Ки́то (испан. San Francisco de Quito) — Эквадоран коьрта шахьар, кхин а политикин, экономикин, оьздангаллин йукъ, цӀе тиллина шира индахойн киту тайпанах. Бахархойн барамца (Гуаякилал тӀаьхьа) Эквадоран гӀала. 1978 шарахь Кито а, Краков а хилира ЮНЕСКОн Дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьенан испискин йукъатоьхна хьалхара гӀаланаш.

ГӀала
Сан-Франциско-де-Кито
испан. San Francisco de Quito
Сурт
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
0°13′07″ къ. ш. 78°30′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Эквадор
Мэр Santiago Guarderas
Истори а, географи а
Йиллина 1534 шеран 6 декабрь
Майда 290 км²
Центран локхалла 2850 м
Сахьтан аса UTC-5
Бахархой
Бахархой 1 739 000 стаг (2014)
Официалан мотт Испанхойн мотт, Кичуа (мотт)[d]
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +593 2
Поштан индекс EC1701 (керла формат), P01 (шира формат)
quito.gob.ec (испан.)
Картин тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито картан тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито
San Francisco Plaza, Кито

Этимологи нисйе бӀаьра

ГӀала йиллина 1534 шарахь испанхоша индахойн йуьртан меттигехь, цӀе тиллина индахойн тайпанан китун[1] этнонимах.

Географи нисйе бӀаьра

Кито лаьтта Къилба Америкин къилбаседа-малхбузен декъехь, Андаш лаьмнашна йуккъера чутаьӀенехь, Пичинча тӀапломан къилба басенехь, хӀордан тӀегӀанал 2818 м лакхахь. Гала лаьтта экваторал 24 км къилбехьа. ГӀалин майда 290 км² гергга йу.

Кито йиллина тӀапломан чим тӀехь, цуо сихха дӀахӀуду тӀуналла. Цуо хала кхуьийта Эквадорехь алсама лелайо орамаш. ГӀалин гергара латтанаш индахоша XV бӀешарахь даьхний дажадарна, хӀинца Китон йисташкахь лохий коьллаш бен ца кхуьу, къе хьаннаш а йолуш.

Китон йисташкара дийнаташ цхьацца кепара рептилеша а, олхазарша а, цӀий муьлу бирдолагаша а, кӀеззиг декха дийнаташа а бен ца гойту.

Транспорт нисйе бӀаьра

ГӀалахь болх беш йу сиха лела автобусан транспорт «Red Integrada de Transporte Público». Цуьнан аса гӀалех чекхйолу къилбаседехьара къилбехьа, йекъна кхаа декъе: троллейбусан «баьццара аса» гӀалин йуккъехь, «цӀен аса» къилбаседа-малхбален декъехь, «сийна аса» къилбаседа-малхбузен[2], болх беш йу метро[3].

2012 шеран августехь муниципалитето дӀайиллина цхьаьна «Bici Q» вилсапеташ лело система[4][5][6].

Дуьненайукъара аэропорт Кито — Марискаль Сукре[en] — лаьтта гӀалин йукъан 18 км генахь, Табабелин приходехь. Иза болхбан йолайелла 2013 шарахь, гӀалин чохь йолу шира аэропорт хийцина.

Климат нисйе бӀаьра

Кито лаьтта субэкваторан климатан асанехь. Амма хаъал гӀала хӀордан тӀегӀанал лакхахь хиларна цигахь тропикин тов ца хуьлу, ткъа экваторна гергахь хиларна жимйо шеран температураш шарахь лестар, иза дерриг шеран дохаллехь лаьтта +13…+15 °C. Амма цуьнца цхьаьна хаало йоккха башхалла дийнан а, буьйсанан а температурашна йукъахь. Шеран йуккъера максимум хуьлу +19,3 °C, шеран йуккъера минимум хуьлу +9,8 °C.

Китон махкахь хуьлуу 1200 мм гергга йочанаш шарахь, коьртаниг сентябрера май кхаччалц тӀекхоьссина догӀу догӀан кепара.

Китон амалехь ду догӀанийн шеран зама а, йекъа зама а. ДогӀанийн хьалхара зама лаьтта декабрера март кхаччалц, шолгӀа — июнера сентябрь кхаччалц. Йекъачу заманах гӀала йиллина йу къилбехьара шийлачу механна, оцу муьрехь наггахь де-бусанан йуккъера температура хуьлу +10 °C гергга. Наггахь гӀоролаш а хуьлу, амма ло ца хуьлу, хӀунда аьлча оцу муьрехь йочанаш ца хуьлу ала мегар ду.

Китон климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 29 26 32 25 30 29 31 25 29 25 29 29 32
Юккъера максимум, °C 19 19 19 19 19 19 20 20 20 20 19 19 19,3
Юккъера температура, °C 14 15 15 15 15 15 14 15 15 15 14 14 14,7
Юккъера минимум, °C 10 10 10 10 10 10 9 9 9 10 10 10 9,8
Юьззина минимум, °C 1 0 0 0 1 0 1 1 1 1 0 1 0
Йочанан норма, мм 114 130 152 175 125 48 20 25 79 127 109 104 1209
Хьост: Meoweather[7], Weather Channel[8]

Бахархой, мотт, дин нисйе бӀаьра

 
Коьртачу урамех цхьаъ «Авенида Венесуэла»

«Тхан накхоша довха цӀогӀа детта, — цара маршалла хоьтту хьоьга, лийр йоцу гӀала!» (гӀалин шатлакхан иллин хьалхара могӀарш).

2005 шарахь бахархой багарбарца, Китохь веха 1 856 501 стаг. Кито — Эквадорехь шолгӀа гӀала йу бахархойн барамца, цул сов вахархо Сантьяго-де-Гуаякиль гӀалахь бен вац. Къоман хьесапца Эквадоран коьрта шахьран бахархой дукха кепара а, дикка ийна а бу. Пхеаннах ши дакъа — индахой кечуа бу, ши дакъа — испанхой-индахойн чӀаьнкъа бу, цхьа дакъа гергга — хӀуӀаьржаш бу, дисина жима дакъа — европин а, азин а мехкашкара схьабевлларш бу.

4 % гергга бахархой йеша-йаздан хууш бац. ГӀалара дукхаха болу бахархой керстанаш-католикаш бу.

ГӀала кхиаран истори нисйе бӀаьра

Кито йиллина 1-ра эзар шарахь, киту тайпанан йукъ йара, цара 980 шарахь гергга къардира кара къам. XV бӀешарахь иза йаьккхира инкаша.

 
ГӀалин дуккха а урамалгех цхьаъ гар

1534 шарахь капитана Себастьян де Белалькасара тӀаьхь шира индахойн гӀала йолу мохк баьккхира, цигахь йиллира испанхойн йуьрт Сан-Франсиско-де-Кито. Хроникахочо Сьеса де Леона ма-чӀагӀдарра: «Себастьян де Белалькасара йиллира нах ховшийра [испанхой], ткъа тӀаьхьа Паччахьалла Перун а, Керла Кастили провинцин а губернатор а, капитан-инарла а волу аделантадо дон Франсиско Писарро волуш, 1534 шарахь Ӏийса пайхамар   винчура схьа, губернатор а, аделантадо а хилира Попаян провинцин, вайн элин, императоран дон Карлосан цӀарах». Формалан гӀала йиллина Белалькасар Кито шолгӀа веинчул тӀаьхьа 1534 шеран 6 декабрехь муниципалан акт хӀоттийначул тӀаьхьа. ГӀалин Ӏедал лело хӀоттийра 2 алькальд, 4 рехидор, 1 нотариус. ТӀаьхьуо гӀалин цӀе лело йолийра йацйина вариантехь. 1541 шарахь йуьртах гӀала йира. 1563 шарахь гӀалахь кхоьллира Сенат а, Паччахьан Аудиенси а, хьалхара президент хилира Фернандо де Сантильян.

Коьрта шахьрахь а, гуонахьара меттигашкахь а испанхой сов бевлча, жигара охьатовӀо болийра индахой, иза чекхделира лолла хӀотторца. 1592, 1765, 1809 шерашкахь гӀовттамаш хилира испанхойн мохкбаккхархошна дуьхьала.

1822 шеран 29 майхь коьртехь Боливар Симон волу гӀаттам толамца чекхбелира, тӀаккха мацах цкъа испанхойн колони хилла Китос кхайкхийра шайн пачхьалкх йозуш цахилар, цул тӀаьхьа 1826 шарахь йукъайахара Сийлахь Колумбина.

Оьздангаллин маьӀна нисйе бӀаьра

ЮНЕСКОн Дерриг дуьненан тӀаьхьенан объект
Кито гӀала[* 1]
City of Kito[* 2]
 
Мохк   Эквадор
Тайп Оьздангаллин
Критереш ii, iv
Хьажорг 2
Регион[* 3] Латинан Америка а, Карибаш а
Юкъатохар 1978 шо (2-гӀа сесси)
 
Президентан гӀала.
 
ГӀалин Къилба декъера урам
 
Мадоннин хӀоллам[en]

Китохь цхьаьна йу дукха ламасташ а, оьздангаллаш а. ГӀалин архитектура билгалйолу гармоница йуьйцина испанхойн, голландхойн, цхьаццанхьа индахойн гӀишлойн хатӀца.

Ша гӀала лаьтта шунаш долчу меттигехь, боккхийра шунаша йекъна кхаа декъе: йуккъера декъехь лаьтта колонин муьрера шира гӀара музейшца а, иэсашца а; гӀалин къилба декъехь коьртаниг белхалойн классан хӀусамаш а, промышленностан предприятеш а; къилбаседа дакъа — ХӀокху заманан Кито — дуккха а финансийн йаккъаш, универтуькнаш, банкийн а, йеза а гӀишлош. ГӀалин къилбаседа декъехь лаьттара Кито гӀалин Дуьненайукъара Аэропорт, хӀинца дехьайаьккхина Табабела приходе.

Guápulo, Кито нисйе бӀаьра

ХӀокху заманан Кито нисйе бӀаьра

ГӀаланаш-вежарий нисйе бӀаьра

Говзаллехь нисйе бӀаьра

  • Медведев Олеган «Эльдорадо» эшар[9] йолало "Ӏа дика йойла, набаран Кито..." могӀанца йолало.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Поспелов, 2002, с. 205.
  2. Sistema Convencional de Transporte (es) : diario. — Metrobús Quito. Архивйина 2008  шеран  29 сентябрехь. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 13 октябрехь 2014. Архивировано 10 сентябрехь 2008 года.
  3. В столице Эквадора заработало метро. ТӀекхочу дата: 25 январехь 2023. Архивировано 24 январехь 2023 года.
  4. BiciQ Bicicleta Pública (исп.). BiciQ. ТӀекхочу дата: 13 сентябрехь 2013. Архивировано 18 сентябрехь 2013 года.
  5. "Bici Q: 1.078 carnetizados". La Hora - Nacional(испан.). Quito, Ecuador: La Hora. 2012-08-31. Архивировано из оригинала 2013 ш. 25 июлехь. Дата обращения: 2013 ш. 13 сентябрехь.
  6. "La bici pública rodará desde el martes". El Comercio.com(испан.). Quito: Grupo El Comercio. 2012-07-27. Архивировано из оригинала 2013 ш. 28 июлехь. Дата обращения: 2013 ш. 13 сентябрехь.
  7. Weather history for Quito, Pichincha, Ecuador. 'Meoweather. ТӀекхочу дата: 14 декабрехь 2011. Архивировано 20 августехь 2012 года.
  8. Monthly Averages for Quito, Ecuador. The Weather Channel. ТӀекхочу дата: 18 октябрехь 2012. Архивировано 20 октябрехь 2012 года.
  9. Эльдорадо, Олег Медведев. ТӀекхочу дата: 30 сентябрехь 2017. Архивировано 10 сентябрехь 2016 года.

Литература нисйе бӀаьра

оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра