Закарийя

исламан пайхамар
(Закари тӀера хьажжина кхуза)

Закарийя́ (Ӏаьр. زَكَرِيَّا‎‎‎‎) — иза исламан пайхамар ву. Къуръан чохь 8-зза хьахийна ву. Яхья пайхамаран да ву иза.

Закарийя
Ӏаьр. زَكَرِيَّا‎‎
Сурт
Вина терахь в. э. хьалха 100
Вина меттиг Халил, Исраилан пачхьалкх
Кхелхина терахь 20 шо
Кхелхина меттиг Къудс-ГӀала, Исраилан пачхьалкх
Зуда Элизабет[d]
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Биографи нисйе бӀаьра

Закария пайхамар волчу заманахь Къудс-ГӀалин килсехь дийнахь а, буса а Далла гӀуллакх деш бара жуьгтий. Оцу килсан гӀуллакххой бара ХӀарон пайхамаран тӀаьхьенах. Цо Исраилан къоман йукъахь шен дине кхайкхар. Ӏимранан йоӀ Марьям кхобуш вара иза, цунна Товрат а Ӏамийнера цо. Ӏиса пайхамар винчул тӀаьхьа. Жуьгташа цуьнан цӀа чу а лилхина вийна иза.

Яхья пайхамар дуьнен чу валарх нисйе бӀаьра

Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.

Кхин хьажа нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра