Гиллиам Армен Луис (инг. Armen Louis Gilliam; винчу хенахь тиллина цӀе — Армон Луис Гиллиам (инг. Armon Louis Gilliam); вина 1964 шеран 28 майхь, Бетел-Паркехь, Пенсильвани, АЦШ — вела 2011 шеран 5 июлехь, Бриджвилл, Пенсильвани, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а.

Гиллиам Армен
инг. Armen Gilliam
Карьера чекхйаьккхина
Позици Веза форвард
Вайн форвард
Харц цӀераш The Hammer
Локхалла 206 см
Возалла 104 кг
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1964 шеран 28 май({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})
Вина меттиг Бетел-Паркехь, Пенсильвани
Кхелхина терахь: 2011 шеран 5 июль({{padleft:2011|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (47 шо)
Кхелхина меттиг Бриджвиллехь, Пенсильвани
Ишкол Бетел-Парк (Бетел-Парк)
Колледж Индепенденс (1982—1983)
ЛВНУ (1984—1987)
Драфт КъБА 2-гӀа (1-ра раунд), 1987, Финикс Санз
Статистика
Ловзарш 929
Очкош 12700 (13,7 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 6401 (6,9 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 1088 (1,2 йуккъера барам ловзарехь)
Схьалацар 676 (0,7 йуккъера барам ловзарехь)
Блок-шоташ 607 (0,7 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Баскетбол
Дуьненан чемпионат
Деши Испани 1986 АЦШ гулйина команда
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Жималла нисйе бӀаьра

Гиллиам Армен вина Бетел-Парк гӀалахь, Питтсбург (Пенсильвани штат) гӀалин йистехь, дийшира иштта цӀе йолчу ишколехь, цигахь левзира меттигера баскетболан командехь. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, 1982 шарахь, деша хӀоьттира Индепенденсан йукъара колледже, цигахь цхьана шарахь бен ца дийшира, хилира уггаре гӀараваьлла ловзархо баскетболан командехь, иза кхечира Junior College финале, йаьккхира 6-гӀа меттиг (тӀаьххьара финалехь). Армена ловзарехь йуккъера барам чукхоссара 24,9 очко, 14-за буьрка схьаийцира турниран пхеа матчехь, йукъавахийтира National Junior college дерриг седарчийн гулйина командина.

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1987 шарахь Гиллиама чекхйаьккхира Лас-Вегасера Невадин университет, цигахь кхаа шарахь левзира «ЛВНУ Раннин Ребелс» командин йукъахь, цунна йукъахь аьттонца карьера йира, жамӀехь гулйира 1855 очко, 890-за буьрка схьаийцира, 58-за дӀайелира, 122-за дӀайала лерина буьрка схьалецира, 91 блок-шот йира[1], цу тӀе дерриг кхаа шарахь гӀодира шен командина рогӀерачу шеран чемпионатехь а, Pacific Coast Athletic Association (PCAA)конференцин турнирехь а (1985—1987)[2]. Цул сов шозза хьалхий-тӀаьхьий «Раннин Ребелс» кхечира АЦШ студентийн чемпионатан 1/8 финале (1986—1987)[3], ткъа 1987 шарахь кхечира NCAA йеаннан финале, цигахь ахфиналехь ийшира турниран хин йолчу чемпионна, «Индиана Хузерс» командина (93—97)[4].

1986/1987 шарахь «Раннин Ребелс» туьйлира 38 матчехь, хӀоттийра NCAA хьалхара дивизионан рекорд шарахь баьхначу толамашца, ша Гиллиама турнирехь кхоьссира 998 очко, из ахӀинца а клубан рекордйу. Гиллиаман клубехь волчу, Фрэнк Джеймса, цуьнан пхьаьрсан пхьид а, цуо тускар кӀелахь беш болу болх а гича, кхин а иза болат лалочу гӀалара вуй хууш, цӀе тиллира "The Hammer" («Варзап») аьлла[5].

1997 шарахь Гиллиам Бетел-Парк ишколан Сийлаллин Залан йукъавахийтира, 1998 шарахь — Лас-Вегасера Невадин университетан Сийлаллин Залан, ткъа 2007 шеран ноябрехь цуо лелийна йолу 35 лоьмар йолу коч, чӀагӀйина цунна тӀаьхьа, лелочуьра йукъара йаьккхина.

Статистика нисйе бӀаьра

Статистика КъБАхь нисйе бӀаьра

1997 шарахь Гиллиам Бетел-Парк ишколан Сийлаллин Залан йукъавахийтира, 1998 шарахь — Лас-Вегасера Невадин университетан Сийлаллин Залан, ткъа 2007 шеран ноябрехь цуо лелийна йолу 35 лоьмар йолу коч, чӀагӀйина цунна тӀаьхьа, лелочуьра йукъара йаьккхина.

КъБА карьера нисйе бӀаьра

Левзира веза форвардан а, вайн форвардан позицера. 1987 шарахь хаьржира КъБА драфтехь 2-гӀа лоьмарца «Финикс Санз» командо. ТӀаьхьуо левзира «Шарлотт Хорнетс», «Филадельфия-76», «Нью-Джерси Нетс», «Милуоки Бакс», «Юта Джаз», «Питтсбург Иксплошн» (АБА) командашкахь. Дерриг КъБАхь левзира 13 шо. Йукъатоьхна КъБА керла ловзархойн 1-ра гулйина команда (1988). 1987 шарахь лерира Pacific Coast Athletic Association конференцин студенташна йукъара шеран баскетболхо, кхин а йукъатуьйхира NCAA божарийн йерригамерикин 2-гӀа гулйина команда[1]. Дерриг цуьнан КъБА карьерехь левзина 929 матчехь, цигахь йаьккхина 12 700 очко (йуккъера барам 13,7 ловзарехь), 6401 схьаийцира, 1088 дӀайелира, 676 схьалецира, 607 блок-шот йира.

1986 шарахь Гиллиамах хилира АЦШ гулйина командин йукъахь Испанера баскетболех ловзаран дуьненан чемпионатан толамхо, финалехь эшийра ССРС гулйина команда (87—85).

ЦӀе хийцар нисйе бӀаьра

Шен КъБАра профессионалан карьера чекхйолуш хийцира шен цӀе йазйар «Армонах» «Армен» хилира, хӀунда аьлча кӀордийнера шен цӀе нийса ца йохун дера. Цунна хийтира, шен цӀеран цхьа элп хийцахь, иза йаккха атта хир ду аьлла, цӀе хийцар доьзна дац дин хийцарца йа кхин дина нагӀора хьесапашца.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1987/88 Финикс 55 53 32,9 47,5 - 67,9 7,9 1,3 1,1 0,5 14,8 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1988/89 Финикс 74 60 28,6 50,3 - 74,3 7,3 0,7 0,7 0,4 15,9 9 0 14,0 52,9 - 86,4 5,0 0,2 0,1 0,2 8,1
1989/90 Финикс 16 7 16,7 43,0 - 69,6 4,4 0,5 0,4 0,3 8,9 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1989/90 Шарлотт 60 59 36,0 52,7 0,0 72,7 8,8 1,5 1,1 0,8 18,8 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1990/91 Шарлотт 25 25 38,0 51,3 - 81,3 9,4 1,1 1,4 0,8 19,8 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1990/91 Филадельфия 50 50 33,9 47,0 0,0 81,6 7,3 1,6 0,7 0,6 15,0 8 8 35,9 46,2 - 84,8 6,5 1,3 0,6 0,8 16,9
1991/92 Филадельфия 81 81 34,2 51,1 0,0 80,7 8,1 1,5 0,6 1,0 16,9 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1992/93 Филадельфия 80 26 21,8 46,4 0,0 84,3 5,9 1,5 0,5 0,7 12,4 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1993/94 Нью-Джерси 82 5 24,0 51,0 0,0 75,9 6,1 0,8 0,5 0,7 11,8 4 0 28,0 44,1 0,0 75,0 6,3 0,3 0,5 1,8 10,5
1994/95 Нью-Джерси 82 30 30,1 50,3 0,0 77,0 7,5 1,2 0,8 1,1 14,8 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1995/96 Нью-Джерси 78 76 36,6 47,4 0,0 79,1 9,1 1,8 0,9 0,7 18,3 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1996/97 Милуоки 80 25 25,6 47,1 - 76,8 6,2 0,7 0,8 0,5 8,6 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1997/98 Милуоки 82 25 25,8 48,4 0,0 80,2 5,4 1,3 0,8 0,5 11,2 НУ {{{15}}} {{{16}}} {{{17}}} {{{18}}} {{{19}}} {{{20}}} {{{21}}} {{{22}}} {{{23}}} {{{24}}}
1998/99 Милуоки 34 5 19,6 45,3 0,0 78,2 3,7 0,6 0,6 0,4 8,3 3 0 11,7 40,0 - 100,0 1,7 0,3 0,7 0,3 5,7
1999/00 Юта 50 0 15,6 43,6 0,0 77,9 4,2 0,8 0,2 0,3 6,7 10 0 13,2 32,6 - 38,5 2,9 0,4 0,4 0,4 3,5
Йерриг 929 527 28,4 48,9 0,0 77,6 6,9 1,2 0,7 0,7 13,7 34 8 20,4 44,4 0,0 78,4 4,6 0,5 0,4 0,6 8,9
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Ловзархочун профессионалан карьера чекхйаьккхича Гиллиама болх бира студентийн «Пенн Стэйт Маккиспорт Ниттани Лайонс» (2001—2002) командин коьрта тренеран даржехь, иза ловзуш йара USCAA йукъахь, гӀуо ца левзира турниран плей-оффехь кхечира конференцин финале. Цул тӀаьхьа кхаа шеран дохаллехь куьйгалла дира студентийн «Пенн Стэйт Алтуна Лайонс» (NCAA кхоалгӀа дивизион) (2002—2005) командин, цунна йукъахь даьккхира цхьа-ши аьттонза шо шен тренеран карьерехь[6]. 2005 шарахь ловза тренеран дарже хӀоьттира «Питтсбург Иксплошн» (АБА) (2005—2006) команде, иза кхечира рогӀера чемпионатан 48 командин йукъахь йалханна йукъа. Гиллиама чукхоссара йуккъера барам 23,8 очко, схьаоьцура 9,1-зза, йукъавахара малхбален конференцин дерриг седарчийн гулйина командина, кхин а лерира 2006 шеран АБАн дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархо, и матч дӀайаьхьира Банк-Атлантик Центр аренехь Флоридехь, цигахь чукхоьссира 32 очко, 15-зза буьрка схьаийцира.

Валар нисйе бӀаьра

2011 шеран 5 июлан сарахь Гиллиам дог гӀелделла охьавуьйжира Питтсбург (Пенсильвани штат) гӀалин йистерчу Бриджвилл гӀалахь баскетболан матч йоьдуш[7]. Иза сихха кхачийра Сент-Клэрера уллерчу дарбанан цӀа чу, иза йара Маунт-Лебанон гӀалахь,Питтсбурган йистерачу кхечу гӀалахь, цигахь лоьрашка хӀумма а ца дан делира, иза велла элира дог иккхина[8].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Armen Gilliam (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.
  2. 1984-85 Pacific Coast Athletic Association Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.
  3. 1985-86 Pacific Coast Athletic Association Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.
  4. 1986-87 Pacific Coast Athletic Association Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.
  5. The Hammer Can Deliver a Pounding (инг.). webcitation.org. Los Angeles Times. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь. Архивйина 2011 шеран 17 июлехь
  6. Men's Basketball Looking Up (инг.). webcitation.org. Penn State Altoona. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь. Архивйина 2011 шеран 22 июлехь Архивйина 2006-09-01 — Wayback Machine
  7. UNLV great Armen Gilliam dies at 47 (инг.). espn.go.com. Associated Press. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.
  8. Former NBA star Armon Gilliam dies (инг.). post-gazette.com. Pittsburgh Post-Gazette. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 январь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра