Вилиспет (ширачу французийн маттахь vélocipède, латинан маттахь vēlōx «сиха» а, pes «ког»)- чкъургаш йолу транспортан гӀирс бу, адаман мускулан ницкъашца тӀам тӀетаӀорца меттахйоккху иза. Вилспет хохкуш долчу адамех- вилиспетхо олу. 2 чкъург йолу вилиспет уггаре йаьржина йу, иштта хуьлу кхо чкъург йолу вилиспет а.

Шахьаран йукъараллин транспорт (атобусаш а, троллейбусаш а, тарамбайш а) гӀара а йалале, вилиспет дӀасалеларан гӀирс санна лелош йара. Вилспеташ лелайо туристаш а, спортхоша а. Таханлерачу дийнахь вилиспет лело меттигаш алсам а йаккха цунна электрохьовзорг хӀоттайо.

Вилспетах пайдаэца болабйелла 19-чу бӀешарахь. Ткъа 21-чу бӀешаран юьххьехь дуьненахь цхьа миллиард вилспет йара. Цу заманчохь машенал а дукхох йара вилспеташ. Цхьайолчу мехкашкахь уьш коьрта дӀасалеларан гӀирс бу. 

1885-чу шарахь зӀенан хьовзорг йолу вилспет кхоьллинчул тӀахьа тайпаналлин йа «кхерамза» вилспетан кеп а, конфигураци а кхин баш хийца а ца йелла. Цхьа бакъду, керла материалаш а, Computer-aided design система а йуккъе йаьллачул тӀаьхьа, цуьнан дукхах йолу деталаш тайина.

Вилиспет кхолларо оьздангаллехь а, керлачу индустрийн кепашкахь а боккха меттиг дӀалоцу.