Вильгельм Адели́н (йа Вильгельм Этелинг[1]; инг. William Adelin; 1103(1103)1120 шеран 25 ноябрехь) — ингалсан паччахьан Генрих I-чун, 1120 шарахь «КӀайн кема» Нормандин бердаш йисттехь бухадахар бахьнехь кхелхина волу, цхьаъ бен воцу кӀант а, когаметтаверг а. Иза валаро ингалсан Ӏаршан гӀуллакх чӀогӀа кегийна, иза бахьнехь феодалан анархи йаьржина Ингалсахь 1135—1154 шерашкахь.

Вильгельм Адели́н йа Вильгельм Этелинг
инг. William Adelin
ГӀуллакхан тайпа Паччахьан когаметтаверг
Вина терахь 1103({{padleft:1103|4|0}})
Вина меттиг Уинчестер (Ингалс)
Кхелхина терахь 25.11.1120 шо
Кхелхина меттиг Ла-Манш
Пачхьалкх Ингалс
Да Генрих I-ра
Нана Матильда Шотландин
Зуда Матильда Анжун
Викилармин логотип Вильгельм Адели́н йа Вильгельм Этелинг Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Вильгельм Нормандин некъех волчу ингалсан паччахьан Генриха I Боклеркан а, цуьнан хьалхарчу зудчун Матильда Шотландин а кӀант вара. Иза вина 1103 шарахь Уинчестерехь. Пхийтта шо кхаьчначу хенахь дуьйна Вильгельм дакъалоцуш ву шен деца Нормандера тӀемашкахь, ткъа 1119 шеран июнехь цуо йалийна Матильда Анжун (йелла 1154), Анжун графан Фульк V-гӀачун а, Мэнан граф-аьзнин Ирменгард Мэнан а йоккхаха йолу йоӀ; Фульк хилла Къилбаседа Францин уггаре баккхийчу элех, цуьнца барт бан лууш вара паччахь Генрих I-ра, шен мехкан кхерамазалла латторхьама. Ловзар хилира Лизьехь, Нормандехь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Прозвище «Аделин» (Adelin, Audelin) происходит от ш.-инг. Ætheling, означающего сына короля, принца королевской крови.

Литература нисйе бӀаьра