Волейбо́л (инг. volleyball схьадаьлла volley — «тӀомахь тохар», ткъа ball — «буьрка») — спортан тайпа, командан спортан ловзар, ловзарехь ши команда къовсало бойца екъна йолу башха майданахь, буьрка дуьхьала болчеран агӀо хьажийна, иза церан майдан чу йожийта Ӏалашо йолуш цӀенкъанах а хьакхалуш, я дуьхьала йолчу командан ловзархочо гӀалат даккхийта Ӏалашо йолуш. Цу тӀе атака ян цхьаьна командан ловзархошна кхузза бен буьрканах хьакхабала ца мега (буьрка блоках кхетар ца лору).

Волейбол
Сурт
Амал
ГӀирс буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Дуьненан чемпионат 1949 шо
Европин чемпионат 1948 шо
Дуьненайукъара федераци
ЦӀе FIVB
Кхоьллина шо 1947 шо
Веб-сайт www.fivb.org
Кхуьнца йолу проекташ

Волейболан центран меже дуьненайукъара спортан тайпа санна, бакъонаш билгалйохуш — Дуьненайукъара волейболан федераци, FIVB(ингалс.) ю. Волейбол йукъайоьду Олимпийн ловзаршна 1964 шарахь дуьйна[1].

Волейбол — контакт йоцу, комбинацин спортан тайпа ду, майдан тӀаьхь хӀора ловзархочун ю шен-шен говзалла. Волейболах ловзархойн ладаме дикалла ю бойн тӀехула лакха кхоссавалар, реакци, координаци, физикин ницкъ эффектаца буьрка тохархьам.

Волейбол езачарна — даьржина ловзар а, садаӀаран хьесап а ду, шен ловзаран бакъонаш атта хиларна а, гӀирс эца атта хиларна а.

Волейболан дуккха а варианташ ю, коьртачу кепах къаьстина — пляжан волейбол (олимпийн кеп 1996 шарахь дуьйна), лайн тӀиера волейбол, мини-волейбол, пионербол, паркан волейбол (чӀагӀйина FIVB конгрессо 1998 шеран ноябрехь Токиохь)[2], хиина ловза волейбол (паралимпийн спортан кеп).

Истори нисйе бӀаьра

Таханлера волейбол схьаялар нисйе бӀаьра

 
Уильям Морган

Волейбол йукъаяьккхинарг лору Уильям Дж. Морган, Холиок гӀалара (Массачусетс штат, АЦШ) Къуоначу керстачеран ассоциацин (YMCA) колледжан физикин киоран хьехархо. 1985 шарахь[3] спортан залехь цуо хьалаоьллира теннисан бой 198 см лакхахь, ткъа цуьнан дешархой, майдан тӀиера барам бихкина боцуш, дӀасакхийса буьйлабелира бойн тӀехула баскетболан буьрка. Моргана керлачу ловзарна цӀе тиллира «минтонет» аьлла. ТӀаьхьуо ловзар гайтира къуоначу керстачеран ассоциацин колледжийн конференцехь Спрингфилдехь, профессора Альфред Т. Хальстеда кховдорца керла цӀе елира — «волейбол». 1897 шарахь АЦШхь зорба туьйхира дуьххьарлера волейболан бакъонийн: майдан барам 7,6×15,1 м (25 x 50 фут), бойн локхалла 198 см (6,5 фут), буьркан гуо 63,5—68,5 см (25—27 дюйм), масса 340 г, майдан тӀиера ловзархойн барам а, буьрканах хьакхавалар а регламент йукъахь дацара, очко лорура шеш буьрка елчи, аьттонза буьрка елчи иза магара юха яла, ловзура партехь 21 очко кхаччалц.

Ловзар кхиаран процессехь цуьнан бакъонаш, техника, тактика гуттара тойора. Коьрта бакъонаш, дакъа царех вайн деношка евлла, кхоллаелла 1915—1925 шерашкахь: 1917 шарахь дуьйна парти ловзоран доза туьйхира 15 очкоца, ткъа бойн локхалла 243 см йира; 1918 шарахь билгалбаьккхира майдан тӀиера ловзархойн барам — ялх; 1922 шарахь дуьйна бакъо йелла кхузза буьрканах хьакхабала; 1925 шарахь чӀагӀбина таханлера майдан барамаш, волейболан буьркан барамаш а, масса а. И бакъонаш лелайора Америкин, Африкин, Европин мехкашкахь, ткъа оцу хенахь Азехь 1960-гӀа шераш тӀекхаччалц левзира шайн бакъонашца: исс я шийтта ловзархочунца 11×22 м майдан тӀаьхь ловзархойн меттигаш ца хуьйцуш ловзучу хенахь.

1922 шарахь дӀабаьхьира хьалхара дерриг къоман къовсамаш — Бруклинехь хилира 23 божарийн команда ловзу YMCA чемпионат. 1924 шарахь кхоьллира Чехословакин Баскетболан а, волейболан а союз — Европехь дуьххьарлера спортан волейболан кхоллам[4]. 1920-гӀа шерийн шолгӀачу декъехь кхоллаелира Болгарин, ССРСн, АЦШн, Японин къоман федерацеш. Оццу муьрехь кхуллу коьрта техникин кепаш — буьрка тохар, дӀаялар, тӀелетаран тохар, блок. Церан бух тӀаьхь кхоллало командан гӀуллакхан тактика. 1930-гӀа шерашкахь йукъаелира тобан блок а, страховка, хуьйцура тӀелатаран а, хӀиллан а тохарш. 1936 шарахь Стокгольмехь хиллачу дуьненайукъара гандболан федерацин конгрессехь, Польшин векалш йукъадиллира волейболан техникин комитет кхоллар гандболан федерацин дакъа санна. Комисси кхоьллира, цунна йукъабахара Европин 13 мохк, Америкин 5 мохк, Азин 4 мохк. Оцу комиссин декъашхоша коьртачех лаьрра тӀеийцира америкин бакъонаш кӀеззига хийцамаш бина: дустарш дира метрин пропорцешкахь, буьрканах хьакхадала магийтира гӀодайукъал лакхара муьлхха меже, блокехь буьрка хьакхаеллачун шолгӀа цунна тӀаьххье буьрканах хьакхавала ца магийра, зударшна бойн локхалла хӀоттийра 224 см, буьрка тохаран зона луьра доза тоьхна яра[5].

ТӀемал тӀаьхьара истори нисйе бӀаьра

 
Лейпцигера кегийрхойн спортан Ӏида. Волейболан матч (1957)

ШолгӀа дуьненан тӀом (1939—1945) чекхбаьллачул тӀаьхьа дуьненайукъара йукъаметтигаш шоръян йолийра. 1947 шеран 18—20 апрелехь Парижехь хилира Дуьненайукъара волейболан федерацин (FIVB) хьалхара конгресс, цигахь дакъалецира 14 мехко: АЦШ, Бельги, Бразили, Мажаройчоь, Мисар, Итали, Нидерландаш, Польша, Португали, Румыни, Уругвай, Франци, Чехословаки, Югослави, уьш хилира FIVB дуьххьарлера официалан декъашхой. 1949 шарахь Прагехь хилира дуьххьарлера божарийн командашна йукъара дуьненан чемпионат. 1951 шарахь ММагӀселера FIVB конгрессехь чӀагӀйира официалан дуьненайукъара бакъонаш, ткъа цунна йукъахь кхоьллира арбитражан комисси, ловзаран бакъонаш йоху а, тойо а комисси. Ловзархой хийца бакъо а елира, партешкахь тайм-ауташ эца бакъо а елира, божарийн а, зударийн а командийн матчаш буьйлабелира 5 партех ян.

FIVB хьалхара президент хаьржира французийн архитектор Либо Поль, тӀаьхьа масийттаза юха хаьржира оцу дарже 1984 шо кхаччалц. 1957 шарахь Дуьненайукъара олимпийн комитетан 53-гӀа сессехь волейбол кхайкхийра олимпийн спортан кеп; 58-гӀа сессехь сацам бира волейболан къийсамаш божарийн а, зударийн а гулйинчу командашна йукъахь Токиохь XVIII Олимпиадан ловзаршкахь бан. Токион Олимпиадал тӀаьхьа хаъал хийцамаш бира ловзаран бакъонашна йукъахь — блок ечарна бакъо елира куьйгаш бойн тӀехула мостагӀчун агӀора дехьадаха, блок йинчул тӀаьхьа шозлагӀа буьрканах хьакхавала. 1970 шарахь йукъайаьхна бойн йисташкара антеннаш, 1974 шарахь йукъадевлира суьдхойн можа а, цӀиен а карточкаш.

1960—1970-гӀа шерашкара дуьненайукъара къийсамашкахь уггаре дукха кхиамаш хилира къоман гулйина командийн: ССРСн, Чехословакин, Польшин, Румынин, Болгарин, Японин. Зударшна йукъахь москохан Олимпиада-1980 кхаччалц уггаре ладаме гуора къийсамаш советийн а, японин а ишколийн — ССРСн а, Японин а гулйина командаша къийсира вовшенца дешийн мидалш хьалхарчу деа олимпийн турнирашкахь, шишша толам а баьккхира. Билгала кхиамаш дехира Польшин а, ГДРн а, Румынин, Чехословакин, Къилбаседан а, Къилба а Корейн гулйина командаша. 1978 шарахь даиман болу хӀиттийна зударийн волейболера ницкъаш бохийра Кубан гулйина командо, цхьанне дагахь а доцуш, мостагӀчул алсама тоьлуш йолуш, схьайаьккхира Советийн Союзехь хилла дуьненан чемпионат.

1980—1990-гӀа шерашкахь ловзар кхиар нисйе бӀаьра

1984 шарахь Либо Поль FIVB президентан даржера хийцира Мексикера адвоката, доктора Акоста Рубена. Акоста Рубена кховдорца дуккха а хийцамаш бина ловзаран бакъонашкахь, уьш хьажийна бара волейболан къовсаман хазалла а, «телегенилла» а айа, матч яцъеш. Сеулера Олимпийн ловзарш-1988 долалуш хилира FIVB XXI конгресс, цигахь тӀеийцира регламентан хийцамаш коьрта пхеалгӀа партех: иза ловзо йолийра «ралли-пойнт», я «тай-брейк» («ловзор — очко») системехь, 1990-гӀа шерашкахь иштта хӀоттабора 17 очкон «тхьов» хьалхарчу йеа партин (аьлча а церан таро яра партии чекхъяккха 1 очко сов йолуш, чот 17:16 йолуш). Эксперимент йира волейболан партин хенаца доза тухуш[6], амма 1998 шеран октябрехь Токиохь FIVB конгрессехь тӀеийцира кхин а алсама революцин сацам — ловза «ралли-пойнт» системица хӀора парти: хьалхара йиъ 25 очко кхаччалц, пхоьалгӀаниг — 15 кхаччалц. 1996 шарахь бакъо йелла буьрканах муьлхха а дегӀан меженца хьакхавалар (царна йукъахь когаца а), 1997 шарахь FIVB кховдийра къаьмнийн гулйинчу командашка шайн йукъа тоха либеро ловзархо.

Компьютеран ловзарийн сереш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. VolleyBall equipment and history (инг.). Официальный сайт МОК. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 октябрь. Архивйина 2011 шеран 23 августехь
  2. Разновидности волейбола. Спорт без границ. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 октябрь. Архивйина 2011 шеран 23 августехь Архивйина 2011-07-24 — Wayback Machine
  3. Volleyball History (инг.). Официальный сайт FIVB. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 10 февраль.
  4. Historie: Počátky volejbalu v Praze (чех.). Volejbal-metodika.cz (23 февраля 2010). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 17 октябрехь
  5. История волейбола. Портал «Волейбол нашего тысячелетия». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 октябрь. Архивйина 2011 шеран 23 августехь Архивйина 2011-10-23 — Wayback Machine
  6. Лимит времени может произвести переворот. Спорт-Экспресс (15 ноября 1997). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 октябрь. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь

Литература нисйе бӀаьра

  • Волейбол // Спортивные игры: Техника, тактика, методика обучения / Под ред. Ю. Д. Железняка, Ю. М. Портнова. — 2-е изд. — М.: Академия, 2004. — С. 89—159. — 5100 экз. — ISBN 5-7695-1749-2.
  • Волейбол // Спортивные игры: Совершенствование спортивного мастерства / Под ред. Ю. Д. Железняка, Ю. М. Портнова. — М.: Академия, 2004. — С. 5—95. — 30 000 экз. — ISBN 5-7695-1411-6.
  • Волейбол / Под общ. ред. А. В. Беляева, М. В. Савина. — 4-е изд. — М.: ТВТ Дивизион, 2009. — 360 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-98724-059-5.
  • Кунянский В. А. Волейбол: О некоторых аспектах игры и судейства. — М.: ТВТ Дивизион, 2009. — 72 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-98724-066-3.
  • Спортивные игры / Под ред. В. В. Марущака. — М.: Воениздат, 1985. — 269 с. — 30 000 экз.
  • Кеп:Книга:Волейбол: Справочник, 1984
  • Клещёв Ю. Н. Волейбол. — М.: Физкультура и спорт, 2005. — 399 с. — 3000 экз. — ISBN 5-278-00740-0.
  • Ивойлов А. В. Волейбол : Очерки по биомеханике и методике тренировки. — М.: Физкультура и спорт, 1981. — 152 с.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Олимпан спортан тайпанаш Кеп:ФИВБ