Дахар (латинан маттахь vita) — биологин агӀора хьажча — шеца «чохь са долу хӀуманан башхаллаш» йолу материн жигара форма ю; организмехь хӀумаллийн хийцам а, цуьнан бекъабалар а чекхбоккхуш физически а, химин а процессийн цхьанакхетар ду. Дийначу материн коьрта атрибут ю — репликаци ярна лелош йолу генетикан информаци.

Репликацин ярна лелош йолу генетикан информаци — дийначу материн коьрта атрибут ю. Таханлерачу дийнахь «дахар» дешан тайп-тайпана маьӀна ло, цхьабакъду Ӏилманчаша къобал йо цуьнан билгалонаш: организаци хилар а (кепе балийна хӀоттам), метаболизм а (Ӏаламо ницкъ балар а, и ницкъ шен хӀоттам ларбарна а, чӀагӀбарна а лелабар) , дегӀдаккхар а, адаптаци а (организм гонахарчу хьелех йолийтар), дебар а (чохь са долу хӀуманаш дебаш ду).