Дитт (лат. árbor) — цхьаъ бен доцу гӀад дика хаалуш а долуш, даллалц лаьтташ а долуш, коьрта семан тӀехь даьржина (пальма доцург) а долуш, дукха дехачу дечиган ораматийн дахаран кеп[1][2][3].

Диттанаш
Диттанаш
Секвойядендрон (Sequoiadendron giganteum) лакхадолу 60—80 м
Кокосан пальма Мартиникехь

Дуьнен тӀехь 2015 шарахь хадийначу мехаца 3 триллион дитт ду; Россехь — 640 млрд дитт (хьалхара меттиг дуьнен тӀехь), Канадехь а, Бразилехь а — 300 млрд.шинхьа а. ХӀора шарахь диттийн барам дуьнен тӀехь 15 млрд гергга охьаболуш бу, цуьнан бахьан хьаннаш хьакхар ду, кхин а климат хийцаялар а ду[4].

Классификаци нисйе бӀаьра

Дитташ гӀан кепашца декъало баганан а, гӀеннийн а.

Баганан тайпана дерш билгал ду онда, даиман сийна (наггахь аьхка сийна), мехах тера йа пиллакаш йолуш гӀашца, кӀохцалгаш олу царах, тӀелета бӀараш йа аьрсан цӀазамаш. Оцу тобана йукъадогӀу, масала, баганаш, базанаш, зоьзнаш, кипарисаш, секвойяш.

Шуьйра гӀаш долу диттийн ду шуьйра, чӀепа гӀаш — стоммал алссама кӀезга ду дохалелла а, шоралелла а, дукхахдерш шарахь цкъа охьаоьгу. Шуьйра гӀаш долу (я деккъа гӀаш долу) дитташна тӀе заз лета, стом лета. Оцу тобанера ду лиеганаш, попнаш, къаьхьштош, эвкалипташ, кхин а.

ГӀеннийн кепан классификации йоцуш, дитташ кхин а декъало гӀеннийн дахаран барамца — гӀаш оьгурш а, даиман сийнанаш а.

ГӀаш оьгу диттийн ду билггала хийцалун гӀеннийн духар: массо а диттан гӀеннийн дов сийна басар, охьаоьгу, цхьана хенахь (Ӏай) дитт лаьтта гӀаш доцуш, тӀехьа (бӀаьста) патарх керла гӀа долу.

Даиман сийна диттийн дац къаьсттина гӀан духар хийцар: гӀа шеран миччахенахь а диттан тӀехь ду, гӀа хийцар паргӀата рогӀехь хуьлу диттан дахар дӀадаллалц.

Диттийн биологин классификации йоцуш, уьш декъало кхечу хьесапашца а: масала, стоьмийн дитташ (церан стоьмаш адамо дуу), мехала дитташ (церан дечиг леладо промышленни Ӏалашонна), хӀурдкеман (хӀурдкеманаш деш леладо), тропикийн (церан ареал экваторан уллохь йу), къилбаседанан (церан ареал экваторан генахь йу) кхин дӀа а.

Баганийн дитташ нисйе бӀаьра

Баганийн нисйе бӀаьра

Бага (лат. Pínus) — тайпанан кеп баганийн дитташ базанан (Pinaceae) доьзалера ду. Таханлера терхьашца дуьненахь ду 120 гергга базанан кеп[5], уьш Ӏаламо дӀасадаржийна Килбаседан дуьненан эхигехь экваторера заполярье кхаччалц. Барамера а, субарктикан а климаташкахь акъарешкахь цара хьаннаш йо, ткъа субтропикашкахь, тропикашкахь, экваторан уллохь лаьмнашкахь кхуьу уьш. Леладо дечиган дуьхьа а, химин а, фармацин а промышленностехь. Баган стом латон кепаш, ло даа мегаш долу бӀараш, кедран бага аьлла цӀарца девза уьш. Амма дицдан ца деза, Кедр (Cedrus) — оццу доьзалера кхин тайпана диттех ду, ткъа баган хӀуш бӀараш дац ботаникан маьӀнехь.

Бага ду дукха чӀогӀа серло езачу дечиган тайпанех, амма наггахь кхоллало цӀена баган хьун. Оцунан бахьана ду, бага латтана экама цахилар, кхуьу кхин дитташ довлуш а доцучу муьлххачу латта тӀехь. Дитт даларан бахьана ду тӀехула йолу орамийн система, цунна дуткъа (1—2 см) кӀорга гӀамарш тӀехь долу латта а тоьу. Масала, Карелехь баганийн хила таро йу шуьйра ораман система (цхьадолчу къеначу диттийн орамаш ду 20 метр деха), амма латта 1 см бен стомма дац. Иштта кепара цӀена баганийн догӀаршан латта ду йекъа гӀамарш, царна тӀехь кхуьу баганан хьун. Оцу хьаннийн аматийн башхалла йу дитташ цхьана хенара хилар, иза иштта кхетадо, бахархой кӀезиг болчу меттигехь а, уьш экаме йу хьуьнан цӀеран, амма хӀу даьржий сихха хьалакхуьу цхьана хеннара дитташ.

База (лат. Pícea) — Баганан (Pinaceae) доьзалера дитт ду. 35 гергга тайпана даиман сийна лекха (30 м гергга) дитт ду хаза бохь а болуш. База ду коьртачех цхьа символ европийн Керлачу шеран а, Рождествон а.

Кедр (лат. Cedrus) — кӀеззиг бен доцу диттийн тобанера баган доьзалера (Pinaceae) дитт. Ӏаламехь тайпанан ареало дӀалоцу къилбан а, малхбален а Лаьттайуккъера хӀордан гуонахьара а, малхбузен Гималайшан а ламанан кӀошташ. ЦхьацӀадолчеран тайпанан векал хилла, даиман сийналаьтта, 40—50 метр лекха долу, баьржина бохь болу дитташ. Чкъор таьӀна-сира, къоначу гӀад тӀехь шера, къеначарна тӀехь этӀна, пелагаш долуш ду. КӀохцалгаш механ кепара, кхоъ йа биъ са болуш, онда, Ӏитталуш, таьӀна йа сина-баьццарера детин-сира хиллалц, масон а агӀора херонаш йолуш. Патаргаш деха а, доца а ду, тӀеххьарчара яхьа спиралах тера хоьттина кӀохцалг. ХӀу, силамца долун дера, ца дуу цоьсташйолунчара. Ораматашна ца оьшу лакхара охьатаӀийна, дика хи чекхдолу латта; чӀогӀа экама йу лаьттаца хи хоттарна (билгалъйаьлларг гималайн кедр (Cedrusdeodara)). Шен декораци бахьанехь а, кедро дегӀдаккхаран сихолла бахьанехь а кедраш мехала йу паркашкахь лело тобанашца а, ша а. башха мехала йу сийна а, детин басахь йолу кепаш.

Зез (лат. Lárix) — Баганан доьзалера диттан кепара орамат, баганийн тайпанах уггар а даьржина дитт ду. КӀохцалг цхьана шера, кӀеда ду. ЧӀапа, сирла-сийна, лаьтта ехачу зуьгалаш тӀехь спираль кепехь а, цхьацца а, ткъа йоцучу зуьгалаш тӀехь — курсашкахь, хӀоранна тӀехь 40 гергга. Аьтто болчу хьолехь 50 метр, кхин лекха а дахло гӀодан диаметр 1 м сов а йолуш. Деха 300—400 шарахь, билгал даьхна ду зезнаш 800 шо долуш.

Пи́хта (лат. Ábies) — Баганан (Pinaceae) доьзалера дерзана хӀу долчу ораматех дитт ду. Пирамидин кепара дитташ, хӀоз кепара ана лаьтташ геннаш а долуш. ГӀаш механ кепара (кӀохцалг), чӀапа, схьадолучохь гаттдина доца ду. Даьржина Къилбаседан эхигера барамечу шораллашкахь. Уггар а дукха кепаш йолу меттигаш: малхбузен Къилбаседа Америка (Тийна океанан бердан йист) а, Малхбузен Ази (алссама Япон) а. Пихтийн амалийн башхалла — безан бӀараш хилар, кхечу баганийн дитташка хьаьжчи лахара хьала довлу уьш.

Тсу́га (лат. Tsúga) — Баганан (Pinaceae) доьзалера даиман а сийна дитт ду. Даиман а сийна диттанех йуккъера йа баккхий барамера дитташ ду 20—65 метр лекха а долуш. Кондарш конус кепара йа симметри йоцучу хӀоьан кепара (азин цхьайолу кепаш) йу, коьртан зуьгалаш охьаоьгу, охкало. Чкъор сира йа мокха, пелагаш долуш, дукха хьолахь харош долуш. Геннаш анна ду, дукхаха чӀапделла а, охьаситтина а. Доца зуьгалаш барамехь кхиина ду; къона геннаш а, гӀодан йисттера дакъа а ситтина, охкаделла ду, шагдо мӀарах терачу голанаша гӀа охьадоьжначул тӀехьа. Даьржина Азин (Гималайш, Ций, Япон) а, Къилбаседа Америкин а барамера шораллехь. Даймохк лору Япон. Россе а, луларчу пачхьалкхашка а чуеана масех кеп, царна йукъахь Канадин тсуга (Tsugacanadensis) а, тайп-тайпана гӀаш долу тсуга (Tsugadiversifolia) а.

Кипарисийн нисйе бӀаьра

Кипари́сийн (лат. Cupressáceae) кепарниш — нийса кхуьу йа текхаш йолу геннийн коллаш йа дечиг кепарчу ораматийн доьзалера Баганийн низамера дитташ. Ораматийн гӀаш жӀар кепара дуьхь-дуьхьара дирзина лаьтта йа кхоъ, диъ цхьаьна лаьтта. Къона гӀаш механ кепара (охьаоьгуш) ду. Заз цхьа-ши цӀа долуш.

Кипари́с (лат. Cupréssus) — Кипарисийн доьзалера пирамида кепара йа йаьржина кондарш йолу, даиман сийна лаьттачу диттех а, коллех а орамат ду. ГӀаш кегийра, къоначу ораматийн механ кепара, ткъа къеначеран — пелакан тайпа, геннашна тӀетаӀийна, гераг йуьллучу кепара беа могӀанехь ду. ГӀан тӀехьара агӀон тӀехь дукха хьолахь кхиана, наггахь дика гуш даьттан екхоъ йу. Кипарисаш кхуьу Къилбаседа эхиган субтропикан а, тропикан а климатехь, йаьржина Лаьттайуккъера хӀордан йистехь, Ӏаьржачу хӀордан Кавказан бердан йистехь, ГӀирмехь, Сахьарехь, Гималайшкахь, Цийн къилбехь, Америкехь Гватемалера Орегоне кхаччалц. ХӀинца деха кипарисан тайпанаш — дукха шира ду; мацахлера а, церан дика лаьттина бухадиснарш а хаало кхоалгӀачу формацехь. Кипарисаш кхиадо бошмашкахь декорацийн ораматаш санна йа кертан метана гуо беш. Дукха хьолахь декорацин керт еш леладо даиман сийна лаьтта кипарис (Cupressussempervirens L.). Доккха хӀудолу кипарисан (Cupressusmacrocarpa) жима барамо таро ло чохь лелон орамат санна иза лелон.

Ту́я (лат. Thúja), туйя — Кипарисан (Cupressaceae) доьзалера дерзана хӀу долчу тайпана баганан орамат. Даиман сийна лаьтта дитташ йа коллаш, наггахь чӀогӀа даккхийра 60 метр лекха, 2,5 метр гӀодан диаметр йолуш хуьлу. Къоначу ораматийн гӀаш кӀеда механ кепара, къеначеран — пелакийн кепара, дуьхь-дуьхьал дирзина. Туя экаме дац долучу меттигна, дика лов промышленни гӀаланийн кӀура. ДӀадуьй хӀаваъ тодархьама а, хозаллин а. Дукха хьолахь, культиваци йо диллинчу латта тӀехь. Алсама даьржина Thujaoccidentalis, Thujaplicata а, церан дуккха бешийн кепаш а.

ЖӀолам (лат. Juníperus) — даиман сийна лаьтта тайпана баганан коллаш а, Кипарисийн (Cupressaceae) доьзалера дитт. Йаккхийчу дитткепарчу жӀоламийн тайп-тайпанчу кепийн тюркийн Ӏилманан литературера цӀе арча́ йу.

Секво́йя (лат. Sequoia) — монотайпана дечиган Кипарисийн (Cupressaceae) доьзалера орамат. Тайпанан Ӏаламан ареал — Къилбаседа Америкин Тийна океанан бердан йист. Секвойин цхьайолу экземпляраш 110 метр лакха йовлу — иза уггар лекхачех цхьа дитт ду Дуьненан тӀехь. Максимум хан — кхоъ ах эзар шо сов. Секвойа (Гесс Джордж) тайпана цӀе йелла чероки меттан дешдакъойн абат кхоьллинчу (1826), оцу маттахь газет а кхоьллинчу чероки тайпанан баьччан (Sequoyah, 1770—1843) сий деш цуьнан цӀарах.

Стоьмийн дитташ нисйе бӀаьра

Ровзанан доьзал нисйе бӀаьра

Ӏаж (лат. Málus) — Ровзанан доьзалера гоьрга мерза йа муьсто-мерза стоьмаш лета, 36 кепара (1976) гӀаш оьгу диттийн а, коллийн а тайпа. Дуккха а тайпана Ӏаж кхиабо декорацин ораматаш санна бошмашкахь, лелабо аренаш Ӏалашъеш хьуьнан асанашкахь а. Дукхах дерг иза дитт ду 2,5 — 15 метр лекха, йаьржина кондарш йолуш. Геннаш доца (стом леташ) ду, царна тӀе йовла зазан чӀенгаш, деханаш (кхиаран) а ду. Акхачеран кепийн геннаш тӀехь кӀохцалш хуьлу. ГӀаш дечиган тӀехь дерзина йа до диллина кхуьу, охьаоьгучу йа дуьсучу гӀалетачун тӀехь. Зазанаш кӀайн, бесо-цӀен йа цӀен хуьлу, гулдина ахчетар санна йа турс санна. Дукха баьржина бу цӀеран Ӏаж, йа культурин (Malusdomestica) Ӏаж, цунах ду дуьненахь кхиош долу дукха тайпана дерш: хьечан гӀа долу Ӏаж, цийн Ӏаж (Malusprunifolia), лоха Ӏаж (Maluspumila). Европин декъера а, Кавказера а хьаннашкахь акха кхуьу хьуьнан Ӏаж, акха Ӏаж (malussylvestris); Жима Азехь, Иранехь, ГӀирмехь, Кавказехь — малхбален Ӏаж, кавказан Ӏаж (malusorientalis); Цийхь, Монголехь, ХӀурдйистера махкахь, Малхбален Сибрехахь — сибрехан Ӏаж, цӀазаман Ӏаж (malusbaccata); Тянь-Шанан хьаннашкахь — Недзвецкин Ӏаж (malus niedzwetzryana); Къилбаседа Америкехь (Миссисипин тогӀенашкахь) — Сулярдан Ӏаж (malussoulardi). Массо а — дика моз долурш ду. Ӏежан дечиг чорда, онда, атта хадало, дика шарло; мега цӀохараллин а, дечиган а пхьолийна.

Кхор йа Хьормат (лат. Pýrus) — Ровзанан (Rosaceae) доьзалера стоьмийн а, декорацин а диттийн а, коллийн а тайпа. ПаргӀат кхуьуш долчу диттан кондаран кеп — пирамидан кепара йа гоьрга, йуькъа хила таро йу. Шарахь 30—40 см лакха долу. Дикачу хьолехь кхор 5—25 метр лакха долу, кондаран диаметр 5 метре кхочу. ГӀаш, дукха хьолахь, охьаоьгуш ду. ГӀаш лаьтта спираль кепара 5 могӀанехь. ГӀа шуьйра хӀоьан кепара, 2,5—10 см деха, доцца ирадина; бос — таьӀана-баьццара, къегна, гӀан лахара агӀо сино-баьццара, гурахь деши-цӀехо-можа. Стом, дукха хьолахь, — озийна лахара дакъа шорлуш бу, гоьрга стоьмаш долуш тайпана а йу. Европехь акха кхор баьржина 60° къс. ш. кхаччалц, ареалан къилбаседа дозанехь — кӀезга бу. Ойланаш йу, культурин тайпана кхораш схьадовлар доьзна ду цхьа могӀа кепийн гибридизацица, мадарра аьлча, Pyrus achras Gärtn., Pyrus persica Pers., Pyrus cordata Desv., Pyruselaeagnifolia Pall.. Кхораш лелийна ширачу Персехь, Желтойчохь, Риман имперехь. 2006 шарахь, аьттонца йинчу селекцица йукъадаьккхина шелонах ца кхоьру тайпа, кхор эвсара кхиош бу бошмийн дакъошкахь, Уралехь, Малхбузен Сибрехахь 55° къс. ш. ХӀинца бевзаш бу эзар тайпана кхор.

Хьа́йба (лат. Cydonia) — Ровзанан (Rosaceae) доьзалера дечиган ораматийн монотайпанан кеп. Ӏаламехь ареало чулоцу Кавказ, Чоьхьара Кавказ, Йуккъера Ази. Долу хьуьнан йистехь, ламанан басешкахь лахарчу асанехь хӀурдан барамал 1400 м кхаччалц. Дика кхуьу кӀорга семса, ялта хьоькъучу тӀуьнчу латан тӀехь. Хаало гӀамарийн, аллювиалан, цӀе, Ӏаьржа латтанаш тӀехь, ткъа иштта ишалаш долчу тӀуьначу меттигехь а. Шуьйра даьржина дӀатарделла шайолчу Йуккъера хӀордан йистехь, Азин барамера кӀошташкахь, Европин къилбан а, йуккъера а кӀошташкахь. Культиваци йо Европин дукхаха йолчу кӀошташкахь (Шотланде кхаччалц а, Норвегин, 63°50’ къс. ш. кхаччалц а), Къилбаседа, Къилба Африкехь, Къилбаседа, Къилба Америкехь, Австралехь, Океанехь. Иза гӀа дужу дитт йа колла йу, 1,5 до 4—5 метр лекха а, раз ирх оьху геннаш а долуш. Чкъор дуткъа, пелакаш йолуш, туьлуш, гӀад тӀиера къеначу геннийн таьӀана-сира, цӀегӀо-бора йа Ӏаьржо-мокха, шера; къонанаш — бора-сира, чо болу истанг кепара; маргӀалш сира-баьццара, буькъа истанган кепара чо болуш. ГӀаш моггӀара ду, хӀоакепара йа овалкепара, иракепара, наггахь гоьрга йа гӀеххьа дагах тера бух болуш, лакхара таьӀна-баьццара, лахара сиро, 5—12 см деха, 7,5 см шуьйра, 2 см гӀаж йолуш. Зазанаш нийса ду, дукхах дерш цхьалха, доцачу зазан когаш тӀехь. Заза бесар-ровзанан, кӀайн йа ровзанан басахь, доккха, диаметрехь 4,5—5 см. Стом — харц Ӏаж, чо болуш, гоьга йа кхоркепара, дукха хьолахь аьрта сенаш болуш, лимонан йа таьӀна-можа бос болуш, йуьхьанца чо болуш, кхиъча шера болуш.

Хьечан тайпа нисйе бӀаьра

Хьач (лат. Prúnus) — стоьмийн тайпа лаганийн орамат, шена йукъайогӀу кепаш ЦӀера хьач, Балл, ГӀаммагӀа, Туьрк, Миндаль, кхин дӀа а. Дукха хьолахь Ровзанан (лат. Rosaceae) доьзалера Хьечийн (лат. Prunoideae) йа Миндалан (лат. Amygdaloideae) доьзал бухарчу кепашна йукъатуху. Бевза масех бӀаь кепара хьач, баьржина болу, коьрта Ӏалашонехь, дуьненан къилбаседан барамерчу областашкахь.

Ха́ьрса хьач (лат. Prúnuscerasiféra) — стоьмийн дечиган орамат. Ровзанан доьзалера Хьечан доьзал бухарчу кепан Хьач тайпа. ЦӀера хьечах схьайаьлла цхьа кеп йу иза.

Балл (лат. Prúnussubgen. Cerásus) — Ровзанан доьзалера Хьач (Prunus) тайпана Cerasus тайпана бухара орамат. Cerasus тайпана бухара ораматаш къаьста кхечу Prunus (Armeniaca — туьрк, Prunus — хьач, Padus — ярезаз) тайпана бухарчех хӀокху билгалонашца: стом (лаг долуш) шера, тӀеданаш доцуш; гӀаш чӀенганехь а долуш дохалла лаьтта; заза хуьлу четаран кепехь, наггахь шишша цхьаьна долуш; кхуьу гӀашца цхьана йа царал а хьалха. Стоьмаш муьста-мерза чомехь хуьлу.

Мерза балл (лат. Prunusavium) — Ровзанан (Rosaceae) доьзалера дечиган орамат (10 метр гергга лекха, наггахь кхин дуккха а лекха — хааделла 30 метр лекха дитташ а[6]), акха кхуьу хьаннашкахь Украинехь, къилбан Россехь, ГӀирмехь, Кавказехь, Европин кхечу регионашкахь, Къилбаседа Африкехь, Малхбузен Азехь, иштта шуьйра йаьржина культурехь. Мерза балл — уггар а шира баллин кеп йу. Стом бала болабо июнь чекхболуш, цул хьалха стом ло тӀехьаьжчи тера стом латош долу Къилбан Балл олу дитто. Схьахетарехь, иза йевзаш хила 8 000 шо вайн эрал хьалха Анатолехь а, Европехь а — хӀинцалерчу Данин а, Швейцарин а лаьттанаш (бӀогӀаман гӀишлойн бахархошна) тӀехь[7].

Туьрк (лат. Prúnusarmeniáca) — йуккъерачу барамера гоьрга кондар йолу гӀа дужу дитт. Ровзанан (Rosaceae) доьзалера Хьечан тайпана дитт а, стом а. Туьрках кхин цӀе гӀайси а олу. Туьркийн дитт дукха хенахь дуьйна кхиош ду йовхачу бараман климатера пачхьалкхашкахь. Россехь шуьйра леладо Кавказехь а, европин декъера къилбан кӀошташкахь. Даурин лаьмнашкахь акха кхуьуш йолу Сибрехан туьрк (Prunussibirica L.), — кхин Хьечийн тайпанан кеп йу. Туьркийн дитт кхуь дукха хенахь, йовхачу климатехь 100 шо кхаччалц. Зазан чӀенгаш гӀорайо −16 — −21 °С шелонехь. Дукхаха долу туьркийн дитташ шелонах ца кхоьру, −25 °С шело лов, ткъа кхин а чӀогӀанаш −30 °С лов. Дитташ йокъаллех а ца кхоьру (орамаш кӀорге кхачарна), уьш кхио мега йовхачу регионашкахь минимум йочанаш йолчу. ГӀаш гоьрго, хӀоан кепара, дуьххьехь озийна, кегийра цергаш йолуш йа шалха цергаш йолуш. КӀайн йа сирла цӀе заза деллало гӀа далале. Стом — можо-цӀе («туьркийн») басахь цхьаъ лаг долуш, гоьрга а, эллипс кепара а бу. Лаг стомма а, шера а ду.

ГӀаммагӀа , Шаптал (лат. Prunuspersica — Миндаль тайпана бухара Ровзанан (Rosaceae) доьзалера орамат. ЧӀогӀа уллора ду миндалан диттана, стоьмашца бен ца къаьста вовшех. Ланцет кепара цергийн йист йолуш гӀаш ду диттан. Зазанаш охьахевшина ду, сирла-цӀе, гӀаш довлале гучудолу. Стом гоьрга, бархатан, цхьана агӀора харш долуш бу. Лаг хебна-харш долуш тӀадамийн кӀаьгнаш долуш ду.

Минда́ль (лат. Prunusdulcis, хьалха — лат. Prunusamygdalus йа лат. Amygdaluscommunis) — Ровзанан (Rosaceae) доьзалера Хьач тайпана Миндаль тайпана бухара (Amygdalus) колла йа жима дитт (4—6 м лекха). Миндаль дукха хьолахь бӀарашна йукъатуху, лаг долу стом болушехь. Барамца а, кепаца а миндаль тера йу туьркан лагах. Миндаль кхуьу тӀулгийн а, тӀон а басахь хӀурдан барамал 800 — 1 600 метр лакхахь (бухарин миндаль хьалакхочу 2 500 метре), гӀоле хета кальци алсама долу латт. Геннаш чӀогӀа даьржина ду. Патаргаш шина кепара йу: вегетацин еханаш а, генерацин йоцанаш а. ГӀаш ланцет кепара ду. Зазанаш цхьалха, диаметрехь 2,5 см, кӀайн йа сирла-цӀен жазаш долуш. Стом — бекъа, бархатан чо болуш, овал кепара цхьа лаг долуш, стом бекъа кхиъча атта дӀакъаьста лагнех. Кхуьу кегийра тобанашкахь 3—4 цхьаьна, вовшен 5—7 метр гена. ЧӀогӀа серло дукха еза, дика йокъалла лов, орамийн система дика йаржарна а, кхоош транспираци йарна а.

Саллар-дитт нисйе бӀаьра

Саллар-дитт, йа комарийн дитт (лат. Morus) — комарийчеран доьзалера тайпана орамат, оцу йукъахь ду 10—16 кепара гӀа дужу дитташ, даьржина Азин, Африкин, Къилба Америкин йовхачу бараман а, субтропикан а асанашкахь. Къоначу хенахь дитт чехка кхуьу, амма тӀехь-тӀехьа кхиар лагӀло, наггахь бен 10—15 метрал лакха ца долу. ГӀаш моггӀара, гӀоргӀа, дукхаха пелака кепара, къоначу патаргаш тӀехь муххале а, йистехь цергаш йолуш. Стом — чолхе, лаьтта тӀехула дилх долучу легнех, 2—3 см беха, цӀечун тӀиера тьа1на цӀехо-сийна йа кӀайн басахь, бууш бу — цхьацца кепарнаш мерза а, хаза хьожа йолуш а. Саллар-дитт деха 200 шарахь, наггахь 300—500 шарахь а.

Серебряковн классификаци нисйе бӀаьра


ХӀоттам нисйе бӀаьра

Диттан тӀехь билгалдоккху кхоъ коьрта дакъа: орам а, гӀад а, кондар а.

Диттан орам — иза, дукха хьолахь, ораматан лаьттан бухара дакъа ду. Коьрта функци — дитт ирх латтадар, латтан бухара аьхна даар схьаозар а, иза гӀоде дӀадалар а. Орамаш деха хуьлу: уьш дагӀало 30 метр кӀорге а, 100 метр агӀонашка а. Цхьадолчу диттийн хӀаваэхь орамаш ду, уьш латтан тӀехула хуьлу, ткъа церан функци гӀашшан функцех тера йу.

Диттан гӀадо кондаран гӀортолан функци кхочуш йо, ткъа кхин а орамашний, кондарний йукъара аьхна даар дӀасхьало. Ӏаьнан заманахь тӀуналлин а, аьхна дааран а пхьегӀан роль кхочуш йо цуо. Дечиган гӀад лаьтта дагах, дечигах, иза чухула тӀекхуьу камбий тӀиера, цуо кхуллу шеран хӀоьзнаш — дитт хадийча йукъахь гуш долу таьӀна а, сирла а дакъош. Барамера зонашкарчу хьаннашкахь хӀора шарахь цхьацца шеран хӀоз тӀекхета, ткъа церан стоммала — диттан хӀора шеран дахаре хьаьжжина тӀекхета. Екъачу кӀошташкахь диттийн харц хӀоьзнаш хила тарло йочанаш йаьхкича. Арахьара гӀад къовлу чкъоьро. Шен дахарехь диттан, дукха хьолахь, цхьа гӀад хуьлу. Коьрта гӀад лазийча (хадийча) цхьадолчу диттийн йийшинчу чӀенгех йишийн гӀад дала таро йу. Бух тӀиера хьалхарчу геннаш тӀе кхаччалц долу гӀадан декъах штамб олу<refname="Фёдоров" />.

Диттан кондар — ораматан лакхарчу декъера геннаш а, гӀаш а ду, йолало гӀадан хьалхарчу га тӀиера диттан йа коллин бохь тӀекхаччалц, шен ша долчу геннашца а, гӀашца а. Кондарш къастайо кепаца — нийса кепарна тӀиера даьрдинчу кепе кхаччалц, дуькъаллица — дуькъачун тӀиера лилхачун тӀекхаччалц. Серлоно гӀаш чохь фотосинтез бахьанехь, оьшучу хӀуманийн синтез хуьлу.

Диттийн рекордаш нисйе бӀаьра

  • Уггар лекха ду секвойя тайпана дитташ, Редвуд цӀе йолчу къоман паркехь церан локхалла 115,55 метр йу.[8]
  • Дуьненахь уггар стомма дитт ду — баобаб, диаметрехь 15,9 м.
  • Дуьненахь уггар къена ларадо малхбузен Швецин лаьмнашкара базан дитт, иза хила тарло шенан муьрера. Цуьнан хан йу 9550 шо гергга[9][10].

Дитт дахарехь а, оьздангаллехь а нисйе бӀаьра

 
Нойкоман Виварехь Ӏаламехь санна мур дулуш долу дела дитт (OlympicSculpturePark, Сиэтл)

Шуьйра даржар а, пхьолан атта хилар бахьанехь, дуьненан дукхачу оьздангаллашкахь гӀишлошйарехь, бахаман гӀирс барехь (мебель, пхьегӀаш, кхин дӀа а) хӀусам кечйарехь шуьйра леладо дечиг.
Дитт, тӀулг санна, Ӏаламан гӀирс бу, шен тӀехь дехкина суьрташ Ӏалашдинчарех, цуо гӀолаьцна дукха меттанашкахь йоза даржарехь. Дечиг догуш хиларо гӀолаьцна цӀе карайерзорехь, цуо цӀеххьана шорйина адаман ареал къилбаседехьа, карайерзина керла тайпана хӀусамаш: хьехарш, цӀенош, иглу кхин дӀа а. Даьгначул тӀехьа буьсуш болу кӀора лелош хилла дуьххьарлера тархаш тӀера суьрташ дохкуш. Хинал а дечиган чордо кӀезга хиларо даржийна хикеманаш лелар: бурам тӀиера каравеллашка кхаччалц — дукха шерашкахь хикеманаш дечигах дора. Цхьадолчу диттийн заза даларан башхаллаш йукъара хилла дуьненан дукхачу къаьмнийн, иштта, Японехь сакуран заза илланчаша дийцина, иза леладо медитацехь а, садаӀарехь а. Малхбалехь даьржина гӀаммагӀан зазан васт, Россехь иллешкахь бийцина Ӏежан бос.

Металлашца цхьаьна музыкин пондарш баран гӀирс бу. Дуьнен тӀехь уггар хьалхара дечиган музыкин пондар австралийн диджериду хилар лору, хӀунда аьлчи, иза бан цхьа а къинхьегам ца оьшу — термиташ, эвкалиптан тӀуьна дечиг йуккъера дӀа а йууьй, Ӏаламо ша зурма кхуллура, йохалла хьайна маеззара нисйора.

Галерей нисйе бӀаьра

Хьовса иштта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Серебряков, 1964, с. 158—162.
  2. Серебрякова, 1974, с. 87—98.
  3. Фёдоров Ал. А., Кирпичников М. Э., Артюшенко З. Т. Особенности ветвления, относящиеся к деревьям и кустарникам // Атлас по описательной морфологии высших растений: Стебель и корень / Под общ. ред. П. А. Баранова. — М.—Л.: Изд-во АН СССР, 1962. — С. 30—35. — 352 с. — 3000 экз.
  4. Экологи: Россия оказалась на первом месте по числу деревьев на Земле. РИА Новости (2 сентябрехь 2015). ТӀекхочу дата: 11 сентябрехь 2015. Архивировано 11 сентябрехь 2015 года.
  5. ThePlantList: Pinus
  6. AgroAtlas — Дикие родичи культурных растений — Cerasusavium (L.) Moench — Вишня птичья, черешня.
  7. Плоды земли = Früchte der Erde / Пер. с нем. и предисл. А. Н. Сладкова. — Мир, М,. — 270 с.
  8. Кеп:Citeweb
  9. "World's OldestLivingTree -- 9550 YearsOld -- DiscoveredInSweden"(ингалс.). ScienceDaily. 16 апреля 2008. Дата обращения: 2010 ш. 09 апрелехь.
  10. Кеп:Citenews

Литература нисйе бӀаьра

  • Серебряков И. Г. Жизненные формы деревьев // Экологическая морфология растений: Жизненные формы покрытосеменных и хвойных. — М.: Высшая школа, 1962. — С. 120—242. — 378 с. — 3500 экз.
  • Серебряков И. Г. Деревья // Полевая геоботаника: В 5-ти томах / Под общ. ред. Е. М. Лавренко, А. А. Корчагина. — М.—Л.: Наука, 1964. — Т. III. — С. 158—162. — 530 с. — 2400 экз.
  • Серебрякова Т. И. Жизненные формы растений // Жизнь растений: В 6-ти томах / Гл. ред. Ал. А. Фёдоров. — М.: Просвещение, 1974. — Т. 1. Введение. Бактерии и актиномицеты / Под ред. Н. А. Красильникова, А. А. Уранова. — С. 87—98. — 487 с. — 300 000 экз.
  • Деревья и кустарники СССР. Т.1-6. М., 1949—1962
  • RehderА. Manual of cultivated Trees and Shrubs. N.-Y., 1949
  • Index KewensisPlantarumPhanerogamarum, Oxford University Press, 1997
При написании этой статьи использовался материал из Энциклопедического словаря Брокгауза и Ефрона (1890—1907).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра