Галушкин, Борис Лаврентьевич

Борис Лаврентьевич Галушкин (1919 шеран 12 август, Шахты, Юг России[d]1944 шеран 15 июнь, Борисовн кӀошт[d], Минскан область) — лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, партизанийн тобанан куьйгалхо, Советски Союзан Турпал (веллачул тӀехь).

Борис Лаврентьевич Галушкин
Вина терахь 1919 шеран 12 август({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1944 шеран 15 июнь({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (24 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа Министерство государственной безопасности СССР[d]
Дарж лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени

Биографи нисйе бӀаьра

Галушкин винер 1919 шеран 12 августехь Александровск-Грушевский гӀалахь белхалон доьзаллехь[1]. Иза оьрсий вара. Шен гӀалахь иза школе вахара (хӀинца иза № 26 школа ю[2]). Школа чекхйаккхале цера доьзалла Соьлжа-ГӀале схьабеара. Цигахь иза № 9 школехь доьшуш вара. 1934 шарахь иза комсомолан организацин секретарь хаьржира.

Иза бокс Ӏамош вара. Школа чекхйаьккхича иза Москван физкультуран а, спортан а институтехь йолу тренерийн школе деша вахара. Цхьа шо даьлча иза институтан 3-гӀа курсе дӀаийцира[3]. Цуьнан тренер вара Константин Градополов. 1941 шеран июлехь иза шен лаамца ЦӀен Эскаре дӀавахара. Оцу шеран гуьйренахь фронте дӀахьажийра. Ша фронте дӀавахале ши де хьалха цо зуда йалира.

Галушкинс Ленинградан фронтехь тӀом бира. Цхьана омра кхочуш деш иза шина динахь логгелц хи чохь Ӏийра, цун дела цунна туберкулёз кхитира. Иза госпитале охьавиллира. Лоьраш цуьнга элира шаьш и дӀахоьцур вац аьлла. ТӀаккха Галушкин госпиталер ведир[4].

1942 шарахь ОМСБОН салти волуш цо мостагӀан тылехь ша тайпа омраш кхочуш дора Минскан а, Витебскан областашкахь. 1943 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. 1943 шеран майхь иза хӀоттийра «ГӀо» цӀе йолу партизанийн тобанан куьйгалхо. Цуьнан тобанас хӀаллакйира 24 мостагӀийн эшелон а, 23 паровоз а, шортта машенаш а, танкаш а, трактораш а, эккхийтира 6 эскаран гӀирс а, яа хӀума а чохь йолу мостагӀийн ларма, электростанци а, кехатан фабрика а, хӀун кечйеш фабрика а, ветан завод а.

Галушкин винера 1944 шеран 15 июнехь Минскан областан Борисован кӀоштахь болу Палик хӀордан уллехь мостагӀаш бина гон йукъара схьаволуш хенахь.

1944 шеран 5 ноябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Галушкинан йелира Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачул тӀаьхь).

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

 
1987 шарахь арахецна Галушкин сурт тӀехь долу конверт.
  • Галушкин дӀавоьллина вежараллин каш чохь Белоруссин Минскан областан Борисован кӀоштан Маковье юртан уллехь. 1959 шарахь оцу каш тӀехь дӀахӀоттина 3,3 м лекха йолу хӀоллам «Партизан-мукъадаккхархо».
  • Галушкинан цӀе тиллина Москвахь а, Соьлжа-ГӀалахь а болу урамашна[5].
  • Москван физкультуран а, спортан а институтан тӀехь хӀоттина Галушкинан мемориалан у.
  • Москвахь хӀора шарахь хуьлу Галушкин дагахьлаттаваран лерина кегирхойн йукъахь боксан йохьалла а, кросс а.
  • 1988 шеран 27 апрелехь Шахты гӀалахь йолу № 26 лицейн Галушкинан цӀе тиллина. Оцу школан тӀехь хӀоттина Галушкинан мемориалан у[2].
  • 1988 шарахь арахийцира Галушкинан сурт тӀехь долу конверт.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Советски Союзан Турпалан цӀе;
  • Ленинан цӀе;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • мидалш.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Шахтинцы — Герои Советского союза Архивйина 2012-07-09 — Wayback Machine.
  2. 1 2 Его имя носит наш лицей.
  3. Его называли «Товарищ Борис»//Советский спорт № 103 от 5 мая 1985
  4. Пестерева, Анна. . Последний тайм // Восточный округ. — 2015. — № 25 (114) за 17 июля. — С. 11.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Улица Галушкина, Грозный. 2gis.ru. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2021.

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Герои огненных лет. Книга 5. — М.: Московский рабочий, 1982.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Гр.: Чечено-Ингушское кн. изд., 1985.
  • Навечно в сердце народном / редкол.: И. П. Шамякин (гл. ред.) и др. — 3-е изд., доп. и испр. — Мн.: Белорусская советская энциклопедия, 1984. — 607 с. — 65 000 экз.