йолу филиал. Нохчийчоьнан филиалан къайогӀуш ю Россия 1/Вайнах, Россия 2/Вайнах, Россия К/Вайнах телевизионни кепаш а, Радио России/Вайнах радио а. Нохчийчуьра Вайнах телекеп Къилбаседа Кавказехь уггаре а шира ларалуш ю. Амма даиман а цхьана цӀарца ца бина цу телекепо болх.

ГТРК Вайнах
Пачхьалкх Росси
Болх баран зона Нохчийчоь
ГӀалгӀайчоь
Болх баран хан 1959
Къамел даран мотт оьрсийн, нохчийн
Штаб-квартира
Телеканалан тематика дукхаха керланаш
Сайт gtrkvainah.tv

Цуьнан хилла дукха цӀерш (масала ЧИГТРК, Чеченская Республика, Низам, ЧГТРК, иштта дӀа кхин а). Цу телекепан сигнал лоцуш ю Нохчийчоьнан муьлхха а меттехь.

Ткъа 2014 шо долалуш, Нохчийчоьнан леринчу цифровой телетӀоьрмиган хьалхарчу мультиплексан йукъа а тоьхна иза, шен цӀе Россия + Вайнах а йолуш. Иза цу канал тӀехь эфире йолу сарахь масех сохьтан. Ткъа дийнахь меттигера керланаш а бовзуьйту цо нохчийн бахархошна.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра