Къудс гӀалахь йолу Ӏийса ден варан килс. Дуьненахь евзуш ю Делан Къуббасан килс санна. Кхечу матташкахь цӀерш Ӏаьр. كنيسة القيامة‎, эрм. Սուրբ Հարություն տաճար, желт. Ναὸς τῆς Ἀναστάσεως, лат. Sanctum Sepulchrum.

Сийлахь меттиг
Делан Къуббанан килс
(Iаьр. كنيسة القيامة‎, эрм. Սուրբ Հարություն տաճար, желт. Ναὸς τῆς Ἀναστάσεως, лат. Sanctum Sepulchrum)
31°46′42″ къ. ш. 35°13′47″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
ГӀала Къудс
Лаьтта меттиг Шира гIала
Дин Керста а, Ортодокс а, Католицизм а
Епархи Къудсан Ортодоксан Килс а, Къудсан Патриарх а
Архитектурин хатӀ Раннехристианская архитектура[d], романская архитектура[d], готическая архитектура[d]
Йиллинарг Сийлахь-воккха Константин I, Елена Равноапостольная[d]
Йиллина терахь XIV век
ГӀирс горная порода[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Къудсан Ширачу гӀалахь лаьтташ ю.

Делан йозанаш чохь дуьйцу, килс лаьтта меттиг Ӏийса жӀарах дӀатоьхна а, дӀавоьллина а, юха иза ден велла а меттиг хилар.

Зиярташ нисйе бӀаьра

  • Делан къубба. Деса кош (желт. Κουβούκλιον / Куву́клия — «дуьйшу чоь») чохь ду. Къудсан ортодоксан килсан а, Къудсан Латинан патриархатан а, Эрмалойн апосталан килсан а долахь ю.
  • Ширачу дийцарехь, Ӏийса жӀарах дӀатоьхна меттиг. Голгота цӀе йолу гу тӀехь ю, Ӏийса жӀарах дӀатохаран килса олу цунах.
  • Даьтта луш болу тӀулг. Килсан тӀейина гӀишло чохь бу иза. Къудсан ортодоксан килсан а, Къудсан Латинан патриархатан а, Эрмалойн апостолан килсан а долахь бу.
  • Къуббанан тӀера малико нацкъарбаькхна хилла тӀулган дакъа. Маликан килсан а, Деса Кош чохь а бу. И тӀулг желтойн ортодоксан престол бу.
  • Бакъ жӀара карийна меттиг. И меттиг билгаляьккхина жӀаран суртанца. ЖӀара кардаран килсан чохь ю. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
  • ТаӀзар деш хенахь Ӏийса дӀавихкина колоннан дакъа. Кхечу дийцарехь, цу меттехь Ӏийсан таIзар дина, цун коьртан тӀе кӀохцалш долу таж тиллина а, юха нах Ӏийсах бийлина меттиг.  КӀохцалан тажан килсехь ю и меттиг. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
  • Ӏийсан набахти. Хетарехь, циг чохь ша велле хилла Ӏийса. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
  • Бакъ-цӀена долу Делан ЖӀаран дакъалг а, сий долу нехан декъий а. Ортодоксан хазнан чохь ю.

Сарташ нисйе бӀаьра

  1. 1 2 archINFORM (нем.) — 1994.