Васи́лий III Иванович, шолгӀачу цӀарца Гавриил, дин тӀеоьцуш тиллина цӀе Варлаам (1479 шеран 25 мартехь(14790325)1533 шеран 4 декабрехь) — 15051533 владимиран а, москохан а сийлахь эла, Йерриг русин паччахь. Иван III-гӀа Сийлахь-воккхачун а, София Палеологан а кӀант, Иван IV Грознин да.

Василий III
шир.-слав. Василї Іѡанновичъ
Василий III
Василий III-гӀа французийн Теве Андрен гравюра тӀехь
Василий III
Йерриг Русин Паччахь а, Сийлахь эла а[1]
 — 1533 шеран 4 декабрехь
Хьалха хилларг Иван III
Когаметтаниг Иван IV Грозни
Дин керста
Вина терахь 1479 шеран 25 март({{padleft:1479|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Кхелхина терахь 1533 шеран 4 декабрь({{padleft:1533|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (54 шо)
ДӀавоьллина Архангелан килса (Москох)
Тайпа РюрикгӀар
Да Иван III
Нана София Палеолог
Зуда 1. Сабурова Соломония Юрьевна
2. Глинская Елена Васильевна
Бераш хьалхарчу зудчун бераш: Георгий (хетарехь)
шолгӀачу зудчун бераш: Иван IV а, Юрий
Динлелор Православи
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Москохан элий (12761598)
Даниил Александрович
Юрий Даниилович
Иван I Калита
Симеон Горди
Иван II Красни
Дмитрий Донской
Василий I
Василий II Тёмни
Иван III
Василий III, зуда Глинская Елена
Иван IV Грозни
Фёдор I Иоаннович
Юрий Звенигородский
Василий Косой
Дмитрий Шемяка

1514 шарахь Сийлахь Руман империн императорца Максимилиан I-чуьнца бина бартаца Русин исторехь дуьххьара оьрсийн император аьлла ду[2]. Василий III-гӀачун императоран дарж луш Максимилиан I-чо йелла грамота, Петр I-чо зорба туьйхира шен императоран таж тилла бакъо хилийтархьама.

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1479 шеран 25 мартехь сийлахь-воккха москохан элан Иван III-гӀачун доьзалехь а, «шолгӀа цӀе» Гавриил йелла. Иза элан шолгӀа кӀант хилла, ткъа Иванан шолгӀачу зудчун София Палеологан воккхаха волу кӀант хилла. И воцу цуьнан кхин а жимаха виъ ваша а хилла:

Ӏедал цхьана метте гулдаран политика лелош волчу Иван III-гӀачо, гӀайгӀа бора дерриг Ӏедал воккхачу кӀенте дӀадала, кегийчу кӀентийн Ӏедална доза а тухуш. Цундела цуо 1470 шарахь кхайкхийна шеца цхьаьна урхалча ву аьлла хьалхарчу зудчо вина воккхаха волу кӀант Иван Къонаниг. Амма 1490 шарахь иза лазарх велира. Паччахьан цӀахь ши партии кхоллайелира: цхьамма тоба йира Ивана III-гӀачун кӀентан Иван Къоначун кӀантана Дмитрий Ивановичан а, Иван Къоначух йисина жерочун цуьнан нанна Елена Стефановнин а гуонаха, ткъа важа Василийн а, цуьнан нанна Софьин а гуонаха.

Йуьхьанца хьалхар парти тоьлура. Василийн гуонахьа, цуьнан ненан дакъа доцуш а дацара, Дмитрийн дуьхьала къайлаха барт бира. Масала,Москохахь башха безам боцучу Софьян агӀора болу цхьаболу боярийн а, дьякийн а бераш, жӀаран барт а боккхуш, байӀат дира Василийн, хьехар лора цунна, хьалха Дмитрий вен а вей, хазна а эций къилбаседехьа вада бохуш. И къайле гучуйелира, ткъа цуьнан декъашхой, царна йукъахь Гусев Владимир а, байира. Василий а, цуьнан нана а паччахьан таӀзарехь хилира, Иванан омарца элах гена бехира, хой а хӀиттийна. Амма Софья йуха ца йолура. Эладиташ а дара, цуо Иванан бозбунчалла лелийна, цунна дӀовш мало а гӀиртина бохуш. 1498 шеран 4 февралехь Дмитрий Ивановичан таж тиллира Успенскан килсахь сийлахь олалла дан[3].

Амма кӀентан кӀента агӀончаш Софьян таьжгенашца Ӏиттабелира Иван III-гӀачуьнца. 1499 шарахь элий ПатрикеевгӀар а, РяполовскигӀар а бара коьртачарех бартхой Дмитрийн-кӀентан кӀента.

«7007 шеран январехь аьхка сийлахь элас омар делира шен бояраш эла Иван Юриевич берашца а, эла Семен Иванович Ряполовский а лаца; омар делира 5 февралехь, шинара дийнахь, эла Семен Иванович Ряполовский Москох эрк тӀехь тӀайн лахахь корта а боккхуш виен; ткъа эла Иван Юриевич витира ца вуьйш, дӀавахийтира Троице, ткъа цуьнан кӀант, эла Василь Иванович Кривой, вахийтира Кириловера килсе Белоозеро Ӏам тӀиера»

ТӀаьххьаре оьгӀазло кхечира шен Дмитрийн а, цуьнан ненан а 1502 шарахь. 1499 шеран 21 мартехь Василий кхайкхийра Новгородан а, Псковн а Сийлахь эла, 1502 шеран 14 апрелехь — Москохан а, Владимиран а Сийлахь эла а, Йерриг Русин урхалча а, аьлчи а иза хилира деца цхьаьна урхалча. 1505 шарахь Иван веллачул тӀаьхьа Дмитрий зӀенашца вихкира, 1509 шарахь велира. Василий тӀаккха ца кхоьрура шен Ӏедал карара даларна.

Хьалхара зуда йалийра цуьнан дас Ивана, йуьхьанца цунна нускал лаха гӀиртира Европехь, амма гӀуллакх ца хилира. Ийшира харжа 1500 цӀе йахна йоьӀрех, уьш балийра берриг махкара. Василийн хьалхарчу зудчун Соломонийн да, Юрий Константинович Сабуров, боярин Фёдор Сабуран кӀентан кӀант а, Новгородан лаьттан Обонежскан пятинан йозанча а вара. ЙоьӀа ловзар дӀадаьлчи цунах боярин хилира, шолгӀа йоӀ маре йелира стародубскан элега. Дуьххьара российн исторехь урхаллин паччахьо шен зуда йира элийн аристократех йоцу йа кхечу мехкан паччахьан йоӀ йоцу, ткъа лакхара чкъоьрера «гӀуллакхан нахах» йолу зуда.[4]

 
1526 шарахь Василий III-гӀачо, Москохан сийлахь элано, гӀалин чудуьгу шен нускал, Елена Глинская. Сурт Лебедев Клавдийн

Хьалхара зуда доьзалхо хуьлуш ца хиларна, Василийс йитира иза 1525 шарахьу[5]:45, шолгӀачу шеран (1526-гӀа) йуьххьехь йалийра Елена Глинская, литван элан Глинский Василий Львовичан йоӀ[5]:45. Йуьхьанца керла зуда доьзалхочух ца хуьлура, амма тӀаьххьара 1530 шеран 25 августехь вира кӀант Иван[5]:48, тӀаьхьа Иван Грозни хилла волу, ткъа цул тӀаьхьа шолгӀа кӀант а хилира — Юрий[5]:66.

Волоколамске воьдуш новкъахь Василийн аьрру варен тӀаьхь[6] чкъоьран бухахь ноткъа йира, иза сиха кхуьура, лоьрашка хӀумма а ца дан лора (тарло, иза тӀаьххьарчу тӀегӀанера рак хила, амма XVI бӀешарахь иштта диагноз ца хӀоттайора). Ницкъ боцуш сийлахь эла кхачийра москохан бухарчу эвла Воробьёво. Ша дийна вуьсар воций хиинчу Василийс весет йаздира, кхайкхира митрополит Даниила, масех боярине, дехар дира Ӏаршан когаметта шен кхо шо кхаьчна кӀант Иван къобал вар. 1533 шеран 3 декабрехь, хьалха схима тӀеэцна, велира цӀий бехдаларх[6].

Чоьхьара политика нисйе бӀаьра

Василий III-гӀачо лорура, сийлахь элан Ӏедалана доза хила а ца деза. Килсано жигара гӀолацара феодалийн боярийн оппозицица болчу къийсамехь, реза боцурш луьра совцабора. 1521 шарахь митрополит Варлаам махках ваьккхира Василийн элан Шемячич Василий Ивановичан дуьхьала къовсамехь дакъа ца лацарна, ткъа эланаш РюрикгӀар Василий Шуйский а, Иван Воротынский а гена бехира. Дипломат а, пачхьалкхан гӀуллакххо а волу Берсень-Беклемишев Иван вийра 1525 шарахь Василийн политика емал йина аьлла, аьлчи а ца лечкъош грекийн керла хӀуманаш ца деза аьлла, ткъа уьш даьхкинера Русе София Палеологца цхьаьна. Василий III-гӀачун урхаллехь тӀекхийтира латтан элий, Ӏедало жигара доза тухура боярийн иммунитетан а, аьттонашна а — пачхьалк йоьдура централизацин новкъа. Амма луьра урхаллин аматаш, цуьнан да Иван III-гӀа а, деда Василий Тёмни волуш йуьззина гучуйевлла йолу, Василийн муьрех кхин а чӀагӀйелира.

Килсан политикехь, Саломони цуьнгахь йолучу хенахь, Василийс агӀо лоцура нестяжателашна, ткъа иза йитина шен хьехамчийца инок волчу Вассианца, килсан а, дуьненан а кхечу нахаца, агӀо лаца волавелира иосифлянашна, хӀунда аьлчи цара а лецира паччахьан гӀо. Максим Грек, Вассиан Патрикеев, кхин нестяжателашна Килсан гуламехь байаран кхел йира, цхьаберш килсехь чубоьхкира царна долу эладиташ бахьнехь.

Василий III-гӀачун урхаллехь кхоьллира «ТӀаьхьенан дола доьрзу дайн латтан низам» а, «Купашха долу устав» а (царех лаьцна хаьа хьакхалуш долу хьосташца, хӀунда аьлчи тептарш ца дисина)[7].

Герберштейнан хаамашца, москохан паччахьан керташкахь лорура, Василийн Ӏедал чӀогӀа дара дуьненан мел болчу паччахьийначул а, императорийнчул а. Цуьнан мухар тӀехь йоза хилла: «Делан къинхетамца Сийлахь Паччахь Василий йерриг Русин паччахь а, эла а». Вукха агӀора дара: «Владимиран, Москохан, Новгородан, Пскован, Тверан, Югоран, Перман, кхин дуккха а латтанийн Паччахь».

Василийн урхаллин зама — Русехь гӀишлош йаран зама йу, ткъа йолайелира иза цуьнан ден урхаллехь. Москохан Кремлехь йоьгӀна Архангельскан килс, ткъа Коломнан чохь йоьгӀна Эла далла тӀевигаран килс. Йо тӀулгийн чӀагӀонаш Тулехь, Нижни Новгородехь, Коломнехь, кхечу гӀаланашкахь. Кхоллало керла нах хевшина меттигаш, острогаш, гӀопаш.

Оьрсийн латтанаш цхьаьнатохар нисйе бӀаьра

 
Василий III-гӀачун сурт Паччахьан титулярникехь, XVII бӀешеран чаккхе

Василийс шен кхечу олаллашца йолчу политикехь дӀайаьхьира шен ден политика, оьрсийн латтанаш гулдеш.

1509 шарахь, Велики Новгородехь волуш, Василийс омар дира ша волчу схьагулло Псков хаийначуьнга а, кхечу гӀаланийн векалшка а, цаьрца цхьаьна царна реза боцучу арзнаш долчаьрга а. 1510 шо долалуш Ӏийса пайхамар вина денна Ӏиде иза волчу кхаьчна псковхой, бехке бина ца тешарна сийлахьчу элех, кхел йина церан сардалаш байира. Псковхойн дийзира дехар дан Василега шайн махка дӀаэца аьлла. Василийс омар дира вече дӀайаккха аьлла. Псковн республикин исторехь тӀаьххьара вечехь сацам хилира дуьхьало ца йеш, Василийс тӀедиллинарг кхочуш дан. 13 январехь охьабаьккхира вечен гаргол, бӀаьрахиш а дуьйлуш дӀабахьийтира Новгороде. 24 январехь Василий веира Псков цуо шен дас 1478 шарахь Новгородан республикехь динарг дира. 300 уггаре бевза доьзалаш кхалхийра Москохан латташ тӀе, ткъа церан эвланаш дӀайелира москохан гӀуллакхера нахан.

Рязань раж тӀекхечира, иза дукха хенахь дуьйна Москохан Ӏаткъам бухахь йара. 1517 шарахь Василийс кхайкхира ша волчу Москоха рязанан эле Иван Ивановиче, иза вара берта ваха гӀерташ гӀирман ханаллица, омар делира иза чуволла аьлла (тӀаьхьа Иван корта лергина монах вина килси чувоьллира, ткъа цуьнан мохк шена схьийцира. Рязанал тӀаьхьа схьатуьйхира Стародубски олалла, 1523 шарахь — Новгород-Северски, церан элан Василий Иванович Шемячичан рязанан элан динарг дина, чувоьллира Москохахь.

Арахьара политика нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Филюшкин А. И. Титулы русских государей. М.; СПб., 2006. С. 190—191.
  2. Собрание государственных грамот и договоров. Часть 5. Договоры России с европейскими и азиатскими государствами (1326—1584). с.62
  3. Алексеев Ю. Г. У кормила Российского государства. — СПб.: Санкт-Петербургский университет, 1998. — С. 123.
  4. Филюшкин А. И. Василий III / Александр Филюшкин. — М.: Молодая гвардия, 2010. — 352, [32] с. — (Жизнь замечательных людей. Серия биографий; Вып. 1470(1270)). — 5 000 экз. — ISBN 978-5-235-03379-5
  5. 1 2 3 4 ПСРЛ Т.13, 1 половина
  6. 1 2 Д. Уорнс. «Русские цари. Хроника. От Ивана Великого до Николая II.»,Терра-Спорт. 2001. стр. 29 ISBN 5-93127-147-3
  7. s:ЭСБЕ/Судебники 1497 и 1550 гг.