ГаланчӀожан кӀошт

КӀоштин коьрта пхьа Акха-Басса. Яьсса кIошт лерина йу нах ца-Iаш тахана-ъа, кIошт 2-з йуха-маьта хIоттайна йу. Хьалха Итон-Кхаьллан кӀоштан а, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а Соьлжан кӀоштан (ГIалгIайчоь) йукъехь йекъна хилла кIошта.

КӀошт
ГаланчӀожан кӀошт
оьрс. Галанчожский район
42°52′53″ къ. ш. 45°18′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Йукъайоду Нохчийн Республика
Адм. центр Акха-Басс
Истори а, географи а
Кхоллар 1925
Латта
  • 1500 км²
Сахьтан аса MSK-3 (UTC)
Бахархой
Бахархой
ГаланчӀожан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
ГаланчӀожан кӀоштНохчийчоьнан кlошт.

Географи нисйе бӀаьра

Кӏоштан дозанашца йу: къилбседехьа Хьалха-Мартанан кӀошт а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт а, малхбалехьа — Итон-Кхаьллан кӀошт а, Шуьйтан кӀошт а, къилбехьа Гуьржийчоь, малхбузехьа ГӀалгӀайчоь[2].

Лаьцна дийцар нисйе бӀаьра

КӀошт кхоьллина 1925 шарахь Нохчийн автономин область чохь, цул тӀехьа дукха ца лаьтташ 1929 шарахь дӀа-йекхина. Йуха хьал-маьтта хӀоттайна йу 1935 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республикин чохь. 1944 шарахь нохчий къам дӀа-духа дина хенахь, кӀошт йуха дӀа-йекхина, ТӀехьа-Мартани Соьлжани а Итон-Кхаьллани кӀоштанаш йукъе йекъна кӀошт, нохчий къам дӀадуха дина шена мехк цӀа дирзича ламанца дай баьхна йарташка баха Советан Ӏедало ца магдарах тера нах шера аренашкахь йолу йарташкахь Ӏа хоьвшина. 1992—1997 шаркахь кӀошт маьтта-хӀоттайна амма тӀом баьлла нах ламанца шай йарташ маьтта хӀотто ца кхибира[3]. 2014 шарахь кӀошт йуха маьтта хӀоттайна йу амма наха Ӏаш бац цигахь[4].

Бахархой нисйе бӀаьра

9 499[5] вахархо хилла 1926 шархь.

Нах беха меттигаш нисйе бӀаьра

 
Миндар
 
Миндар

ГаланчӀож

Нашха

Аьккха

Маьлха-Йист

Мержа

ЦIечу-Аьхка

ТӀийра

Кей-Мехк

Билгалдахарш нисйе бӀаьра