Йо́ккха Кавка́зӀаьржа а, Каспийн а хӀордашна йукъара ламанан система, Жима Кавказца цхьаьна ламанан мохк Кавказан лаьмнаш кхуллу.

Йоккха Кавказ
адыг. Къаукъазышхо, азерб. Böyük Qafqaz, суьйл. КӀудияб Кавказ, даьргӀ. Халал Кавказ, гӀалгӀ. Йоккха Кавказ, гӀеб-черг. Къаукъазышхуэ, гуьрж. დიდი კავკასიონი, гӀум. Уллу Кавказ, нох. Йоккха Кавказ, лезг. Чlехи Кьавкьаз
Йоккха Кавказ
Йоккха Кавказ
Амалш
Дохалла1150 км
Шоралла33 - 180 км
Уггар лекха меттиг
Уггар лекха бохьЭльбрус 
Уггар лекха меттиг5642 м
Лаьтта меттиг
43°21′ къ. ш. 42°22′ м. д.HGЯO
Кавказ
Йоккха Кавказ
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Географи нисйе бӀаьра

Йоккха Кавказ йаьржина къилбаседа-малхбузера Ӏаьржа хӀордйистан Анапера а, Таманан ахгӀайренера а, Каспий-хӀордан Апшеронан ахгӀайрене, Бакохан герга кхаччалц, 1100 км сов. Шоралла хийцало Новороссийскан кӀоштара 32 километрера максималан 180 км кхаччалц Эльбруса меридианан кӀоштахь, 160 км ДегӀастанахь.

Дукха хьолехь Йоккха Кавказан ламанан зӀе йоькъу кхаа дохаллин дакъошка (асанашка):

Йоккха Кавказ йекъало 3 сегменте (йохаллица): Малхбузен Кавказ (Ӏаьржа хӀорд тӀера (Тамань-Анапа) Эльбрусан кӀажошка кхаччалц), Йуккъера Кавказ (Эльбрус йукъа а лоцуш Башлам тӀекхаччалц), Малхбален Кавказ (Башлам тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц).

Йоккха Кавказ дукха хӀокху заманан ша хьаьхна регион йу. Шаломан барам 2050 гергга бу, цара дӀалоцу 1400 км² гергга майда. Йоккха Кавказан ша хьаьхна меттигаш, ах сов, лаьтта Йуккъера Кавказехь (50 % барамах а, 70 % ша хьаьхна майданах). Ша хьаьхна меттигийн йукъ йу Эльбрус лам Безенгин пенаца тӀаьхь Безенгин шалам а болуш — иза уггаре боккха шалам бу Йоккха Кавказехь, бохаллехь 17 км гергга бу.

Йоккха Кавказ — ламанан регион йу тайп-тайпана ландшафташца, шорта эндемин ораматашца а, дийнаташца а (хьажа Кавказан лаьмнаш).

Йоккхачу Кавказан тӀехула — Доккхачу Кавказан дукъ тӀехула — чекхдолу Российн Федерацин пачхьалкхан доза Гуьржийчоьнца, Абхазица, Къилба ХӀирийчоьнца, Азербайджанца.

Шалаьмнаш нисйе бӀаьра

Шалаьмнийн берриг барам — 2050 гергга бу, ткъа йерриг майда йу 1424 км²[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Долгушин Л. Д., Осипова Г. Б. Ледники. — М.: Мысль, 1989. — 447 с. — ISBN 5-244-00315-1.

Литература нисйе бӀаьра