Иблис

Къуръан чохь хьахийна жинех цхьаъ

Иблис (Ӏаьр. إِبْلِيسُ‎‎ — «(Делан къинхетамах) эккхийнарг»[1]) — ислам дино ма-бохху, иза коьрта шайтӀа ду. Далла Ӏибадатдеш (текъаш) хиллачу жинех цхьа жин хилла ду иза. Цо дукха Ӏибадатдарна, Дала иза малаул-аӀлана (лакхарчу тобана) гергга хьаладаьккхина хилла. Къуръан чохь деана ду: ﴾ХIан, Оха элира маликашка: «[Ларамна] сужуд де Адамна!». Цара сужуд дира массара а, иблис доцучо. Жинех дара иза [иблис] — шен Делан омранна Iеса хилира иза. Ткъа аш муха лору иза а, цуьнан тIаьхье а шайн гIоьнчий Сан меттана, уьш шайн мостагIий боллушехь а? Ма вон хийцар ду-кх иза зуламхошна!﴿ [Аль-КахIф:50].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра