Ваня Найденова Войнова (йина 1934 шеран декабрехь, Софийхь — йелла 1993 шеран 9 мартехь, Софийхь) — болгарин баскетболхо, 2007 шарахь дуьйна ФИБА сийлаллин залан декъахо, 2001 шарахь дуьйна Зударийн баскетболан сийлаллин залан декъахо. Болгарин спортан хьакъ долу говзанча (1958).

Войнова Ваня
болг. Ваня Найденова Войнова
Позици Центровой
Локхалла 176 см
Гражданалла  Болгари
Йина терахь 1934 шеран 27 декабрь({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Йина меттиг София
Кхелхина терахь: 1993 шеран 9 март({{padleft:1993|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (58 шо)
Кхелхина меттиг София

Командаш
1950—1968 Болгарин байракх (1948—1967) Славия София
Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Дети ССРС 1959
Борза Перу 1964
Европин чемпионаташ
Борза Югослави 1954
Деши Польша 1958
Дети Болгари 1960
Борза Франци 1962
Дети Мажаройчоь 1964

Шен спортан карьерин йохаллехь Войнова левзина софийра «Славийн» йукъахь. Цуьнца шийттаза Болгарин чемпион хилла, шозза, 1959 а, 1963 а шерашкахь, баьккхира Европин кад (хӀокху заманан зударийн Евролига). 1958 шарахь Болгарин гулйина командин йукъахь Войнова хилира Европин чемпион, 1959 шарахь дуьненан чемпионатан детин мидал йаьккхира, 1964 шарахь — дуьненан чемпионатан борзанан мидал. Шозза, 1960 а, 1964 а шерашкахь, хилира Европин вице-чемпион, ткъа 1954 а, 1962 а шерашкахь ехира Европин чемпионатан борзанан мидалш.

1958 шарахь Войнова къобал йира Болгарин уггаре дика спортхо аьлла а, Европин уггаре дика баскетболхо аьлла а. 1959 шарахь иза йукъатуьйхира дуьненан чемпионатан уггаре дика ловзархойх вовшахтоьхна сийлаллин гулйина командин. Ловзархочун карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа спортан журналист болх бира.

Войнова марехь хилла Болгарин божарийн гулйина командин ловзархочуьнгахь, Барчовски Цвяткогахь, цунна ши бер дина, йоӀ Ивета а, кӀант Розен а, иза а хилла баскетболхо а, баскетболан тренер а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра