Ельцин, Борис Николаевич

Е́льцин Бори́с Никола́евич (1931 шеран 1 февралехь(19310201), ССРС, РСФСР, Уралан область, Буткин кӀошт, Бутка эвлахь — 2007 шеран 23 апрелехь, Российн Москохахь) — советийн а, российн а партин, пачхьалкхан, политикин гӀуллакххо. Российн хьалхара президент (1991—1999)[lower-alpha 2]; 1991 шеран ноябрехь — 1992 шеран июнехь цхьаьна хенахь коьртехь хилира «хийцамхойн правительствон»[1][2]. 1992 шеран мартера май кхаччалц Российн Федерацин Дуьхьалонан министран декхарш кхочуш дира.

Ельцин Борис Николаевич
оьрс. Бори́с Никола́евич Е́льцин
Ельцин Борис Николаевич
РСФСР/Российн Федерацин Президент
 — 1999 шеран 31 декабрь
Хьалха хилларг дарж коьллина;
иза ша РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель
Когаметтаниг Черномырдин Виктор (операции йечу хенахь хенан декхарш кхочушдийриг, 1996 ш. 5—6 ноябрь)
Путин Владимир
Российн Федерацин правительствон куьйгалхо Российн Федерацин президент а волуш
 — 1992 шеран 15 июнь
Хьалха хилларг Силаев Иван
Когаметтаниг Гайдар Егор (д.кх.)
Черномырдин Виктор
ЛПД пачхьалкхийн куьйгалхойн кхеташонан председатель
 — 1999 шеран 31 декабрь
Хьалха хилларг дарж дӀадаьккхина
Когаметтаниг Путин Владимир
Российн Федерацин Дуьхьалонан министран
декхарш кхочушдийриг
 — 1992 шеран 18 май
Хьалха хилларг Кобец Константин
Когаметтаниг Грачёв Павел
РСФСР Лакхарчу Кхеташонан председатель[lower-alpha 1]
 — 1991 шеран 10 июль
Хьалха хилларг Грибачёв Николай
Когаметтаниг Хасбулатов Руслан
ССКП ЦК секретарь
 — 1986 шеран 18 февраль
ССКП Москохан гӀалин комитетан Хьалхара секретарь
 — 1987 шеран 11 ноябрь
Хьалха хилларг Гришин Виктор
Когаметтаниг Зайков Лев
ССКП Свердловскан обкоман хьалхара секретарь
 — 1985 шеран 18 апрель
Хьалха хилларг Рябов Яков
Когаметтаниг Петров Юрий
Дин Керста динан килс, керста
Вина терахь 1931 шеран 1 февраль({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Уралан область, Буткин кӀошт, Бутка,
Кхелхина терахь 2007 шеран 23 апрель({{padleft:2007|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
ДӀавоьллина Новодевичьи кешнаш
Да Ельцин Николай Игнатьевич
Нана Старыгина Клавдия Васильевна
Зуда Ельцина (Гирина) Наина Иосифовна (л. 1956)
Бераш
Парти ССКП (1961—1990)
партехь вац (1990—2007)
Дешар Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт
Динлелор православи
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Ленинан Орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Орден «Сийлаллин Билгало»
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»
Кхаа Седан орденан Йоккха жӀар
Сийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалер Италин Респуликан гӀуллакхаш дарна орденан асанца йолу йоккха жӀаран кавалер Дикачу Сатийсаман орденан башха класс (КъАР)
Витисан ЖӀаран орденан Йоккхачу жӀаран кавалер
Къудс-ГӀаларчу Ӏийсан Сийлахь Кошан орденан зӀен кавалер
Дешин Олимпийн орден
Свердловскан областан сийлахь гражданин Дмитрий Донскойн 1 тӀегӀанан орден
Пачхьалкх  ССРС Росси
ЦӀе Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча[d]
Буьйр дар Российн Федерацин ТӀеман Ницкъаш[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ССРС Лакхара Советан Союзан Кхеташонан 10-гӀа а, 11-га а кхайкхаман (1979—1989) депутат; ССРС Лакхара Советан Президиуман (1984—1988) декъахо. ССРС Халкъан депутат а, ССРС Лакхара Кхеташонан Къаьмнийн Кхеташонан (1989—1990) декъахо. РСФСР Халкъан депутат а, РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель (1990—1991).

ССКП декъахо (1961—1990), ССКП ЦК декъахо (1981—1990); партехь даржашкахь хилла: Свердловскан ССКП обкоман хьалхара секретарь (1976—1985), ССКП ЦК секретарь (1985—1986), ССКП Москохан гӀалин комитетан хьалхара секретарь (1985—1987).

Историн йукъавахана хьалхара дерриг халкъо хаьржина Российн куьйгалхо санна, Российн радикалан йукъараллин-политикин а, экономикин а хӀоттаман реформатор санна. Ельцинан урхаллин мур билгалабелира 1991 шарахь Августан путчца а, Советийн Союз йохарца а, 1992 шарахь механ либерализацица а, приватизацица а, РФКПн дуьхьалонца а, 1993 а, 1999 а шерашкахь импичмент йан гӀортарца а, Лакхара Кхеташо эккхорца а, 1993 шеран Конституци тӀеэцарца а, Хьалхара нохчийн тӀемца (1994—1996) а, ШолгӀа нохчийн тӀом болабаларца а, ткъа кхин а 1998 шеран дефолтца а.

Жималла а, къуоналла а нисйе бӀаьра

Вина 1931 шеран 1 февралехь Уралан областан Бутка эвлахь (хӀинца Свердловскан областан Талицин кӀошт) байталбаьхначу ахархойн доьзалехь. Иштта йаздина ша Ельцина мемуарашкахь. Ельцин вина йуьрт хилар къуьйсу луларчу Басмановски эвлано.[3] Хьалхара президентан биографо Минаев Бориса ма-йаздарра, ЕльцингӀар баха а баьхнера Басманово эвлахь, «амма шина эвлан больница лаьттара нисса Буткехь», цигахь дуьнен тӀевелира Ельцин Борис[4]. ТӀаьхьа Ельцина дагалоьцура:

…ЕльцингӀеран доьзало, чекисташ Казане тептар тӀехь ма-йаздарра, сельсоветера пхи гектар латта эццера лело. «Революцел хьалха ден бахам кулакхийнчух бара, цуьнан хин хьер а, хӀаваан хьер а, ялтаорург а йара, шен бацош ялхой бара, 12 гектар гергга ялташ дара, ша цӀевнаш боьхку ялтахьокхург а, пхи говр а, биъ етт а…» Йара, йара, йара… Цунна бехке а вара — дукха болх барна, дукха шенан тӀелацарна. Ткъа советийн Ӏедалан везара эсала, гуш воцу, хьалха ца лелхарг. Онда, хьекъале, къегина нах цунна ца безара, ловза а ца бора.

Ткъе итталгӀачу шарахь доьзал «арабаьккхира». Деденгара гражданийн бакъонаш дӀайехира. Цунна шенан тӀейиллира йуьртбахаман налог. Доцца аьлча, лаг тӀе цамза таӀийра, иза царна дика а хаьара. Деда «къайлавелира»…[5]

 
Ельцин Борис (аьрру агӀорхьара шолгӀа) бераллера доттагӀашца

Ельцин Борисан деда — Ельцин Игнатий Екимович (1875—1936) — хьалдолу ахархо, кулак, 1930 шарахь араваьккхина хьажийра Надеждинске), Уралан областе.[6] Денана — Ельцина Анна Дмитриевна (1887—1941).[7]

Ельцин Борисан нана — Ельцина Клавдия Васильевна (ден фамили Старыгина, 1908—1993[8]), ахархойх, тегархо[9][10].

 
ГӀезалойн АССР ОГПУ йуьззина бакъонаш йолу векалан 1934 шеран 23 майн гуламан № 12 йолу протокол тӀера йоза, йуьйцу тоба (цунна йукъахь Николай а, Андриян а ЕльцингӀар)

Ельцин Борисан да — Ельцин Николай Игнатьевич (1906 шеран 27 июнь1977 шеран 30 май), гӀишлошйархо.[11] 1934 шеран 28 апрелехь Николай шен вешица Андрианца а, кхин веа белхалочуьнца лецира, уьш бехке бира «гуттаренна а белхалошна йукъахь советашна дуьхьала агитаци ярна, шайн Ӏалашо хӀоттийна белхалойн чкъор дохо, долчу бакъонан низаман нах реза ца хилийтархьама. Даарца а, духарца а йолу халонаш дуьхьала етташ, кестта тӀом бера бу, Советийн Ӏедал духур ду бохуш эладиташ даржох, гӀиртира гӀуо дог-ойла кхолла. Агитаци лелира займашна дуьхьала, жигара дуьхьала бара австрин белхалошна гӀодарна.» 1934 шеран 23 майхь ГӀезалойн АССР ОГПУ ПП кхаамма РСФСР ЗК 10 пунктан 58-гӀа йаззамца (советашна дуьхьала пропаганда а, агитаци а) суд йина НБЛ 3 шо хан туьйхира. 1934 шеран 28 майхь шен вешица этапе вахийтира ЧГӀХК Дмитлаге, цигахь кхел чекхйаьккхира Москох-Ийдал татол доккхуш, болх бира йукъара а, гӀодаран а белхаш беш Талдоман кӀоштахь.[7]

Николай Игнатьевич чувоьллина волуш, ЕльцингӀеран доьзал — цуьнан зуда Клавдия Васильевна а, кӀант Борис а, арадаьккхира барак чуьра, уьш чубитира цуьнца чохь волчу Казанерачу лоьран Петров Василий Петровичан зудчо Петрова Елизавета Ивановнас. К. В. Ельцинин прописка йира № 32 йолчу цӀа чохь ЙалхолгӀа Союзан урамехь (1956 шарахь цӀа дехьадаьккхира Карагандин ураме, 1999 шарахь цигахь хилира Б. Н. Ельцинан зуда Н. И. Ельцина).[12][13][14][15][16][17]

1936 шеран 29 сентябрехь Н. И. Ельцин дика леларна хенал хьалха мукъаваьккхира чувоьллинчура, 1936 шеран октябрь болалуш йухавирзира Казане, оццу цӀа чу охьахиира.[7] Кхуззахь 1937 шарахь Николайн а, Клавдиян а ЕльцингӀеран хилира шолгӀа кӀант — Михаил, цуьнан жӀаран нана хилира Василийн а, Елизаветин а ПетровгӀеран йоӀ Нина.[12][14]

1937 шарахь ЕльцингӀар йухабаьхкира Урале, цигахь Н. И. Ельцина пхьеран болх бира Березникехь химкомбинат йеш, ткъа масех шо даьлча хилира заводан гӀишлошйаран декъан хьаькам[9][18].

Ельцинан бералла дӀайахара Перман областера Березники гӀалахь, циггахь чекхйаьккхира ишкол (хӀинца № 1 йолу А. С. Пушкинан цӀарах йолу ишкол). Ельцинан официалан биографица[9] а, МХГӀ хаамашца а, дика доьшура, классан староста вара, амма гӀуо лелара, летара берех[10]. Ткъа Ю. Борисёнокан а, В. Эрлихманан а йаззамехь чӀагдо, Ельцин «билгала ца велира дика мах хадорца»[19]. ВорхӀ класс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Ельцин дуьхьала велира берашна етташ, шен цӀахь болх бойтуш хьийзочу классан куьйгалхочун. Иза бахьнехь дӀаваьккхира ишколера «берхан билетаца», амма, партин гӀалин комитете вахана, деша таро йира кхечу ишколехь[5][9].

 
1934—1937 шерашкахь Б. Н. Ельцин чохь Ӏийна Казанера Карагандин урамера цӀа

Ельцинан аьрру куьйган ши пӀелг бацара, пӀелган йуьхьиг йацара[5]. Ельцина дийцарехь, уьш дехира, граната йелла гӀертачу хенахь иза иккхина[5]. И верси шеконе йуьллу Кара-Мурза Сергейс[20] а, Мухин Юрийс а. ПӀелгаш ца хиларна Ельцин эскарехь а ца хилла[5].

1955 шеран 8 апрелехь шен куьйга йазйинчу автобиографица, 1949 шарахь дӀахӀоьттира Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институтан гӀишлошйаран факультете[21], 1955 шарахь чекхйаккина иза «инженер-гӀишлошйархо» квалификацица «Промышленностан а, гражданийн а гӀишлошйар» говзаллица. Автобиографехь Ельцина хоуьйту, ша 1952 шарахь «цомгуш хилла шо йукъара далийтар»[21]. "Исповедь на заданную тему" (Хаттам, еллачу теманна) чохь Ельцина йаздо, шен дипломан белхан тема «Телевизионан бӀов» йара бохуш. Боккъала а йолу Ельцина дипломан тема лерина йара кӀоран шахтин чура болх бина гӀирсаш арабоху чамин зӀе йарах лаьцна, историкан Тимоти Колтона дийцарехь, цхьан а «доккха хӀума дац иза»[22].

Студентийн шерашкахь дика ловзура волейболах, гӀалин гулйина командин йукъахь ловзура, ССРС спортан говзанча хилира. 1952 шарахь вара РСФСР хьалхейаккхаран зонин къийсамашкахь дакъа лоцу Молотовн областан зударийн волейболан командин тренер (командо йаьккхира 6-гӀа меттиг)[23].

Профессионалан а, партин а гӀуллакх нисйе бӀаьра

1955 шарахь институт чекйаьккхича хьажийра «Уралтяжтрубстрой» тресте, цигахь цхьаьна шарахь масех говзалла караерзийра, цул тӀаьхьа тайп-тайпана гӀишлошйаран объекташкахь болх бира пхьар, декъан хьаькам. 1957 шарахь хилира трестан гишлошйаран урхаллин прораб[9]. 1961 шарахь Компарте велира. 1963 шарахь хӀоттийра Свердловскан цӀеношдаран комбинатан коьрта инженер. 1966 шарахь дуьйна — Свердловскан ЦӀДК директор.

1963 шарахь Свердловск гӀалан Кировн кӀоштан партин кхолламан XXIV конференцехь массо а реза волуш хаьржира ССКП гӀалин конференце векал. XXV кӀоштан конференцехь хаьржира ССКП Кировн кӀоштан кӀошкоман декъахо а, Свердловскан областан конференце ССКП векал а.

Фильмографи нисйе бӀаьра

Кинохь гайтар нисйе бӀаьра

Документалан фильмаш нисйе бӀаьра

  • «Царь Борис» (Паччахь Борис) (Йоккха Британи, ВВС, 1997).
  • «Президент Всея Руси» (Йерриг Русан Президент) (Росси, НТВ, 1999—2000).
  • «Б. Н.» (Росси, ВГТРК, 2006).
  • «Борис Ельцин. Прощание с эпохой» (Ельцин Борис. Муьрца Ӏа дика яр) (Росси).
  • «Борис Ельцин. Жизнь и судьба» (Ельцин Борис. Дахар а, кхоллам) (Росси, ВГТРК, 2011).
  • «Борис Ельцин. Первый» (Ельцин Борис. Хьалхара) (Росси, Хьалхара канал, 2011).
  • «Борис Ельцин. Отступать нельзя» (Ельцин Борис. Йухавала мегар дац) (Росси, Хьалхара канал, 2016).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш
  1. Оцу даржехь вара парламентан спикер санна а, иштта РСФСР лакхарчу даржера белхало санна а. Берриш хьалхара а, тӀаьхьара а РСФСР Лакхарчу Кхеташонан председателаш парламентан спикерш бен бацара.
  2. 1993 шеран 22 сентябрехь, президент Ельцинан а, законашкхолларан Ӏедалан а (Лакхара Кхеташо а, Халкъийн депутатийн гулам) ира дуьхьало лаьтташ, Ельцина шен омарца дӀасахецар кхайкхийна, Лакхарчу Кхеташоно, цунна дуьхьала сацам тӀеийцира президентан бакъонаш совцорах. Цхьана хенан президентан декхарш кхочушдан хӀоттийра вице-президент Руцкой Александр. Правительствос а, ницкъаллин ведомстваш а гӀо лаьцна Ельцин Борис, дуьхьалавелира Ӏедал дӀа ца луш. Ӏедалан меженашна йукъахь лаьттина шина кӀиранан дуьхьало чекхйаьлира герзашца Ӏоттабаларца, Москохан йуккъехь шортта цӀий Ӏанорца, парламент хӀаллак ярца.
ТӀетовжар
  1. Указ Президента РСФСР «Об организации работы Правительства РСФСР в условиях экономической реформы». № 172 - Документ - Архив Егора Гайдара - база данных документов. gaidar-arc.ru. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019. Архивировано из оригинала 4 ноябрехь 2016 года.
  2. УКАЗ Президента РФ от 15.06.1992 № 633 «ОБ ИСПОЛНЯЮЩЕМ ОБЯЗАННОСТИ ПРЕДСЕДАТЕЛЯ ПРАВИТЕЛЬСТВА РОССИЙН ФЕДЕРАЦИН». ТӀекхочу дата: 25 августехь 2015. Архивировано из оригинала 4 мартехь 2016 года.
  3. Татьяна Воробьёва. На Урале сгорел дом, где жил Ельцин. Российская газета (2 февралехь 2018). ТӀекхочу дата: 25 сентябрехь 2018. Архивировано 2 февралехь 2018 года.
  4. Б. Минаев. Ельцин. — М.: Молодая гвардия, 2010. — С. 17, 62. — (ЖЗЛ).
  5. 1 2 3 4 5 Б. Н. Ельцин. Исповедь на заданную тему. — М.: Советско-британская творческая ассоциация «Огонёк» — «Вариант», 1990.
  6. Мікалай Аляксандравіч Зяньковіч, Николай Зенькович. Самые секретные родственники. — ОЛМА Медиа Групп, 2005. — 516 с. — ISBN 978-5-94850-408-7.
  7. 1 2 3 vvr2a. Ельцин Николай Игнатьевич (1906-1977). Москва-Волга (6 майхь 2017). ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  8. Московские могилы. Ельцина К.В. moscow-tombs.ru. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  9. 1 2 3 4 5 Б. Минаев. Ельцин. — М.: Молодая гвардия, 2010. — (ЖЗЛ).
  10. 1 2 Ельцин, Борис. Lenta.ru. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  11. Ельцин Николай Игнатьевич. Бессмертный барак. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  12. 1 2 Кем был отец Бориса Ельцына. ТӀекхочу дата: 24 февралехь 2017. Архивировано из оригинала 24 февралехь 2017 года.
  13. Ельцин подарил квартиру семье, укрывавшей "врагов народа". Lenta.ru (27 октябрехь 1999). ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019. Архивировано 24 февралехь 2017 года.
  14. 1 2 Кузнецов Г., Игнатьева И. Подаренную Ельциными квартиру Суховым придётся подождать // Вечерняя Казань. — 1999. — № 139 (1 сентября). — С. 1.
  15. Исмагилов Н. Квартира от Ельцина // Время и деньги (г. Казань). — 1999. — № 163 (1 сентября). — С. 1.
  16. Куму Ельцина "Царский подарок" довёл до слёз. old.flb.ru. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  17. «Ельцины в Казани». Казанские истории. ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  18. Владимир Максимович Михайлюк. Не один пуд соли. Березники в судьбе России / Т. К. Бекетова, зам. главы администрации г. Березники. — М 69. — Пермь: "Пушка", 1997. — С. 193. — 368 с.
  19. Гарантия Конституции // Кто есть кто
  20. Тарло, и дийцар кхето деза аллегори санна. Тамашена хӀумнаш дукха ду цигахь: гӀурулехь вверг килсан гуо баккхале, хала ду чалтар хадо, ткъа гранаташ цӀетухучаьрца цхьаьна ца латтайо, карахь иккхинчу гранато шип Ӏелг баьккхина ца Ӏа, кхин цхьацца хӀума а йоккху.

  21. 1 2 Фотокопия собственноручно заполненной 8 апреля 1955 года автобиографии Ельцина опубликована на ненумерованой вклейке перед страницей 65: Ельцин Б. Н. Исповедь на заданную тему. — М.: Синдбад, 2015.
  22. Колтон Т. Ельцин. — М.: КоЛибри, Азбука-Аттикус, 2013. — С. 84.
  23. Загадка фотографии Бориса Ельцина. Курган и курганцы (6 июнехь 2018). ТӀекхочу дата: 8 декабрехь 2019.
  24. Двойник Ельцина выразил соболезнования

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра