Кегийра коьртера элпаш, йа капите́ль (инг. small caps; нем. Kapitälchen; от лат. capitellum — корта) — могӀанан элпаш, даккхий элпаш кегийра дина гуш долу, гарнитурехь дахкар. Капительна а, могӀанан элпашна а йукъара башхалла гучуйоккхуш, иза кӀеззиг могӀана элпал лекха до, ткъа капителан хьаьркийн ахапрошаш йаккхий йо.

Капитель а, пелйоза а билгала доккхуш лелор
Лакхахь: боккъала капитель
Лахахь: даккхий элпаш кегийра дина кхаьчна синтез йина капитель

Дукха хьолахь капителан имитаци йо, даккхий элпаш кегийра а деш, амма цунах лардала деза, хӀунда аьлча уьш хаъал къаьста ойсараллийца а, контрастца а, шораллийца а.

Боккъала капителехь сизан а, символашна йукъара йукъан а стоммалла цхьаьна йогӀу кхечу элпашца. Цул сов, капителан элпаш мелла а лекха ду могӀанан элпел, дукхаха дерг, кӀеззиг шоръина пропорцеш йолуш.

Билгалдаккхар нисйе бӀаьра

Капитель лелайо латинан зорбанехь куьйга йозанан заманахь дуьйна.

Капитель лелор дика до ишттачу меттигашкахь:

  • аббревиатурашкахь (даккхий элпийн метта),
  • руман терхьаш дохкуш,
  • цӀераш билгала йохуш (даккхий элпашца ийна),
  • хьалхара дош къастош, наггахь коьртан хьалхара могӀа билгала боккхуш, «къаьсташ билгала яккхархьама коьртан йуьхьиг» (Я. Чихольд), ткъа кхин а, инициал лелийнехь, «инициал тӀера могӀанан элпашка дехьадалар кӀаддархьама» (А. Королькова),
  • драматургин кхолламашкахь а, сценарешкахь а турпалхойн цӀераш билгала йохуш.

Дика дац капительца йаздар йеха (2-3 дешал сов) фразаш а, предложенеш а: цуо гӀуо до йозан дешар.