Кевнахо (футбол)

футболех ловзуш ков лардийриг

Ке́внахо (кхин а голкипер инг. goalkeeper) — кевнаш лардеш волу футболех ловзархо. Коьрта Ӏалашо — дуьхьаларчу командин ловзархошна гол чутоха таро ца ялар. Дукхаха дерг ловзу кевнашна гергахь, гӀудан майданахь.

Куьйгашца ловзар нисйе бӀаьра

Кевнахо — цхьаъ бен воцу ловзархо ву, шена а хууш буьрканах куьг тоха йиш йолуш (аут йоцург). Цуо юхаетта кевнаш чуетта буьрка, схьалоьцу лакхахула йогӀу буьрка, гӀудан майдане а, кевнийн майдане а йелла пасаш, кхин а схьайоккху «дуьхь-дуьхьала» нисвеллачу ловзархочуьнгара.

1912 шарахь дуьйна кевнахочун хууш куьйгашца буьрканах хьакхавалар доза тоьхна ду гӀудан майданца, цул арахьа куьг тоха ца мега (хьалха магара шен агӀорачу командан декъехь миччахьа а куьйгаца ловза). Оцу гӀудан майданал арахьа кевнахо ловзу кхин болу аренан ловзархой санна (масала, шен гӀудан майданал арахьа буьрканах куьг тоьхначу кевнахочун аренан ловзархочунна санна таӀзар до). Шен гӀудан майданахь волуш, кевнахочун таро ю шен кевнашна чу буьрка тоха, куьйга буьрка а кхоьссина, и гол лорур а ю (иштта меттиг, масала, нисъелла 1971 шарахь ССРС чемпионатехь)[1]. Цу тӀе куьйгашца буьрка дуьхьаларчу командин кевнашна чукхосса кевнахочун бакъо йац — ловзаран официалан бакъонийн «10 бакъонца», «Нагахь кевнахочо дуьхьалчу командин кевнаш чу дуьххьал дӀа куьйгашца кхоссахь, буьрка кевнашна тӀиера аратуху.»[2]

Амма кевнахочун бакъо йац буьрканах куьг тоха, нагахь шен ловзархочо шега пас еллехь (оцу юкъахь йац гӀодаюкъал лакъарчу меженашца йелла пас, йа буьрка когаца сацийна, караэца мега), царна юкъахь аутера йелла пас а ю. Ца хууш шен ловзархочух схьакхоссаелла буьрка схьалацар мегаш ду. Нагахь кевнахочо накъосто хууш йелла буьрка куьйгашца схьаэцнехь, тӀаккха бакъонаш йохорна хӀоттадо паргӀата буьрка тохаран гӀуда.

Ловзучу хенахь кевнахо шен кевнашна уллехь латтахь а, цуьнан цхьан а бехкам бац кхечунхьа ловза а. Масала, кевнахочо дакъа лаца таро ю шен командин тӀелатаран гӀуллакхехь а, гол тоха а.

Ловзаран техника нисйе бӀаьра

Шен ловзарехь кевнахочо лелайо иштта приёмаш: буьрка сацор, дӀатохар/аратохар муьлххачу дегӀан меженца (схьа ца лацалахь), лакхахула тоьхна буьрка схьалацар.

Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш) нисйе бӀаьра

Кевнахо хила виеза атлетикин куц долуш, кхоссалуш, цуо ло цунна башха аьтту гӀуданан майданахь ловзуш, тӀахъаьлла, онда, акробат санна каде, мостагӀал хьалхавала хаа деза, буьрка муьлххачу агӀора сацо а, схьалаца а йа буьйнашца дӀатоха а хаа деза. Цуьнан буьрка тохар чӀогӀа хила деза, кхоссар гена хила деза, буьрка васхал тӀехула кхосса йа штангин арахьахула хьажо хаа деза.

Кевнахочун хаа деза кевнашкахь нийса меттиг лаца, араволуш воха ца веза, кевнашна хьалха дуьхьало хӀотто еза цуо, сихха контртӀелатар доло деза.

Кевнахочун ловзар хила тарло хьал хаа дезаш а, цӀеххьана нислучу а хьоле хьежа везаш а хуьлу, цигахь обшу хьуьнар, сиха реакци, концентрации, тидам хилар, аренан а, хенан а, динамикин а леларан нийсалла, цуьнан биомеханикин эвсаралла.[3] Леларан-координацин хьуьнарех кхетадо сиха, нийса, Ӏалашонца, экономица, сихха сацам барца, аьлча а дика лело леларан Ӏалашо (чолхе а, цӀеххьана хуьлушъерш муххале а)[4]

Экипировка нисйе бӀаьра

FIFA тӀеэцна футболех ловзаран 4 бакъонца, кевнахочун духар къаста деза шен командин кхечу ловзархойчуьнчех, дуьхьаларчу командин ловзархойчуьнчех, ткъа иштта матчан суьдхойчуьнчех. Цхьаболу кевнахой дика бовзура шайн духарца: Яшин Леван кунья яра "Ӏаьржа пантера", духаран бос бахьнехь, Хорхе Кампос къаьстара шен басарийн духарца.

 
Кевнахойн каранаш

Дукха хьолах командера хьалхара лоьмар йихкина хуьлу кевнахочух. Уггаре дика девза оцу низамера дӀавалар ду аргентинин кевнахочун Убальдо Фильолан, цуо лелийра 5 лоьмар 1978 шарахь, 7 лоьмар 1982 шарахь дуьненан чемпионаташкахь.

Берриг футболисташа лело декхарийлахь йолу коьрта экипировка йоцуш, кевнахочо леладо башха каранаш, цара кӀадйо буьркан чӀогӀалла, таро ло ца кхоьрруш буьркан доладан. ПӀелгаш чурадахарх лардеш башхаллаш йолу каранаш ду. КаратӀедожийна дац, амма говзанчаш кевнахой наггахь а ца ловзу уьш доцуш.

Магайо кхин амуници а, кевнахо йа кхин матчан декъахо лазоран кхераме йацахь, масала кӀеда ларваран гӀем йа кӀеда лаба йолу хураьшка. Масала, чехийн голкипер Петр Чех ша лазийначул тӀаьхьа ларваран гӀем лелош ву[5], оцу хенахь дуьйна цуьнан «визитан карта» хилла гӀемах.

Кевнахо хийцар нисйе бӀаьра

Ловзар сацийначу хенахь муьлхха а ловзархо меттигашца хийцавала йиш ю кевнахочуьнца (хьалха суьдхочуьнга а хаийтина), цул тӀаьхьа кевнахочун бакъо дехьайолу оцу ловзархочунна[6]. Практикехь и бакъо лелайо, кевнахо лазийча йа гӀудан йукъара ваьккхича, ткъа хийцаман барам чекхбаьлла йа кхин кевнахо воцуш меттиг хилча. Иштта хийцаман барам бан а бац. Бухахь кхин а 2 кевнахо (тӀедиллина) а, масех тӀелатаран а, дуьхьалонан а ловзархой бу кевнашка хӀитта йиш йолуш.

Кевнахой тӀелатарехь нисйе бӀаьра

Кевнахочун коьрта Ӏалашо — шен кевнаш лардар йолушехь, цхьаболу кевнахой ловзу шен кевнашна генна. Ишттачу кевнахойн декъехь бу Рене Игита, Хорхе Кампос, Брюс Гроббелаар, Мануэль Нойер. Иштта ловзаран кеп, кевнахочо гӀалат даккхахь, деса кевнашна чу буьрка тухуш хуьлу (иза нисделира, масала, 1990 шеран дуьненан чемпионатан 1/8 финалан матчехь, цигахь Колумбин Камерунца ловзочу матчехь Рене Игитин гӀалато колумбихой иэшийтира).

Цкъацца кевнахоша голаш а туху. Дукха хьолахь иза нисло ишттачу меттигашкахь:

ХӀинца говзаллин тӀегӀанехь кевнахошна юкъахь чутоьхначу голийн рекорд ю Рожерио Сенин. Хосе Луис Чилаверта уггаре дукха голаш тоьхна къоман гулйина командашна юкъахь (8), ткъа иштта кевнахошна юкъахь цхьаъ бен вац хет-трикан автор (иза хилира аргентинин клубаш «Велес Сарсфилд» а, «Феррокариль Оэсте» а ловзуш 1999 шеран ноябрехь; «Велес» туьйлира 6:1. Кхуьй а буьрка Чилаверта туьйхира пенальтера).

Говзаллин карьерехь уггаре дукха голаш тоьхна итт кевнахо нисйе бӀаьра

(2014 шеран 16 сентябран хьолехь)

ЦӀе Голийн барам Мохк Карьеран шераш Гулйина командехьа Хьажорг
1 Рожерио Сени 123   Бразили 1992—2015 1997—2006 IFFHS
2 Хосе Луис Чилаверт 62   Парагвай 1983—2005 1989—2003 IFFHS
3 Рене Игита 41   Колумби 1985—2010 1987—1999 IFFHS
4 Хорхе Кампос 40   Мексика 1988—2004 1994—2004 IFFHS
5 Димитр Иванков 40   Болгари 1995—2011 2003—2010 IFFHS
6 Джонни Вегас 39   Перу 1997—2017 1999—2000 IFFHS
7 Мишель Альваро 39   Сальвадор 1988—2010 1991—2005 IFFHS
8 Ханс-Йорг Бутт 29   Германи 1994—2012 1999—2010 IFFHS
9 Марко Корнес 24   Чили 1975—1998 1983—1995 IFFHS
10 Драган Пантелич 22   СР Югослави 1971—1985 1979—1984 IFFHS

Шеран уггаре дика кевнахой ФИСДФ версица нисйе бӀаьра

Шо Ловзархо Клуб
1987
  Жан-Мари Пфафф   Бавария Мюнхен
1988
  Дасаев Ринат   Спартак Москох
1989
  Вальтер Дзенга   Интернационале
1990
1991
1992
  Петер Шмейхель   Манчестер Юнайтед
1993
1994
  Мишель Прюдомм   Мехелен
1995
  Хосе Луис Чилаверт   Велес Сарсфилд
1996
  Андреас Кёпке   Олимпик Марсель
1997
  Хосе Луис Чилаверт   Велес Сарсфилд
1998
1999
  Оливер Кан   Бавария Мюнхен
2000
  Фабьен Бартез   Манчестер Юнайтед
2001
  Оливер Кан   Бавария Мюнхен
2002
2003
  Джанлуиджи Буффон   Ювентус
2004
2005
  Петр Чех   Челси
2006
  Джанлуиджи Буффон   Ювентус
2007
2008
  Икер Касильяс   Реал Мадрид
2009
2010
2011
2012
2013
  Мануэль Нойер   Бавария
2014
2015
2016
2017
  Джанлуиджи Буффон   Ювентус
2018
  Тибо Куртуа   Реал Мадрид

Оьздангаллин а, исбаьхьаллин а кхолламашкахь нисйе бӀаьра

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Случай с вратарём, «Физкультура и спорт», № 7, 1971 год
  2. официальный перевод РФС Правил игры в футбол на сезон 2019/20, стр. 93
  3. Берштейн, Н.А. О ловкости и ее развитии / Н.А. Бернштейн. — Москва, 1991. — С. 228 с..
  4. Шамардин, А. А. Координационные способности юных футболистов как критерий прогнозирования их специфических двигательных возможностей // Известия Волгоградского государственного педагогического университета. — 2008. — № 1 (25). — С. 115—117.
  5. Футбольной вратарь сборной Чехии и лондонского «Челси», один из лучших голкиперов мира
  6. The International Football Association Board. Правила игры. — Zurich, Switzerland, 2019/20. — С. 51. — 230 с.
  7. 2 ноября 2013 года вратарь «Сток Сити» Асмир Бегович забил «Саутгемптону» на 12-й секунде встречи — Бегович выбил от своих ворот, и мяч, перелетев через Артура Боруца, оказался в сетке.
  8. Бразильский вратарь забил победный гол из своей штрафной // 8 марта 2015