Кавказан лаьмнаш (абхаз. Кавказаа ашьхақәа, жӀай. Кавказалъул мугIрул, адыг. Къаукъаз къурш, азерб. Qafqaz dağları, эрм. Կովկասյան լեռնաշղթա, гуьрж. კავკასიონი, дарг. Кавказла дубурти, гӀалгӀ. Кавказан лоамаш, гӀебарт.-чергаз. Къаукъаз къурш, кхарач.-балк. Кавказ таўла, лаьзг. Къавкъаз, хӀир. Кавказы хæхтæ) — Ӏаьржа хӀордан, Азов-хӀордан а, Каспий-хӀордан а юккъера лаьмнийн система. ЦӀеран этимологи билгалйина йац[1]. Кавказ дукха хьолехь йоькъа Къилбаседа Кавказан а, Чоьхьара Кавказан а, доза туху Йоккха Кавказан Коьрта йа Хидоькъу дукъца, цуо юккъера меттиг лоцу ламанан системехь.

Кавказан лаьмнаш
Йоккха а, Жима а Кавказ, Къилба Кавказ. НАСА сурт
Йоккха а, Жима а Кавказ, Къилба Кавказ. НАСА сурт
Амалш
Кхоллаяларан мурпалеозой-кайнозой 
Майда1400 км²
Дохалла1100 км км
Шоралла180 км
Уггар лекха меттиг
Уггар лекха бохьЭльбрус 
Уггар лекха меттиг5642 м
Лаьтта меттиг
42°30′ къ. ш. 45°00′ м. д.HGЯO
Кавказ
Кавказан лаьмнаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йоккха Кавказ яьржина къилбаседа-малхбузера Ӏаьржа хӀордйистан Анапера а, Таманан ахгӀайренера а, Каспий-хӀордан Апшеронан ахгӀайрене, Бакохан герга кхаччалц, 1100 км сов. Йоккха Кавказан уггаре шуьйра меттиг Эльбрус лам болчохь ю (180 км гергга). Семанан декъехь лаьтта Коьрта Кавказан (я Хидоькъен) дукъ, цунна къилбаседехьа цхьа могӀа параллеле даккъаш ду (ламанан зӀенаш), царна йукъахь моноклиналан (куэстин) амале а (хьажа Йоккха Кавказ). Йоккха Кавказан къилбен басе доккхачу декъехь лаьтта кулисакепара даккъех, уьш тӀелетта ду Коьрта Кавказан дукъан. Ламастехь Йоккха Кавказ йекъало 3 декъе: Малхбузен Кавказ (Ӏаьржа хӀорд тӀера Эльбрус тӀекхаччалц), Юккъера Кавказ (Эльбрус тӀера Башлам тӀекхаччалц), Малхбален Кавказ (Башлам тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Откупщиков Ю. В. Очерки по этимологии. — СПб.: Изд. С.-Петербургского университета, 2001. — 479 с. — С. 310—318. — ISBN 5-288-02121-X

Хьажоргаш нисйе бӀаьра