ГӀебарта (гӀебарт.-чергаз. Къэбэрдей) — Къилбаседа Кавказан йуккъерчу декъера историн область.

Историн пачхьалкх
ГӀебарта, ГӀебартойн олалла, ГӀебартойн мохк
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
 — 1825
Коьрта гӀала Нальчик
Мотт (меттанаш) чергазийн меттан гӀебартойн меттадакъа
Урхаллин тайпа княжество[d]
Кар-кара далар
Российн импери →
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Локализаци нисйе бӀаьра

«ГӀебарта» олуш болу мехко, тайп-тайпанчу историн муьрашкахь дӀалаца тарлора тайп-тайпана областаш, ткъа истори кхоьллина автораш дукха хьолахь шайн хетачу агӀора гайта тарлора цуьнан меттиг Къилбаседа Кавказан картин тӀехь. ГӀебартойн бахархойх а, дозанех а лаьцна дукха хаамаш битина оьрсийн историн тептарша. «Йоккха Чертежан жайница» (Оьрсийн а, луларчу пачхьалкхийн а XVI бӀешеран чеккхенгара XVII бӀешо долалучу муьрера карта дийцар) ГӀебарта лаьттара Теркан аьрру берда тӀехь Ардан (хӀинца Ардон) а, Кизыл (хӀинца Аргудан?) а хишна йукъахь:

«Ткъа лахахь Теркаца, Теркан аьрру агӀора, ГӀебарта.
Ткъа ГӀебартахь кхета лаьмнашкара Терках Ардан [Ардон] хи, иза 50 чаккхарма (1,06 км) ду.
Ткъа Теркан лакхара, Кура хин тӀиера, ГӀебарта, Ардан хин тӀе кхаччалц 170 чаккхарма; ткъа Ардан хин тӀиера 20 чаккарма генахь Терках кхета Агер; ткъа Агерал лахахь Терках кхета Урюх [Урух] хи, Агер тӀиера 20 чаккхарма.
Ткъа Урюх хинал лахахь Терках кхетта Кизыл [Аргудан?] хи, Урюх тӀиера 20 чаккхарма.
Ткъа охьанехьа Теркаца оцу хиш чухула 60 чаккхарма, ткъа оцу хишна лакха лаьмнашка 50 чаккхарма.
Ткъа ГӀебартара, Киз-хин тӀиера охьа Теркаца, КӀайн хин хикхоче Малкин тӀиера Еха-ГӀалара хикхоче?], 60 чаккхарма …» (лл. 65, 65 об.)[1]

«Книга Большому Чертежу» (1627 год)[~ 1]

Гайтинчу мехкашна къилбаседехьа, Малка, Баксан, Чегем, Черек хишшан кӀошташкахь, «Йоккха Чертежан жайно» дуьйцу «Пятигорскан чергазийн мохк», амма бийцина цу тӀехь мехкаш йукъудагӀара кхузахь тӀехьуо кхоллаеллачу областан Йоккха ГӀебартан[2].

Истори нисйе бӀаьра

ГӀебартойн историн махкахь карийна йолу оьздангаллин шира иэсаш майкопан оьздангаллера йу, иза лаьттина вайн эрал IV эзар шо хьалха. ХӀинцалера талламчаша гучудаьккхина, абхазо-адыгийн къаьмнаш и оьздангалла лелийначера тӀаьхье хилар[3]. И оьздангалла лелочара шайн лар йитина Къилбаседа Кавказан тӀехьуо йукъаевллачу къилбаседакавказан, кубань тӀиера, кобанан оьздангаллашкахь[4].

1-чу эзар шарашна йуккъехь доккхаха долу адыгийн дакъа гуннаш дӀатеттира. XIII—XV бӀешерашкахь хаало йухаберзар Йуккъерачу Кавказ йистте, цуьнан жамӀ ГӀебарта кхоллаялар хилира — ша долу политикин дакъа, кхолладелира гӀебартойн къам[5].

XVI-XVIII бӀешераш нисйе бӀаьра

XVI—XVIII бӀешерашкахь гӀебартойн элашна ясакъ луш дара цхьадолу лулара къаьмнаш. Латтош дара ширачу кепара Ӏедал: къоман гуламаш, къайлаха боьршачеран барташ[5].

Российн истории язъечара гӀебартойх касогаш олура, ткъа тӀаьхьуо пятигорскан чергазий. ГӀебартойн касоги боху цӀе йисина хӀирашкахь а, сванашкахь а.

Адыгаш хьалха а, хӀинца а «ГӀебарта» дашца кхетадо тӀехь къаьстина гӀебартой баьхна Чергазийчоьнан дакъа . Иштта шапсугаш бехара Шапсугехь, абадзехаш бехара Абедзехех и дерриг мехкаш Чергазийчоьнан йукъахь дара.

XVI бӀешарахь адыгаш, царна йукъахь ГӀебарта а Хункар-мохк а, цуьнан вассалан — ГӀирман ханаллин а Ӏаткъаман сферин йукъабахара. Российн историно тешалла до, ГӀебарто а, Москохан олалло а XVI бӀешарахь шайна тӀехь цхьатерра ГӀирман ханаллин сов болу тӀеман Ӏаткъам зийра. Цуьнан жамӀ хилира йукъарчу мостагӀчун дуьхьала ницкъаш цхьаьнатохар, цундела 1561 шарахь Иван Грознис ялийра гӀараваьллачу гӀебартойн элин Идаров Темрюкан йоӀ — Идархэ Гуашеней, Москохахь керста йинчул тӀаьхьа хилира паччахь-аьзни Мария.

ИдаровгӀеран тайп-тайпана тӀаьхьенаш оьрсийн гӀуллакхе боьлхура, царна йелира фамили «ЧеркасскигӀара», цара йолийра йуьхьиг цхьайолчу оьрсийн а, полякийн а элийн фамилийн.

Чоьхьара процессаш нисйе бӀаьра

Оцу хенахь ГӀебарта йекъна хилла ИналгӀеран кхаа цӀенна йукъахь: КайтукингӀар (Къейтыкъуейхэ), ИдаровгӀар (Идархэ), ТлостановгӀар (Лъостэнейхэ).

XVII бӀешерашна йуккъехь КайтукингӀеран цӀийно аратеттира ИдаровгӀеран цӀа лахарчу Теркан тӀе (СунчалеевичгӀера-ЧеркасскигӀера олалла), ткъа ТлостановгӀеран цӀа Теркан-Соьлжан хишна йукъа. КайтукингӀеран цӀийно доладо мехкан (оцу хенахь дуьйна ГӀебарта ала мегар ду) арахьарчу хьосташкахь цӀе йелира — «Йоккха ГӀебарта» («Лакхара»), къастош «Жимачу ГӀебартах», авторш цкъа а политикин цхьаалла хилла боцу Теркан-Соьлжан хишна йукъара Талостанаш а, Джыляхстанаш а цхьаьнатуху.

Йоккха ГӀебарта XVII бӀешеран шолгӀачу декъехь йекъна хилла кхаа вешийна йукъахь, уьш хилира кхаа (тӀаьхьуо деа) элийн дай: ХӀатӀахьужукгӀар (ХьэтIохъущыкъуейхэ), МусостгӀар (Мысостхэ), ДжамботгӀар (Джамботхэ), тӀаьххьарнаш бекъабелира XVIII бӀешарахь КъайтыкгӀарна (Къейтыкъуейхэ) а, БекмырзгӀарна (Бэчмырзэхэ) а.

XVIII-XIX бӀешераш нисйе бӀаьра

1708 шарахь гӀебартхоша толам баьккхира Канжалан тӀамехь ГӀирма ханаллин эскаршна тӀехь, цул тӀаьхьа ГӀебартан ГӀирма тӀелетар сецира.

XVIII бӀешо чекхдолуш ГӀебартан боккха мохк бара. Цуьнан махкахула чекхдовлура ладаме некъаш ТӀехьарчу Кавказе. Российн историка В. А. Поттос дуьцу: «ГӀебартан Ӏаткъам боккха бара, иза гора гонахьарчу къаьмнаша цаьргара схьаоьцучу духаршца, герзаца, гӀиллакхашца, амалашца. Дешнаш „иза кечвелла…“, йа „иза гӀебарто санна вогӀу“ бохург боккха хастам бара лулахойн къаьмнашна йукъахь», «ГӀебартой карийра оьрсашна дика ларабезаш ладаме мостагӀий. Кавказехь церан Ӏаткъам боккха бара…»

1763 шарахь Жимачу ГӀебартахь Российн империс йан йолийра Мазалк гӀап. Император-аьзнис Екатерина II-гӀачо 1764 шарахь тӀеэцначу гӀебартойн векалш, гӀап йар сацадар тӀедожийра, амма цуо жоп ца делира царна. Паччахьан Ӏедало, Туркойчоьнца дина Адрианополан трактат тӀетуьйжуш, кхайкхийра чергазийн латташна йолу шайн бакъо.

 
ГӀебартойн элийн хӀост паччахьан Алексей Михайловичан «Титулярникехь»

1778 шарахь гӀебартойн элий реза ца хилар гучуделира дуьххьарчу гӀаттамца, уьш дуьхьала бара оьрсий ГӀебартан мехка тӀехь хиларна. Оццу шарахь гӀаттам охьатаӀийра инарлас И.Якобис, цуо ГӀебартан тӀе йоккха контрибуции йожийра, къедина йолу гӀебартойн къам.

ГIебартан махкара тIом чIагIбелира 1794 а, 1804 шерашкахь. ТIехьарчо чIогIа ницкъ бира гIебартойн къомана. ТIемо бен ницкъо а, схьадаьхначу латташ а, чIогIа дарделла ГIебартан къам йуха а гIаьттира 1810 шарахь. Керла таIзаран экспедицица, гIаттам охьатаIийра инарла Булгаковс. Цу тIе 1811 шарахь угар чIогIа ницкъ Жима ГIебартан бира, иза иштта а ясъелла йара хилла Iаьржа ун бахьнехь. Цуьнан таIзаран экспедицин жамI хилира 200 йурт а, 9585 цIа а дагор хилира, цу тIе и болх талорашца а бира. 1822 шарахь тIаьххьара гIаьттинчу ГIебартана тIелетира инарла А.Ермолов.

Iаьржачу уьнан эпидемеш гIелйина, бахархойн доккхаха долу дакъа Нохчийчу а, Малхбузен Чергазийчу а дIабахана, ГIебарта къаръелла йара. 1763 шарахь дов долалуш доккхачу адыгийн 300 эзар сов хиллачу субэтносах, 1822 шо чекхдолуш висира 30 эзар стаг.

1825 шарахь ГIебарта тIаьххьара йукъатуьйхира Российн империн. Амма гIебартойн цхьа дакъа Кубань дехьа «Хажретан ГIебарта» («Едда ГIебарта») кхоьллина тIом беш дара оьрсийн эскаршца. ГIовттамхойн дакъа кхелхира хIинцций бен тIом чIагIлуш боцучу Нохчийчу а, ДегIастане а. Кавказан тIом чекхболуш а, иза официалан чекхбаьлчи а (1861—1867 шерашкахь) бIенаш эзаршкахь адыгаш арабехира Iусманан импери, иза йаккхий масштабера чергазийн мухажаралла йара.

ГIебартах, Российн импери йукъатоьхначул тIаьхьа ала долийра Теркан областан ГIебартойн (тIаьхьуо Нальчикан) гуо. Российн императорийн даржашна йукъахь тIекхийтира могIа «ГIебартойн мехкан паччахь».

Керла истори нисйе бӀаьра

ССРС ГIебартойн мохк ГIебартойн-Балкхаройчоь АО, тIаьхьа АССР дакъа хилира.

ССРС йухуш суверенитетийн парадан муьрехь ГIебартой-Балкхаройчоь йекъа а йекъна ГIебарта ша йолу республика йан гIиртира, тIехьонца цхьаьна кхетар йолуш адыгийн къаьмнаш деха Адыгейца а, Чергазийчоьнца а, ткъа иза къаста тарлора Кхарачой-Чергазийчоьнах. Цу тIе Чергазийн Конгресс тIаьхьуо, дерриг латтанаш исторехь Чергазийчоьнан хилладолу, цхьаьнатоха гIертара, йа чергазий беха — Адыгей, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан гIебартойн (къилбаседа) дакъа, Кхарачой-Чергазийчоьнан чергазийн (къилбаседа) дакъа — цIе йолуш Адыгийн Республика йа Республика Чергазийчоь.

Амма законе ца делира, ГIебарта йисира ГIебартой-Балкхаройн АССР (1992 шарахь дуьйна ГIебартой-Балкхаройн Республика) дакъа.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Комментареш
  1. Расстояния, указанные в «Книге Большому Чертежу», часто не совсем точны, так как нужно учитывать уровень картографии того времени, а также возможность наличия ошибок. Например, в ней сообщается, что «… от Торков [Тарки] до усть реки Терка до Тюменского города 180 верст», а ниже по тексту такое же расстояние указано уже до более дальнего объекта: «От Тюменского же морем до Дербента города до Железных ворот 180 верст.» (Книга Большому Чертежу / Подготовка к печати и редакция К. Н. Сербиной. — М.-Л.: Издательство АН СССР, 1950. — С. 90, 146 (лл. 64 об.; текст согласно списку № 1330, 163 об.)).
Хьосташ
  1. Книга Большому Чертежу. — С. 90.
  2. Кушева Е. Н. Народы Северного Кавказа и их связи с Россией. — М.: Издательство АН СССР, 1963. — С. 146.
  3. Самир Хотко: ЧЕРКЕССКИЙ ИСТОРИКО-КУЛЬТУРНЫЙ ТИП. История ЧЕРКЕСИИ в средние века и новое время
  4. Крупнов Е. И. Памятники Кобанской культуры Северного Кавказа // Древняя история Северного Кавказа. — М.: «Наука», 1960.
  5. 1 2 Кабардинцы // Народы и религии мира. Энциклопедия. М., 2000, с. 207—208

Хьажоргаш нисйе бӀаьра