Жу́ков Гео́ргий Константи́нович (вина 19 ноябрехь (1 декабрехь1896; Стрелковка, Малоярославецки уезд, Калугин губерни, Российн импери — вела 1974 шеран 18 июнехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн баьчча а, пачхьалкхан гӀуллакххо а. Советийн Союзан маршал (1943), Советийн Союзан доьазза Турпалхо (1939, 1944, 1945, 1956), шина «Толам» орденан (1944, 1945), йалх Ленинан Орденан (1936, 1939, 1945, 1956, 1966, 1971), дуккха а кхечу советийн а, арахьара мехкийн а орденийн, мидалийн кавалер.

Жуков Георгий Константинович
оьрс. Георгий Жуков
Жуков Георгий Константинович
Жуков Георгий
ССРС дуьхьалонан министр
 — 1957 шеран 26 октябрь
Хьалха хилларг Булганин Николай
Когаметтаниг Малиновский Родион
ССКП ЦК Президиуман декъахо
 — 1957 шеран 29 октября
ССКП ЦК Президиуман декъе кандидат
 — 1957 шеран 29 июнь
Верховного ССРС ТӀеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьччин гӀовс — ССРС дуьхьалонан халкъан комиссаран хьалхара гӀовс
 — 1945 шеран 24 июнь
ЦӀечу эскаран Инарлин штабан хьаькам — ССРС дуьхьалонан халкъан комиссаран гӀовс
 — 1941 шеран 30 июль
Вина терахь 1896 шеран 19 ноябрь (1 декабрь)[1][2]
Вина меттиг Стрелковка, Малоярославецки уезд, Калугин губерни
Кхелхина терахь 1974 шеран 18 июнь({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1][2][…] (77 шо)
Кхелхина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
ДӀавоьллина Кремлан пенан уллера некрополь, Москох, ЦӀен майда
Тайпа Жуковы[d]
Да Жуков Константин Артемьевич (1844—1921)
Нана Жукова Устинья Артемьевна (1860—1944)
Зуда 1. Александра Диевна Жукова
2. Галина Александровна Жукова
Бераш Маргарита (1929—2010), Эра (1928), Элла (1937—2009), Мария (1957)
Парти ССКП
Дешар
ГӀуллакхалла баьчча[d]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Советийн Союзан Турпалхо — 1939Советийн Союзан Турпалхо — 1944Советийн Союзан Турпалхо — 1945Советийн Союзан Турпалхо — 1956
Ленинан Орден — 1936Ленинан Орден — 1939Ленинан Орден — 1945Ленинан Орден — 1956
Ленинан Орден — 1966Ленинан Орден — 1971Октябран Революцин Орден — 1968ЦӀен Байракхан орден — 1922
ЦӀен Байракхан орден — 1944ЦӀен Байракхан орден — 1949Суворовн I тӀегӀанан орден — 1943Суворовн I тӀегӀанан орден — 1943
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»Москох ларйарна мидал
«Сталинград ларйаран» мидал
«Сталинград ларйаран» мидал
«Кавказ ларйаран» мидал
«Кавказ ларйаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал "Японин тӀехь толам баккхаран" мидал
ССРС Пачхьалкхан хӀостан дешин сурт долу сийлахь герзЧГӀМ хьакъ долу белхало
Российн импери
Кхечу мехканийн совгӀаташ
Республикин орден (Тува)
ЦӀечу Байракхан орден (Монголи)ЦӀечу Байракхан орден (Монголи)
Польша денйаран Командоран жӀаран кавалерПольша денйаран Командоран жӀаран кавалер«ТӀемалойн сийлаллин» орденан Йоккхачу жӀаран кавалер
Грюнвальдан 1 тӀегӀанера ЖӀар орден
КӀайчу лоьман 1 тӀегӀанан орденКӀайчу лоьман 1 тӀегӀанан Толам баккхарна орденЧехословакин ТӀеман жӀар 1939
Сийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалерТӀеман жӀар 1939—1945 (Франци)Бани орденан Йоккхачу жӀаран къонах (дама)
Коьртабаьччан тӀегӀанан "Сийлахь Легион" орденМисран ГӀуллакхаш дарна орденан Йоккха асанан кавалер
Эскаран тайпа дошлой[d], ГӀаш сурхой
ЦӀе Советийн Союзан мудир[d], Инарла[d]
Буьйр дар ССРС ТӀеман Ницкъаш[d]
Латар
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ТӀемал тӀаьхьарчу шерашкахь халкъо цӀе тиллира «Толаман мудир»[3]. ССРС Дуьхьалонан министр (19551957). ССКП ЦК Президиуман декъахо (1957 шеран 29 июнь29 октябрь). ССРС Лакхара Кхеташонан 1-ра, 2-гӀа, 3-гӀа, 4-гӀа кхайкхамийн депутат.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш, хьалхий-тӀаьхьий инарлин штабан хьаькам, фронтан баьчча, Лакхара Коьртабаьччин Ставкин декъахо, ССРС ТӀеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьччин гӀовс даржашкахь хилира. ТӀемал тӀаьхьарчу заманахь Латтан тӀера эскарийн Коьртабаьччин, Одессин, цул тӀаьхьа Уралан тӀеман гуонийн баьччин даржашкахь вара.

Сталин Иосиф веллачул тӀаьхьа хилира ССРС Дуьхьалонан министран хьалхара гӀовс, 1955 шерера 1957 шо кхаччалц — ССРС Дуьхьалонан министр. 1957 шарахь дӀаваьккхина ССКП ЦК йукъара, эскарера дерриг даржашкара, 1958 шарахь мукъаваьккхина эскарера.

Хьалхара биографи а, гражданийн тӀом нисйе бӀаьра

Жуков Георгий вина Калугин губернин Малоярославецки уездера Стрелковка эвлахь ахархочун Жуков Константин Артемьевичан доьзалехь (18441921, оьрсий[4]).

1908 шеран аьхка луларчу Величково эвлара килсан ишколан кхо класс хасторан кехатца чекхйаьккхинчул тӀаьхьа «нанас Георгий дӀахӀоттийра Ӏамо» Москохара лаьжгаш лелош волу, жимачу цӀоканан пхьолгӀан долахо волчу шен ваша Пилихин Михаил волчу.

— Хьажа, хуьлла цӀийна хьалха хиина Ӏаш ву хьан хин волу хьехархо.

— Хьо тӀекхаьччча, корта а таӀабай ала: «Де дика хуьлда хьан, Михаил Артемьевич».

— ХӀанхӀа, аса эра ду: «Де дика хуьлда хьан, ваша Миша!»
Жуков Г. К. «Воспоминания и размышления.»[5]

Москоха ваха сихха кечвелира. 1908 шеран июлан сарахь «Обнински» станцера[6] Георгий, кхехкийна пхи хӀоа а, хьокам а тӀоьрмиг чу биллина, девешех Сергейх тоьхна дачин москохан цӀерпоштан тӀехь хьажийра «нахана йукъа», оцу хенахь иштта олура.

ШолгӀачу дийнахь иза Ӏамо волавелира шен хала болх дийнахь-бусий пхийтта сахьтехь. 13 шо долуш, цӀоканийн гӀуллакхан йуьхьанцара курс аьттонца чекхйаьккхина, ша дӀахӀутту Тверан урамерачу суьйренан йукъарадешаран курсашка, цара лора гӀалин доьшийлин чухоаман барамехь дешар.

1911 шарахь, сарахь доьшуш, аьттонца дӀало гӀалин доьшийлин йуьззина курсан экзаменаш, тӀаккха аттестат ло цунна.

1912 шеран аьхка Георгий, уггаре дика хьуьнара долчех цхьаъ а, кхиина физикин агӀора онда а дешархо хиларна, оьцу гӀарайьллачу Нижни Новгородан базара, цигахь цуо наггахь хуьцу павильонан гопастал дехьа рицкъан да, доьхкина сурсаташ дӀахьарчадо, заказаш дӀахьажайо гӀалин Ийдалан а, Окин а хикеманийн йистедогӀийлашкара йа цӀерпоштан сурсатийн конторехула. Оцуу шарахь Жуковн, деа шеран доьшийлехь дуьххьара, итт денна отпуск ло шен эвла ваха.

1914 шарахь Георгий Константинович — москохан цӀоканийн гӀуллакхан говзанча ву. Баттахь кхо сом луш менга оьцу Охотни могӀанера доларчу квартирехь жерочуьнгара Малышевагара, из ахӀинца хуьлу «Москох» хьешан цӀийнан дуьххьала, ойла хӀутту хӀусаман да йолчуьнан йоӀ — Мария йало.

Амма тӀамо, даиман ма-хиллара, кегайо йерриг тхан догдохийлаш а, чоьташ а…

Г. К. Жуков. «Воспоминания и размышления»[7].

15 (28) июлехь 1914 Российн импери йукъайоьду Дуьненан хьалхарчу тӀеман. Фронтехь иэшамаш хиларна, 1915 шеран майхь хенал хьалха 1896 шарахь бина кегийрхой эскаре кхайкхийра.

 
Унтер-эпсар Жуков Георгий, 1916 шо

7 (20) августехь 1915 шарахь Жуков кхойкху Императоран эскаре. Малоярославецера хоржу дошлошка, оццу дийнахь керла схьаэцначаьрца цхьаьна новкъа бовлу Калуге, цигахь 189-гӀа резерван гӀашлойн батальонехь йолало тӀеман карьера. Цул тӀаьхьа, воьду Балаклей 5-гӀа резерван дошлойн полке[8].

Царна йелира Ӏаморан гӀашлойн пхоьазза йолу тоьпаш. ДӀакъастийна баьччас ефрейторо Шахворостовс кхайкхийра чоьхьара низам, тхан декхарш. Цуо луьра дӀакхайкхийра, шен «гӀуллакхна» бен, цхьа а тхо дӀакъаста йиш йолуш вац, нагахь низаман батальоне кхача ца лаахь аьлла.

Г. К. Жуков. «Воспоминания и размышления»[9].

Дошлойн унтер-эпсаран дешар чекхдаьккхича, 1916 шеран август чекхболуш хьажийра Къилба-Малхбузан фронте Новгородан 10-гӀа драгунийн полкера баьччан буьйр дан. ТӀемехь дакъалоцуш, «немцойн эпсар лацарна» совгӀат дина4-гӀачу тӀегӀанан Георгийн жӀараца. Октябрехь онда айп дира, дикка къорволарна хьажийра резерван дошлойн полке.

ТӀамтӀехь човйарна йелира шолгӀа Георгийн жӀар, хӀинца 3-гӀа тӀегӀанан. Оьрсийн императоран эскарехь гӀуллакх дира лахара унтер-эпсаре кхаччалц[10]. Февралан революцил тӀаьхьа Жуков хаьржира салтийн эскадронан комитетан председатель. Эскадрон дӀасахецначул тӀаьхьа 1917 шеран декабрехь йухавирзира Москоха, цул тӀаьхьа да-нана долчу эвла вахара, цигахь йехачу заманахь цомгаш Ӏийра тифца.

ЦӀен эскарехь ву 1918 шеран 1 октябрехь дуьйна, шен лаамехь. 1919 шеран 1 мартехь РКП(б) йукъавахара. ГӀуллакхехь вара Москохан дошлойн дивизехь. Гражданийн тӀамехь цӀенэскархочо Жуков Георгийс тӀом бира 1919 шеран майхь дуьйна Малхбален, Малхбузан, Къилба фронташкара 4-гӀа эскаран оцу дивизехь. Иза декъахь волу дуьххьарлера операци хилира уралан гӀазакхаша гуо бина Уральск йастар. 1919 шеран августехь тӀом бира Царицынан гергахь 11-гӀа эскаран йукъахь Деникинан а, Врангелан а эскаршна дуьхьала тӀемехь Владимировка станцин а, Николаевск гӀалин а кӀоштахь. 1919 шеран сентябрехь-октябрехь дакъалецира Царицын гергарчу тӀамехь, цул тӀаьхьа Заплавнин а, Йуккъера Ахтубин а йуккъехь (хӀинцарера Волжски гӀалин уллехь), цигахь тӀамехь 26 йа 28 октябрехь чов йира гранатан герагашца. Лазаран цӀийнахь кхин а цомгаш хилира долу уьнах, товеллачул тӀаьхьа батана мукъаваьккхира даймахка ваха.[11]

Отпуска чекхйаьллачул тӀаьхьа йукъатоьхна Тверера резерван батальонан, ткъа дукха хан йалале цигара деша хьажийра. Рязанера дошлойн курсаш 1920 шеран гурахь чекхйаьхначул тӀаьхьа хӀоттийра взводан, тӀаккха эскадронан баьчча; 1920 шеран августехь Улагайн десантаца тӀамехь дакъалецира Екатеринодар йолчохь, 1920 шеран декабрера — 1921 шеран август кхаччалц дакъалецира Тамбовн махкара ахархойн гӀаттам охьатаӀош, цигахь чов йира.

Антоновн гӀаттам охьатаӀорна 1922 шарахь совгӀат дира ЦӀен Байракхан орденца, формулировка иштта йира:

Тамбовн губернера Вязови Пошт йуьртан гергарчу тӀамтӀехь 1921 шеран 5 мартехь, 1500—2000 стаг таррийн ницкъашца тӀелетаре хьаьжна ца Ӏаш, цуо эскадронца 7 сахьтехь тӀелатар сецийра, цул тӀаьхьа контртӀелатар а деш, 6-за чуччабахана латарехь йохийра жӀога.

«Победоносные Звезды Георгия Жукова» Военная Энциклопедия [12]

Полкан баьччан тӀера дивизин баьчче кхаччалц (1923—1939) нисйе бӀаьра

 
39-гӀа Бузулукан дошлойн полкан баьчча
Г. К. Жуков. 1923 шо

1923 шеран май чекхболуш Жуков баьччалла дан волавелира 7-гӀа Самарин дошлойн дивизин 39-гӀа полкехь, 1924 шарахь хьажийна Лакхара дошлойн ишколе.

1925 шарахь, Петарбухехь дошлойн баьччийн корматалла айаран курсаш чекхйаьхначул тӀаьхьа — 42-гӀа дошлойн полкан баьччас М. Савельевс, 37-гӀа Аштаркхнен полкан эскадронан баьччас Н. Рыбалкина, Г. К. Жуковс сацам бира йухаберза гӀуллакхан меттиге Минске цӀерпошт тӀехь а ца боьлхуш, говрашкахь баха. 963 километр йеха йолу маршрут, Витебскехула, Оршехула, Борисовхула 7 дийнахь-бусий чекхбевлира. Оцу хенан чохь говраш гӀелйелира 8 - 12 кила, береш 5—6 кила. Массо декъахочунна делира правительствон совгӀаташ а, баьччаллин баркалалла а[13].

1926 шарахь дуьйна 5 шарахь хьоьху тӀеман-эскарекхайкхалал кечам Белоруссин пачхьалкхан университетехь[14].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Арахьара медиафайлаш