Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам

Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам (ВТО; инг. World Trade Organization (WTO), фр. Organisation mondiale du commerce (OMC), испан. Organización Mundial del Comercio) — дуьненайукъара кхоллам, кхоьллина 1995 шеран 1 январехь дуьненайукъара йохк-эцаран либерализаци а, пачхьалкхийн-декъашхойн йохк-иэцаран-политикин йукъаметтигашна урхалла дар а Ӏалашо йолуш. ВТО кхоьллина 1947 шарахь бинчу Тарифех а, йохк-иэцарехь а болу инарлин бартан (ГАТТ) бух тӀехь.

Дерригдуьненан йохц-иэцаран кхоллам
инг. World Trade Organization
фр. Organisation Mondiale du Commerce
испан. Organización Mundial del Comercio
     ВТО пачхьалкхаш-декъашхой      Европин бартахула йукъайаьхкина ВТО пачхьалкхаш-декъашхой      ТӀехьовсурш      ВТО декъашхой боцурш
Дакъалла 164 (161 дуьненайукъаралло къобал йина пачхьалкх, Тайвань, Гонконг, Европин барт)[1]
Штаб-квартира Швейцарин байракх Женева, Centre William Rappard
Организацин тайпа дуьненайукъара кхоллам[d]
Официалан меттанаш ингалсан, французийн, испанийн
Куьйгалхой
Инарлин директор ди Азеведу Роберту Карвалью
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1995 шеран 1 январь
Белхалойн барам
Схьаевлла организацеш WTO General Council[d]
wto.org
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ВТО керла йохк-иэцаран барташ кечбарах а, йукъабахарах а жоп ло, ткъа иштта дукхах йолчу пачхьалкхаш куьйгаш а йаздина, церан парламенташ ратификаци а йина берриг барташ пачхьалкхаш декъашхоша лелабаран тергойо. ВТО хӀоттабо шен болх, 1986—1994 шерашкахь Уругвайн раундехь а, цул хьалхарчу ГАТТ барташца а тӀеэцначу документийн гуранчохь. Баланаш бийцарш а, либерализацин глобалан баланех, дуьненан йохк-иэцар кхин дӀа кхиарех тӀеэцна барт а дӀахьо дукхачу агӀонашца дечу йохк-иэцаран дийцаршца (раундаш). Таханлерачу дийнахь дӀайаьхьна иштта дийцарийн 8 раунд, царна йукъахь Уругвайнарг а, ткъа 2001 шарахь Катарера Дохахь йолийна 9 раунд. Кхоллам гӀерта Дохан раундан дийцарш чекхдаха, раундан къаьсттина йолийна кхуьуш йолчу пачхьалкхийн хьашташ кхочушдаран акцент йолуш. 2012 шеран декабрь баттахь хиллачу хьолаца Дохара дийцарийн тӀаьхье билгала йац: белхан программа лаьтта 21 декъах, ткъа дуьххьара хӀоттийна чекхъяккхаран хан 2005 шеран 1 январь йара, иза чекхйаьлла дукха хан йу[3]. Дийцарш долуш барт буьйхира маьрша йохк-иэцаре гӀертарний, дуккха пачхьалкхаш протекционизме гӀертарний йукъахь, гуттар чӀогӀа йуьртбахаман субсидийн планехь. Тахане кхаччалц и кхачам бацарш коьрта бу, новкъарло а йо муьлххачу прогрессан йуха Дохан раундан гуран чохь дийцарш дӀадоло. 2012 шеран июль беттан хьолаца, ВТО системехь йу тайп-тайпана дийцарийн тобанаш тӀехӀиттина йуьртбахаман хаттарш кхочушдаран планехь, цара дийцарш сацадо[4]. ВТО штаб-квартира лаьтта Женевехь, Швейцари. ВТО корта (инарлин директор) — ди Азеведу Роберту Карвалью, шен кхолламан штатехь 600 гергга стаг волуш[5].

2015 шеран 26 апрелехь ВТО[6] йукъахь йара 162 пачхьалкх.

ВТО низамо тарйолуьйту кхуьуш йолчу пачхьалкхашна цхьа могӀа льготаш. Тахана кхуьуш йолчу пачхьалкхийн ВТО декъашхойн алсамо лакхара тӀегӀанера таможни-тарифан лардар долуш йу базар кхиинчаьрца йуьстича, иза бахьнехь кхуьуш йолчу пачхьалкхашкара базаршка дика йуха дина сурсаташ кхачар дика дозщатоьхна ду[7].

ВТО низамо урхалла до деккъа йохк-иэцаран а, экономикин а гӀуллакхна. АЦШ а, цхьа могӀа европин пачхьалкхаш а белхан бехкамех (цуо таро лур йара тоам боцуш белхалой законашца ларбар, конкурентийн тоьлуш хилар санна лара) дискусси йоло гӀертар дӀатеттира кхуьуш йолу пачхьалкхаш реза ца хиларна, цара бахара, иштта белхаш аьтто бохор бу белхалойн, белхан меттигаш кӀезиг йеш, са охьайолуш, конкуренции йан йаларан тӀегӀа охьайолуш[7].

ВТО Ӏалашо а, принципаш а нисйе бӀаьра

ВТО Ӏалашо йац жамӀаш гайтар, ткъа йу дуьненайукъара йохк-иэцаран йукъара принципаш хӀиттор[8]. Декларацицав, ВТО болх, цул хьалха ГАТТ санна, тӀетевжа коьртачу принципашна, царна йукъахь ду:

  • Цхьатерра бакъонаш. ВТО берриг декъашхой декхарелахь бу массарна а бисинчу декъашхошна йохк-иэцарехь уггаре дика раж латто. Йохк-иэцарехь уггаре дика рожан принцип маьӀна, ВТО кхечу декъашхочун йелла преференцеш, автоматаца йаьржа бисинчу кхолламан декъашхошна а[8][9] .
  • Цхьанне хилар. Шина агӀора йохк-иэцаран бехкамаш дӀабахар шине а цхьатерра хила деза.[10].
  • Гуш хилар. ВТО декъашхоша шайн йохк-иэцаран низам дуьззина зорба тоха деза, меженаш хила йеза и хаамаш кхечу ВТО декъашхошна дӀахоуьйтуш[11].

ВТО декъа йахар а, декъахь хилар а нисйе бӀаьра

Советийн хилла пачхьалкхаш а, ВТО а нисйе бӀаьра

Росси ВТО дӀатохарех дийцарш нисйе бӀаьра

Росси дерригдуьненан йохц-иэцаран кхолламан йукъайахаран хьокъехь дийцарш дӀадаьхьира 18 шарахь (1993 - 2011 шерашкахь).

Дийцарийн жамӀашца кечдина Российн Федераци дерригдуьненан йохц-иэцаран кхолламан йукъатохарехь кхоьллина 2011 шеран 16 ноябран № WT/ACC/ RUS/70, WT/MIN(11)/2 йолу Белхан тобан Доклад[12].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра