Дида (футболист)

Не́лсон де Жезу́с Си́лва (порт. Nelson de Jesus Silva; 1973 7 октябрь, Ирара, Баия), дика вевза Ди́да (порт. Dida цӀарца) — бразилин футболист, кевнахо. ГӀоле вевза 2002/03 - 2009/10 шерашкара «Миланан» коьрта кевнахо санна. Оцу муьрехь шозза йаьккхина УЕФА Чемпионийн лига (2003, 2007), ткъа кхин а Италин чемпионат (2004), Дуьненан клубийн чемпионат (2007). 2002 шеран дуьненан чемпион къоман гулйина командин йукъахь, резерван кевнахо санна.

Футбол
Дида
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Нелсон де Жезус Силва
Вина терахь 1973 шеран 7 октябрь({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (50 шо)
Вина меттиг Ирара, Баия, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Италин байракх Итали
Локхалла 195 см
Позици кевнахо
Кегийрхойн клубаш
1991 Бразилин байракх АСА Арапирака
1992 Бразилин байракх Крузейро (Арапирака)
Клубан карьера[* 1]
1992—1993 Бразилин байракх Витория 24 (−27)
1994—1998 Бразилин байракх Крузейро 120 (−135)
1998—1999 Швейцарин байракх Лугано 0 (0)
1999—2000 Бразилин байракх Коринтианс 25 (−35)
2000—2010 Италин байракх Милан 206 (−163)
2012 Бразилин байракх Португеза Деспортос 32 (−31)
2013 Бразилин байракх Гремио 37 (−32)
2014—2016 Бразилин байракх Интернасьонал 43 (-28)
Клубан карьера (пляжан футбол)[* 1]
2012 Италин байракх Милан 3 (0)
Тренеран карьера
2016 Цийчоьнан байракх Шэньчжэнь
2018—2019 Мисаран байракх Пирамидз
2019—н.в. Италин байракх Милан (до 17)
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Атланта 1996 футбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Франци 1998
Деши Корей/Япон 2002
Конфедерацийн кедаш
Деши СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 1997
Дети Мексика 1999
Деши Германи 2005
Америкин кад
Дети Уругвай 1995
Деши Парагвай 1999
КОНКАКАФ Дешин кедаш
Дети АЦШ 1996
  1. 1 2 Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ловзархочун карьера нисйе бӀаьра

2000 шарахь «Коринтиансан» йукъахь йаьккхира Дуьненан клубан чемпионат. 2002 шарахь дуьненан чемпионатехь Японехь а, Корейхь а цхьан минотехь а ца левзира, амма дуьненан чемпион хилира. 2003/04 шарахь левзира 32 матчехь, битира шен меттиг дублёран чемпионийн дарж къовсаран коьрта матчал тӀаьхьа, оцу матчехь «Милана» иэшийра «Рома» 1:0 чоьтаца. 2006 шарахь хилла Бразилин гулйина командин коьрта кевнахо Германера дуьненан чемпионатехь. Бразили кхечира 1/4 финале.

2012 шеран майхь левзира пляжан футболан клубийн дуьненан чемпионатехь «Миланан» йукъахь, командо йаьккхира шен тобанехь тӀаьххьара меттиг[1]. 2012 шеран 24 майхь контракт дира шо чекхдаллалц бразилин «Португеза Деспортос» клубаца[2]. 2012 шеран 19 декабрехь дехьавелира «Гремио» йукъа маьрша агентан бакъонашца[3].

2013 шеран 27 декабрехь тӀаьхьарчу хенахь «Гремио» йукъахь левзинчу ветерано, шина шеран контракт йаздира Порту-Алегрера «Интернасьоналца». Оцу контракто ло сунна сайх шек ца хилар, ткъа иштта гойту сох «Интернасионалан» бӀоболар, — элира ша бразилин голкипера.

2016 шеран 1 январехь 42 шо долу бразилин кевнахочух Дидех маьрша агент хилира.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

2016 шеран июль—декабрь беттанашкахь вара коьрта тренеран Зеедорф Кларенсан гӀоьнча Шэньчжэнь йукъахь.

2018 шеран сентябрера 2019 шеран август кхаччалц кевнахойн тренер Пирамидз йукъахь.

2019 шеран августехь дуьйна кегийрхойн «Милан (17 кхачанза)» клубан кевнахойн тренер ву.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Ловзаран статистика нисйе бӀаьра

2010 шеран 16 май хьолан
Клуб Шо Чемпионат Кад Конт. Кхин ерш Ерриш
Ловзарш ЧГ Ловзарш ЧГ Ловзарш ЧГ Ловзарш ЧГ Ловзарш ЧГ
Витория 1992 - - - - - - - - - -
1993 24 27 - - - - - - 24 27
Крузейро 1993 23 33 - - 6 7 - - 29 40
1995 20 19 3 3 8 6 - - 31 28
1996 22 18 9 10 ? ? - - 31 28
1997 25 29 2 2 20 22 1 2 48 55
1998 30 36 5 3 14 15 - - 49 54
Лугано 1998-99 - - - - - - - - - -
Коринтианс 1999 25 35 - - - - - - 25 35
2000 - - - - 11 20 4 2 15 22
Милан 2000-01 1 2 - - 6 5 - - 7 7
Коринтианс 2001 8 10 - - - - - - 8 10
2002 - - 9 12 - - 18 18 27 30
Милан 2002-03 30 23 - - 14 7 - - 44 30
2003-04 32 20 2 2 10 7 1 1 45 30
2004-05 36 23 - - 13 9 1 0 50 32
2005-06 36 31 - - 12 10 - - 48 41
2006-07 25 19 3 5 13 9 - - 41 33
2007-08 13 11 - - 5 5 2 2 20 18
2008-09 10 7 1 2 8 9 - - 19 18
2009-10 23 27 - - 5 8 - - 28 35
Португеза Деспортос 2012 32 31 32 31
Гремио 2013 37 34 37 34
Интернасьонал 2014-2016 43 28 43 28
Йерриг Милан йукъахь 206 163 6 9 86 70 4 2 302 244
Йерриг карьерехь 383 370 34 39 145 140 27 24 589 573

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. «Милан» подтвердил участие Диды на клубном чемпионате мира по пляжному футболу Архивйина 2013-05-24 — Wayback Machine Новость на сайте «Советского спорта» от 8 мая 2012 года
  2. Portuguesa anuncia contratação do goleiro Dida (порт.). Site oficial da Associação Portuguesa de Desportos (24.05.2012). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 декабрехь. Теллина 2012 шеран 21 декабрехь.
  3. Grêmio TV: Goleiro Dida é apresentado como novo reforço do Grêmio (порт.). Site oficial do Grêmio Foot-Ball Porto Alegrense (19.12.2012). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 декабрехь. Теллина 2012 шеран 21 декабрехь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра