Дудкин Олег Борисович (1931—2013) — Ӏилманча-геолог, геохимик, А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀатан лауреат (1983).

Дудкин Олег Борисович
Вина терахь 1931 шеран 14 октябрь({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 2013 шеран 8 июль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (81 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче геологи
Белхан меттиг РӀА КӀЦ Геологин институт
Ӏилманан дарж геологин-минералогин Ӏилманийн доктор (1979)
Альма-матер Уралан пачхьалкхан университетан
СовгӀаташ


Халкъийн доттагӀаллин орден — 1980 Сийлаллин орден — 2002 ССРС Министрийн Советан совгӀат — 1981
А. Е. Ферсманан цӀарах совгӀат (1983)

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1931 шеран 14 октябрехь.

1954 шарахь — чекхйаьккхина Уралан пачхьалкхан университетан геологин факультет, цул тӀаьхьа дерриг дахарехь а болх бина РӀА КӀЦ Геологин институтехь.

1963 шарахь — чекхдаьккхина кандидатан диссертаци, тема: «Хибинийн маьӀдадаларан меттиган нилха латтанаш а, апатитан стронций а».

1979 шарахь — чекхдаьккхина докторан диссертаци, тема: «Щелочийн массивийн апатит а, апатиташ довлар а».

1982 шарахь дуьйна — щелочийн массивийн металлогенин лабораторин куьйгалхо, 2002 шарахь дуьйна — коьрта Ӏилманан белхало.

Велла 2013 шеран 8 июлехь.

Ӏилманан гӀуллакх нисйе бӀаьра

Ша Ӏилмехь къахьегар хьажийна Колан регионан геологи а, минералоги а Ӏаморе. Теллина Хибинийн апатитийн маьӀда долу меттигийн минералоги, геохими, щелочан породашкахь а, карбонатиташкахь а фосфоран маьӀда долу меттигаш кхоллайаларан процессаш.

Болх бина маьӀда далларан анализ йеш Сыннырски калийн щелочан массиван (Къилбаседа Байкалйист), теллина Хибинийн карбонатиташ, дуьстина карбонатитан массиваш Сокли (Финлянди), Ковдорски, Вуориярви, Ӏоман Вараки (Колан регион), боккха болх бина Балтикан турсан малхбален декъан щелочан массивех а, карбонатитех а болу хаамийн жамӀ деш.

Башха терго йина, щелочийн плутонаш когахӀуттуш маьӀдан а, маьӀдан доцу а аьргалла кхоллайаларан хьолан анализан, технологин минералогин йукъара методологин теоретикан бухан принципашна,щелочан массивийн маьӀда долу меттигийн масалашца.

ТӀаьхьарчу шерашкахь болх бира йукъарчу металлогенийн анализ тӀехь Колан щелочан провинцехь, эндогенийн фосфоран маьӀда долу меттигийн геохимин тӀехь, минералан аьргалла тоеш йисина нехаш кхерам боцуш Ӏалашйар а, лелор а, экологин кхерамазаллин анализ йина апатитийн маьӀда тодича йуьсу, ларме йохку нехаш Ӏалашйаран, мах хадийна цара экосистеман бан тарло Ӏаткъаман.

120 сов Ӏилманан белхан автор ву, МПТУ профессор ву.

Зорбатоьхна белхаш нисйе бӀаьра

  • Геохимия и закономерности концентрации фосфора в щелочных массивах Кольского полуострова. — Л., 1977
  • Карбонатиты Хибин. — Апатиты, 1984
  • Технологическая минералогия комплексного сырья. — Апатиты, 1996
  • Кольский регион как эталон металлогении щелочного магматизма. — Апатиты, 2002
  • Гигантские концентрации фосфора в Хибинах. — М., 1993.

Литература нисйе бӀаьра

  • Учёные Кольского научного центра, (1930—2005). — Апатиты, 2006.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра