Йо́влакх[1], Кортали[1]кӀадин кийсиг, дукха хьолехь деакӀов йа кхосаболуш, леладо барзакъан дакъа санна йа иза дузуш.

Йовлакхан тайпанаш нисйе бӀаьра

Сурт ЦӀе Гайтар
  Апостольник Оьрсийн мозгӀар-аьзнин, йуьхь гайта ходана долу, белаш тӀе охьадолу, цхьабосса накха а, букъ а къовлу кортали. Дохаллехь гайн тӀе охьакхача тарло.
  Бандана Касенкин кепара йа доккха йовлакхан кепара кортали. Ламаста банданаш до бесара бустамаш долчу кӀадех. Банданаш доьхку хьаж тӀе а, логах а (логан йовлакх).
  Канзу Дуткъа диагоналца шалха тоьхна деакӀов йовлакх йа доккха йеха йуьхьигаш йолу касенка, накхин тӀехь тӀекӀел даьккхина гӀодайуккъе дихкина, до дайн кӀадех (бойнах, кисех, батистах). Къовлу лаг а, некхан у а.
Кашне Лаган йовлакх, цуьнца къовлу лаг а йуьхьан лахара дакъа а, цунна йукъахь шийла йа мох болуш хенан-хӀоттам хилча, мара а.
  Келагаи Дарин йовлакх, азербайджанийн къоман зударийн коьртах тохкурш.
  Касенка Кхосаболу, дукха хьолехь басмин йовлакх.
  Кустышкаш Архангельскан областан оьрсийн ламаста барзакъан корталин дакъа. Кустышкаш ду цӀен бесара тафтах дина шуьйра йовлакх, тӀекӀела туху 12 см шуьйра аса йой, доьхку коьртан гуонаха, шед хьаж тӀехь а болуш, ткъа йовлакхан йуьхьигаш охкайо агӀонаш тӀехь.
  Купи Божарийн кортали, леладо Ӏаьрбийн мехкашкахь.
  Марама ГӀирмин гӀезалойн ламаста зударийн кортали.
Мокуа Вьетийн ламаста зударийн кортали.
  Мерах хьокху йовлакх КӀадин жима кийсиг, лерина мара цӀан бан, леладо кхин а бетах, йуьхьах хьокхуш йа хуьлу йеккъа декоран (кечваларан) Ӏалашо.
  Божарийн некхан тӀеуллу йовлакх КӀадин жима кийсиг, лелайо божарийн барзакъ дузуш (кечдеш).
  Орамал Йуккъера Азехь оцу кепара йоьхкург лелайора говран береш йовхачу заманахь куьйн меттана. Советийн Союз йохале, кхечу исламан мехкашкара дин хьоьхурш бахккалц Йуккъера Азера бусалба зударша ламаста йовлакх («орамал») доьхкура бандана санна. Тахана а, хьуьжарш чекхйаьхна кегийра а, баккхийра а молланаша шариӀатан духар — хьиджабах лаьцна жигара динан хьехам бешшехь, дукхаха болу зударша хӀинца а доьхку йовлакх бандана кепара.
Оренбурган пухӀан йовлакх Оьрсийн ламастехь ша-кепара дуьйцина пухӀан йовлакх.
  Павловон-посадан дуьзна йовлакхаш Оьрсийн къоман йовлакхан кеп.
  Повойник Шира оьрсийн марера зударийн кортали, дукха хьолехь ахархойн, алсама йовлакх.
Убрус Малхбаленславяний зударийн кортали.
  Фишю Дуткъа лаг а, некхан у а къовлу кхосаболу йа диагоналца шалатоьхна дайн кӀадин (муслинан, батистан) йа бойнийн деакӀов йовлакх.
  Хьиджаб ШариӀатаца лела зударийн кортали
  Бой Доккха дуьйцина йа кӀадин йовлакх.
  Лаган йовлакх Галстукан ширайелла кеп; XXI бӀешарахь леладо логаххьарчорг санна.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Исмаилов А. «Дош» нохчийн-оьрсийн дошам(нох.). — Грозный, 2009.

Литература нисйе бӀаьра

  • Шангина И. И. Платок (плат) // Русский традиционный быт: Энциклопедический словарь. — СПб.: Азбука-классика, 2003. — С. 564—568. — 688 с.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра