Калган гӀалех хьажа Чжанцзякоу.

Калган[1] (лат. Alpinia) — Ӏаьмбарнаш (Zingiberaceae) доьзалера дукха шерийн бецан ораматийн кхаа кепах цхьаьнан орам:

Калган дарбане (Alpinia officinalis L.). «Köhler’s Medizinal-Pflanzen» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1887

Калганан даймохк лору Хайнань гӀайре (Цийчоь). Кхиабо Къилба Цийчохь, Таиландехь, Ява гӀайрен тӀехь (ХӀиндонези).

Калганан ораман тӀехулара чкъор дӀадоккху, хедабо 5—8 сантиметр еха нийса сенаш долу кийсигаш йой, якъайо.

Хьолаш нисйе бӀаьра

Калган а, Ӏамбар а цхьаьна доьзалера белахь а, кулинарехь цара вовшен хийца ца хуьйцу. Калганан Ӏамбарал шортта гӀоле хьожа ю. Къоначун хьожа башха тамехь хуьлу. Чомана калган чӀогӀа хаза хьожа йолуш, вагош, кӀуон ю.

Чамбийриг яьржина нийса сенаш болу кийсигийн кепара, чӀогӀа дечиган хебна тӀехуло йолуш. ЦӀиен-боьмаша бос бу, иза буьсу орам хадош а. Оцу хьесапца атта бу калган Ӏамбарах къасто.

Лелор нисйе бӀаьра

XVII—XVIII бӀешерашкахь калганах Малхбуза Европехь олура «оьрсийн орам». И цӀе йелла цунна, иза Цийчуьра Европе Россехула кхочуш хилла дела а, шуьйра яьржина хилла XVII бӀешеран оьрсийн кухнехь. Чамбийриг тухура кхехкийна чамбергех, мозан а, цӀиен комаран а брагах, сбитнах, кох. Калгано лора царна дийца хуур доцу ша-кепара хьожа.

XIX бӀешарахь дуьйна Малхбуза Европехь, алсама Францехь, даьржира галгантан даьтта, иза доккхура калганах коьртаниг вахон маларш деш лело. Иза сагал-бецаца цхьаьна лелийча чамбечо тойо цуьнан хьожа. Кхечу Ӏалашонна калган лелаяр кӀезиг хуьлу.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Оьрсийн маттара синонимаш: галанга, галангал, галгант, галган, альпиния, налганный корень, аптечный корень.