ДарӀа́ (Ӏаьр. درعا‎‎ — «гӀап»; шира алар ДерӀа́[1]) — Шеман къилба-малхбузера, Урданан дозан уллора гӀала. ДарӀа мухафазатан административан центр.

ГӀала
ДарӀа
Ӏаьр. درعا‎‎
Сурт
32°37′31″ къ. ш. 36°06′22″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Шема
Мухьафазат ДарӀа
Истори а, географи а
Центран локхалла 435 м
Сахьтан аса UTC+2
Бахархой
Бахархой 107 500 стаг (2010)
Официалан мотт Ӏаьрбийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +963 15
edaraa.sy
Картин тӀехь
ДарӀа картан тӀехь
ДарӀа

Истори нисйе бӀаьра

Шеман ширачех цхьа гӀала. Селевкидийн паччахьалло схьаяккхале гӀала Руман империн яра, цул тӀаьхьа Византийн империн юкъахь.

636 шарахь схьаяьккхина Ӏарбаша; ДарӀа (АзриӀат — VII бӀешеран цӀе) — Йазид бин Абу Суфьян коьртехь волчу бусалба Ӏарбашна, хӀора коьртан тӀера ясакъ такха реза хилла византийн дуьххьалчарех гӀала ю.

1917 шарахь Ӏарбийн гӀаттам болуш ДарӀахь туркойн эскарша йоцачу ханна йийсар вира ингалсан эпсар Ӏарбийн Лоуренс, иза цуо дийцина шен «Хьекъалаллин ворхӀ бӀогӀам» жайнин 80 декъехь.

2011 шеран бӀаьста гӀалахь белира гӀаттам, цуьнан кхерч хилира гӀалин ширачу декъера Ӏумари маьждиг.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Юго-Западная Азия // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2000 г.; гл. ред. Н. Н. Полункина; отв. ред. Н. В. Смурова. — М.: Роскартография : Оникс, 2000. — С. 194—195. — ISBN 5-85576-095-2.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра