Жибрил

пайхамаршка хаамбан тIехIоттийна малик
(Жабраил тӀера хьажжина кхуза)

Жибрил (Ӏаьр. جبريل‎‎), йа Жабраил[1][2](Ӏаьр. جبرائيل‎‎) — иза Делан герггарчу мукъаррабун олучу деа маликех цхьа малик ду. Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашкахь а хьехийна ду иза. И дуссуш хилла пайхамаршна вахьй (хаам) дохьуш Делан омраца, цуьнах ду цо Мухьаммаде ﷺ Къуръан доссадар а.

Жибрил
Ӏаьр. جبريل‎‎
Сурт
Ар-Рухь, Рухьул-Къудус, ар-Рухьул-Амин, Рухь мин амриллахӀ
Лору динаш ислам, жуьгталла, керсталла
Дозуш хилла адамаш ИбрахӀим, ЛутӀ, Марьям, Ӏиса, Муса, Мухьаммад
Кхидерш мукъаррабун, Къуръан, Таврат, Инжил

ЦӀе нисйе бӀаьра

Жибрил дош шина шира дашах лаьтташ ду — «Жибр» (лай, йалхо) а «ил» (Дела) а, цуьнан маьӀна «Делан лай» бохург ду.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра