Коммуни́зм (схьадаьлла лат. commūnis «йукъара» бохучу дашах) — теоретикин йукъараллин а, экономикин белхан гӀирсийн йукъара бахаман тӀехь бух болу а хӀоттам, цуьнца латтайо социалан нийсалла[1]. Кхин а «коммунизм» дукха хьолехь олу аьрру йистера, коммунистийн йукъаралла хӀоттор Ӏалашо йолу идеологех[2]. Оцу контекстехь цхьаьнатуху тайп-тайпана ишколаш а, некъаш а, масала марксизм, социалан анархизм (анархо-коммунизм), ткъа кхин а царна гергара политикин идеологеш.

Практикехь иштта хӀоттам цкъан а ца хилла, амма «коммунистийн пачхьалкх» термин леладора малхбузен прессо ССРС а, шеш социалистийн кхайкхийна йа лору мехкаш хьахош.


Марксизман бух биллинчеран белхашца, коммунизман ойла йу лакхара кхиина белхан ницкъаш хилийта, пачхьалкх, ахча, йукъаралла социалан классашка бекъабалар ца хилийтар. Ойла йу, белхан гӀирсийн йукъараллин бахам баржийча иза дерриг хила тарло аьлла[3]. Коьрта хьесап: «ХӀораммо — хьуьнаршца, хӀоранна — оьшшучул!»[4]

Термин «хьалхара бахаман коммунизм» леладо йукъараллин тайпанийн классел хьалхара хӀоттам буьйцуш (советийн историн терминологехь — «хьалхара бахаман-йукъараллин хӀоттам»).

Терминан истори нисйе бӀаьра

1830-гӀа шерашкахь и термин, «коммунист» терминан тӀаьххьа, гучуделира Францехь, цуьнца билгалдохура шеш а, шайн ойла а долара бахам а, дахар а радикалан агӀончаша[5][6]. Керлачу талламашца, термин йукъайолу 1834 шеран Лионера гӀаттаман гуонехь фурьехойн Гражданинан а, адаман а бакъонийн йукъараллехь, амма 1840 шарахь бен йукъа ца догӀу политикин дийцарийн йесалле[7]. Нисса 1840 шарахь Парижехь арадала доладелира масех коммунистийн журнал[8]. Печерин Владимир дитира 30-гӀа шерашкара коммунистийн гуонан къегина сурт (Бабёф Гракьх агӀончаш), иза ша а вара царна йукъара — цуо гайтарехь, коммунизм адепташна гуора гуттаренна цхьаьна дуу той санна, амма, «гуттаренна болх бечу гильотиница»[9]. Термин къамел доцуш сихха чӀагӀ ца делира: иштта, Кабес 1842 шарахь арахийцира жима жайна: «Douze lettres d’un communiste a un reformiste sur la communauté» («Коммунистан реформистейукъарачух лаьцна йаздина шийтта кехат»), шен ойлана communauté (йукъаралла) термин лелош, ткъа communisme (коммунизм) ца лелош — и термин кхин а лелийра Буонарротис[10]. Оуэн Робертан ингалсан дешархочо Бармби Джон Гудвина шена тӀейаздора термин кхолларан сий, тешабора, ша дуьххьара Парижехь 1840 шарахь лелийра иза цхьаьна Бабёф Гракьхан тӀехьанчашца къамел деш, цара шайн ойланах олура «эгалитаризм» — ткъа ша цунах элира «коммунизм»[5] аьлла. Марксан йаззамашкахь термин дуьххьара хьахийна 1842 шарахь. 1848 шо кхочуш иза чӀогӀа шуьйра даьржира, тӀаккха Маркса а, Энгельса а «Коммунистийн партин манифестехь» йаздира: «Мичхьа йу и, Ӏедалехь болу цуьнан мостагӀаша, коммунистийн йу аьлла гӀарайоккхур йоцу, оппозицин парти? Мичхьа йу и оппозицин парти, шен рогӀехь коммунизмех бехке йеш тӀе эхь доуьйту бехкаш бохку, уггаре хьалхарчу оппозицин векалшна а, иштта шайн реакцин мостагӀашна а?».

«Коммунизм» дош леладора мостагӀаша алсама барамера болу социалистийн ойланаш бехйеш, тӀаккха «социализм» дукха хьолахь кхетайора «коммунизман» синоним санна. 1842 шарахь социализман а, коммунизман[11] а хьалхара очерк арахецначу Штейн Лоренца, тӀедуьллура доккха доза хӀоттор оцу шина ойлана йукъахь[12] (бакъ долуш, социалисташна а, коммунисташна а йукъахь оцу хенахь боккъа къовсам бара боьдуш, церан гуон йукъара арарчарна иза ца гора[8]). «Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошамо» церан башхалла иштта къастайо: «коммунисташ, социалисташа санна, коллективизман хьесап арахецарна а, декъарна а даржийна ца Ӏа, амма даржадо арахецна сурсаташ лелорна а, цуьнца цхьаьна хӀаллакйо дахарера кӀад боцу хӀуманийн хӀоранна маршо»[12] (амма циггахь билгалдоккху, Милль Джон Стюартан коммунизм го нисса декъарца, ткъа социализм — белхан гӀирсийн йукъараллин долараллица[8]). В. И. Дала социализм билгалйоккху «гражданийн а, доьзалан а бахам доттагӀаллин йа артелан кхоллам лору дешар санна», ткъа коммунизм — дерриг долара хӀума дӀатотту дешар санна, цу тӀе билгаладоккху, «йисттера социализм коммунизме йужу»[13] олий. XIX бӀешеран талламчаша, цхьаъ санна массара а, коммунизм лорура цӀенна абстрактан а, метафизикин а идеологин система, оцу маьӀнехь социализмана дуьхьала доккхура, ткъа цуьнца къобал дора практикин маьӀна[8].

Маркса а, Энгельса а коммунистийн а, социалистийн а ойланашна йукъара дуьхьалонаш дӀайехира. Цара йуьхьанца дуьйна дуьйцура коммунизм муьрийн процесс йу бохучун, иза цара дуьйцучун жамӀ дара. Церан хьалхара муьрашца тардолуьйту социалисташ «вуьгу коммунизме» боху тӀедиллар кхочушдар, ткъа тӀаьхьарниг, лакхара мур бу цӀенна коммунизман, иза боьзна сценин тӀе керла чкъор даларх, церан хила ца йеза долара бахаман инстинкташ[14]. Иштта коммунизмах теорера идеал йеш, цунна тӀаьхьахӀиттинчара къийсамаш латтабора социалистийн ойланаш практикехь кхочушйан гӀерташ: Н. В. Водовозовс «БЕЭДехь» билгалдоккху, «Коммунистийн манифеста» арадаьллачул тӀаьхьа коммунизм «дӀа а йолий, йаьржа социализмехь»[8]. Терминологехь, хин йолу йукъараллех лаьцна дийцича, Маркса а, Энгельса а нийсархошна тӀаьххье термин «коммунизм» а, «социализм» а лелайо синонимаш санна[2]. 1875 шарахь «Готийн программин йемалаллехь» Маркса кхеташ формула йоккху коммунистийн йукъараллин шина фазанах йолу ойланех: хьалхара, коммунистийн, ара бен ца йолу капиталистийначунна йукъара, дуьсу цуьнан «тӀеданаш», шолгӀа (лакхара), цуьнца «йукъаралло шен байракх тӀехь йазлур ду: ХӀораммо хьуьнарца, хӀоранна хьашташца!»[15]. Хьалхарчу тӀегӀанна тӀехь цӀе йисина «социализм», вукханна – «коммунизм». И ойла схьалецира Ленина, цунах хилира ленинизман идеологехь коьртачех цхьаъ.[2]. 1917 шарахь социализм йар практикин Ӏалашо кхайкхийна, иштта Ленина коммунизман генара роль йелира, амма тӀекхача таро йолу Ӏалашонехь йолу, ткъа реформахойн социал-демократехь иштта Ӏалашо социализм йара. Цигара схьа, Ленина йукъадилларца 1918 шарахь Российн социал-демократин белхалойн партис (большевикийн) тӀеийцира цӀе «коммунистийн» аьлла: «социалистийн хийцамаш барца, вайн билггала гуш хила йеза вайн хьалхара Ӏалашо, и хийцамаш хьажийна Ӏалашо, нисса аьлча коммунистийн йукъаралла йаран Ӏалашо»[16]. РСДБП(б) цӀе а хийцина, 1919 шарахь III (Коммунистийн) Интернационал кхоьллинчул тӀаьхьа, «коммунизм» ала долийра марксизман ленинан вариантан идеологех а, политикин боламах а, ткъа кхин а церан политикин практикех («реалан коммунизм», французийн историко Куртуа Стефана(Франц.) билгалдаккхарехь[17]) а.

Коммунистийн ойланийн истори нисйе бӀаьра

Адамалла кхиаран хьалхарчу тӀегӀанашкахь бахаман йукъараллин бух тӀехь хьалхара бахаман коммунизм адаман йукъараллин цхьаъ бен йоцу кеп йара. Бахам а, социалан агӀора декъадаларан жамӀехь хьалхара бахаман-йукъараллин чкъор кхолладаларца йукъайаьлла классийн йукъараллица коммунизм йолуш йолчу практикера дехьайелира нийсонан йукъараллин ойланан оьздангалле, Дешин бӀешере, цунах терачуьнга а.

Коммунистийн кхетам ша кхоллалуш дуьйна тӀегӀортара бахаман йукъараллин бух тӀехь социалан нийсо тӀейуьллуш. Йуккъера бӀешерийн Европин коммунизман дуьххьарлера формулировкех цхьаъ йара керсталлин теологин а, мискаллин (тар ма далийта къоьллийца) философин кепара политикин а модернизаци йан гӀертар. XIII—XIV бӀешерашкахь иза кечйина, практикехь лело гӀиртира францисканийн радикалан тӀомера векалш. Уьш цхьатерра дуьхьала лаьттара мистикин йа мозгӀарийн аскезин а, долара бахаман абсолютизацин а. Мискаллехь царна гора дуьненан нийсаллин а, йукъаралла къелхьара даккхаран а хьелаш. Дуьйцург йукъара бахам хилла ца Ӏара, дуьйцург берриг бахам дӀататтар дара. Цу тӀе коммунизман идеологи керсталлин-динан йара.

XV бӀешеран Чехера ГусгӀеран боламан (Ян Гус), XVI бӀешерера Германера ахархойн тӀеман (Т. Мюнцер) радикалан декъахойн революцин къийсамийн лозунгаш хилира бахаман а, ахчанан а Ӏедал дожоран кхайкхамаш, нах цхьаьна тӀегӀанехь болу бух тӀехь нийсонан йукъаралла хӀоттор, цуьнца цхьаьна йукъара бахам а болуш. Оцу ойланийн бух динан балахь а — [[Ӏийса пайхамар|Ӏийса пайхамаран Кеп:Ӏ.c.]] хьалха берриш цхьабосса бу, бахам хиларо а, ца хиларо а и дохо йиш йац. Йукъатоттура динан гӀуллакхехь а нийсо лелор. Масех бӀешо тӀаьхьа йукъайолу эгалитаран коммунизм — цуьнан бух XVII—XVIII бӀешерийн буржуазин революци йу, масала XVII бӀешеран Ингалсера (Дж. Уинстэнли) а, XVIII бӀешеран чеккхенгара Францера (Г. Бабёф). Кхоллало коммунизман дуьненан идеологи. Адамийн вовшашна хьалха,йукъара бахамца, маршо а, нийсо а лело йукъаралла кхолларан ойла йаьржа (йа эгалитаран кепара дӀадерзадо долара а, йукъара а бахамаллин йукъара дов). Долара бахам дӀа ца тотту, ткъа гӀурту йукъараллин беркатна куьйгакӀела бало.

Хьалхара система йина коммунистийн кепара дахар гаран теорица кечйар тӀегӀоьртира XVI—XVII бӀешерийн гуманизман ойланна (Т. Мор, Т. Кампанелла) а, XVIII бӀешеран французийн Серлонан ойланна (Морелли, Г. Мабли). Хьалхарчу коммунистийн литературехь хуьлура халваталлин а, нисдаран а хьехамаш, Цуо йора иза гӀирсийн арахецаранна областера прогрессан дуьхьала Ӏалашо йолуш. Йукъараллин коьрта бала экономикехь ца гора, политикехь а, эхь-бехкаллехь а гора.

Цул тӀаьхьара коммунизман концепци йелира белхан социализман контекстехь — К. Марксал а, Ф. Энгельсал а хьалха Ш. Фурьех. Экономикин дуьхьалонийн кхетам хуьлу йукъаралла кхиаран механизм санна. Йукъараллин баланийн йуккъе хӀоттабо къинхьегам а, иза капиталан куьйгакӀела бахийтар а.

Оьздангаллехь а, исбаьхьаллин кхолламашкахь а нисйе бӀаьра

 
Седарчашка некъ буьллу коммунисташа. Поштан блок, ССРС, 1964
 
Коммунизм тоьлар йу! Марксан проспектера ААЙ «Интурист» гӀишлон тӀера лозунг, Москох, ССРС, 1984

Берийн «ХӀун йу? Мила ву?» энциклопедехь (1968) коммунизмах лаьцна дуьйцура[18]:

Коммунизм — уггаре хьекъале а, нийса а йукъараллин хӀоттам бу, маршонан, самукъанен, ирсан хӀоттам.

Советийн Ӏилманан-фантастикин литературехь коммунистийн мукъмийн, и жанр махкахь йукъайаьллачу хенахь дуьйна, коьрта маьӀна хуьлура.

Вайн болх — советийн Ӏилманан фантастикех коммунизм йаран, дерриг дуьненахь, исбаьхьаллин а, ойлаллин а кхолламаш айаран новкъа, коммунистийн ойланаш йаржоран герз дар.

И. Ефремов. Наука и фантастика // Литературная газета, 17 сентября 1963

Амма 1930—1950-гӀа шерашкахь иза йара коьртаниг «гергара Ӏалашонан фантастика», цуо гойтура коммунистийн йукъаралле дехьавалар, ткъа и йукъаралла ша ца гойтура.

И. А. Ефремовс къегина а, позитиван а гайтина къинхетаме коммунистийн йукъаралла шен гӀарайаьллачу романехь «Андромедин дохк» (цуьнца йаьккхира изза цӀе йолу фильм). Оцу авторан коммунистийн тӀаьхьенан адамех лаьцна гар кхиар дуьйцу повестехь «Лаьхьан Дог» а, романехь «БугӀан сахьт» а.

Коммунистийн тӀаьхьенан шайна гар охьадиллина А. БогдановсЦӀен седа»), вежарий СтругацкийгӀарЭха дийнан дуьне»), Лем СтаниславаМагелланан марха»), Г. МартыновсГианэя», «Бух боцучуьра хьаша»), Г. Альтовс («Морцу хьекъал»), В. СавченкосДукъхадорал дехьа»), В. Назаровс («Дуьненан баьццара неӀарш»[uk]), С. ЛукьяненкосСедарчий — шийла ловзо хӀуманаш»), иштта антиутопи а — В. ВойновичаМоскох 2042»).

Коммунистийн йукъаралла йуьйцу Малхбузен фантастикехь, иза гайтина «Седарчийн некъ» сериалехь.

Коммунистийн тӀаьхьенан йукъаралла шайн кхолламашкахь йийцина Г. УэллсАдамаш деланаш санна»), У. Ле ГуинДекъа бисинарш»), Т. Старджон («Ксанаду планетин исбаьхьалхо» — инг. The Skills of Xanadu/гоч. Нора Галь).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Райзберг Б. А., Лозовский Л. Ш., Стародубцева Е. Б. Коммунизм // Экономический словарь, М.: Инфра-М, 1999
  2. 1 2 3 Dagger R., Ball T. Communism // Encyclopaedia Britannica
  3. Долара бахам дӀабаккха беза, ткъа цуьнан меттана берриг белхан гӀирсаш йукъара лелор а, йукъара бертаца сурсаташ декъар йа йукъара бахам хилар. Долара бахам хӀаллакбар бу уггаре боца а некъ. Цундела коммунисташа нийса тӀедуьллу долара бахам хӀаллакбар (Энгельс Фридрих «Принципы коммунизма»)
  4. С введением социалистического общественного строя государство само собой распускается и исчезает. <…> [Рабочий] получает от общества квитанцию в том, что им доставлено такое-то количество труда (за вычетом его труда в пользу общественных фондов), и по этой квитанции он получает из общественных запасов такое количество предметов потребления, на которое затрачено столько же труда. <…> Когда вместе с всесторонним развитием индивидов вырастут и производительные силы, и все источники общественного богатства польются полным потоком, лишь тогда можно будет совершенно преодолеть узкий горизонт буржуазного права, и общество сможет написать на своём знамени: «Каждый — по способностям, каждому — по потребностям!» (К. Маркс «Критика Готской программы»)
  5. 1 2 Communism Архивйина 2016-11-28 — Wayback Machine // History Dictionary
  6. [Donald F.Busky Communism in history and theory. Greenwood Publishing Group, 2002. p. 82 ISBN 0-275-97748-X
  7. Cahiers d’Histoire N77 — Mouvements communistes dans la France des annees 1830—1840
  8. 1 2 3 4 5 Водовозов Н. В. Коммунизм // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  9. Владимир Печерин. Оправдание моей жизни (Замогильные записки) Глава АПОСТОЛ КОММУНИЗМА И "CONSPIRATION DE BABOEUF
  10. Conspiration pour l’Egalite par Ph. Buonarroti, Bruxelles, 1828, p. 214
  11. Der Sozialismus und Kommunismus des heutigen Frankreich («Социализм и коммунизм в современной Франции»), Leipzig 1842
  12. 1 2 Кареев Н. Н. Социализм // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  13. «Социальность» // Даль В. И. Толковый словарь живого великорусского языка
  14. Энгельс Ф. Принципы коммунизма
  15. Маркс К. Критика Готской программы
  16. В. И. Ленин. Полн. собр. соч., 5 изд., т. 36, с. 44
  17. Куртуа С.(Франц.) Преступления коммунизма // Чёрная книга коммунизма
  18. Коммунизм // Что такое? Кто такой?. — 1968.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Урхаллин кеп, политикин дӀахӀоттамаш, системаш
Ков:Политика · нисъе