Йайн атлетикин федерацийн дуьненайукъара ассоциаци

«Дуьненан атлетика», Россехь ламаст хилла гочдо «Дуьненан йайн атлетика» (инг. World Athletics олий; 2001 шо кхачале — Спорт йезархойн дуьненайукъара федераци инг. International Amateur Athletics Federation; IAAF; 2001 шерера 2019 шеран октябрь кхаччалц — Спорт езархойн дуьненайукъара ассоциаци, ИААФ инг. International Association of Athletics Federations; IAAF) — спорт езархойн дерриг дуьненан урхаллин кхоллам. ХӀунда аьлча дозанал арахьа «атлетика» дашо кхетадо муьлхха а спорт, царна юкъахь спортан вовшахлатар а, дозанал арахьа кхолламан декъахой яйн атлетика хилла ца Ӏа, амма кхин спортан тайпанаш а ю.[2]. Кхоьллина 1912 шарахь хьалхарчу конгрессехь Стокгольмехь, Швеци.

Дуьненан йайн атлетика
Дакъалла 212 къоман ассоциаци
Штаб-квартира  Монако, 6-8, Quai Antoine 1er
Организацин тайпа Спортан федераци
Официалан меттанаш ингалсан а, французийн а
Куьйгалхой
Президент Себастьян Коу
Кхоьллар
Кхоьллина 1912 шеран 17 июль[1]
worldathletics.org
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

2001 шарахь «хӀокху заманан йайн атлетикин статус, шен говзанчашна маркетинган программех а, телевизионан бакъонаш юхкуш а хуьлачу санца гӀолоцу спортан тайпа санна, гайта Ӏалашо йолуш» цӀе хийцира[2].

ИААФ кхоьллина билгалабоцучу хенан муьран юридически ассоциацин статусца, Монакон законашца.

2011 шарахь ИААФ декъахо бара 212 мохк[3] (ФИФАл а 3 мохк сов бу, 20 векал сов ву ВКЪКХал)[4]. 1933 шарахь кхолламан штаб-квартира охьахиира Монакохь, цигахь хӀинца а ю. Президент — Коу Себастьян (Йоккха Британи).

Истори нисйе бӀаьра

1912 шеран 17 июлехь, Олимпийн ловзарийн яйн атлетикин программин къовсамаш чекхбевлла ши де даьлча, Стокгольмехь хилира Конгресс. Иза Езархойн яйн атлетикин дуьненайукъара федерации кхолларна лерина яра. Оцу гуламехь вара 17 мехкан векал: Австралин, Австрин, Бельгин, Канадин, Чилин, Данин, Мисран, Финляндин, Францин, Германин, Желтойчоьнан, Мажаройчоьнан, Норвегин, Российн, Швецин, Йоккха Британин, АЦШн. яйн атлетикин дуьненайукъара куьйгаллин меже кхолла хан кхаьчна, дуьненайукъара къовсамаш а, Олимпийн ловзарш а кхиар бахьнехь. Универсалан Бакъонийн а, хьолан а гулам, дерриг дуьненахь тӀеоьцур йолу езараллин йукъара билгало, дуьненан а, Олимпийн а рекордийн регистраци яр дийцира цигахь. И Стокгольмера гулам зиеран гӀулч яра, тӀаккха а ИААФ лору иза шен хьалхара Конгресс, цунна тӀаьхьарчу Конгрессаша чот лелайо цунна тӀийра.

1913 шарахь Берлинехь Конгрессо чӀагӀйира хьалхара Конституци, хьалхарчу декъахойн испискехь яра 34 къоман федераци. Зигфрид Эдстрем (Швеци) хаьржира президент, Кристиан Хеллстрем — сийлахь секретарь. Дуьненайукъара къийсамийн хьалхара Техникин Бакъонаш гайтира 1914 шарахь кхоалгӀачу Конгрессехь Лионехь (Франци) керлачу сийлахь секретара Хилдинг Кьеллмана (Швеци), ткъа къоман федерацешна уьш чӀагӀйина шайн меттигерачу къийсамашкахь лелор дика дора.

2012 шарахь йина ИААФан сийнан зал.

Официалан партнераш[5] нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. https://www.worldathletics.org/about-iaaf (инг.) / World Athletics
  2. 1 2 Александра Кноке, Иштван Дьюлаи, Ник Дэвис. Справочник легкоатлета = Athletes` Handbook. — М.: Московский региональный центр развития ИААФ, 2006. — 50 с.
  3. в ноябре 2010 из состава вышли Нидерландские Антильские острова
  4. Статья на официальном сайте чемпионата мира по лёгкой атлетике 2007(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2007 шеран 11 сентябрехь. Теллина 2007 шеран 31 августехь.
  5. Партнёры IAAF
  6. http://www.di-sport.com/ru/news/brand/48/(ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Seiko — часы чемпионата мира по легкой атлетике
  8. Нефтедобытчики Sinopec стали спонсорами IAAF Архивйина 2013-05-14 — Wayback Machine
  9. Страница легкой атлетики на vtbrussia.ru
  10. ВТБ продолжит спонсировать легкоатлетические соревнования

Хьажоргаш нисйе бӀаьра