Конгрив Уильям (William Congreve; 24 январь 167019 январь 1729, Лондон) — классицизман муьран ингалсан драматург, лаьттина британин амалийн комедийн хьостехь, цIе а тиллина «ингалсан Мольер» аьлла. Цуьнан пьесаш къаьста суьйнаш туьйсучу хьекъалан диалогашца, модан тайпанаш сатирица кховдор, стюартгIеран Реставрацин претенцин леларшка аьшнаш ярца хьажар.

Конгрив Уильям (1709)

Биографи нисйе бӀаьра

Конгрив кхиина, дешна Ирландехь. Дублинан Тринити-колледжехь цуьнан накъост вара Джонатан Свифт. Сийлаллин революцил тIаьхьа КонгривгIар охьахевшира Стаффордширехь, ткъа жима къуонах хьажийра Лондоне юридичеси стажировке. Бакъо Iаморан дешаран меттана цуо псевдонимца 17 шо долуш ша йазйина йайн «Ца йевзарг» пьеса арахийцира. Иза тидаме ийцира, ингалсан литературин чам бевзачу, законаш кхуллучо — Драйден Джона. 1693 ш. Конгрива а, Драйдена а цхьаьна болхбира Персий а, Ювенал а сатираш гочйеш.

1693 шеран мартехь Конгриван цIе къевкъира йерриг Лондонехь: цуьнан хьалхара «баккхийчеран» пьеса, цамгарах туолучу хенахь йазйина йолу, «Зуда йалонза къанвелларг», хIоттийра сийдолчу Друри-Лейн театрехь, сценин тIиера шина кIирнах дIа а ца йелира, иза оцу заманахь наггахь бен хуьлуш боцу аьтту бара. Драйдена кхайкхийра «Зуда ялонза къанвелларг» шен заманан уггаре дика театран дебют, ваккхийверца йазйира волалучу авторо «Шалха ловзар» цIе йолчу кхоалгIа пьесан чувалар. И пьеса хIоттийра декабрехь, къегина йолу драматургин говзалле хьаьжна ца Iаш, чолхе мах хадийра коьрта шахьран театран мах бевзачара.

1694 шарахь паччахьан Друри-Лейн театран труппехь къаьстамаш хилира, паччахьан дийзира цхьа дакъа актёраш керлачу театре Линкольн-Инн-Фильдсе дехьабаха. Иза дIайиллира 1695 шеран апрелехь, конгриван «Безаман дуьхьала безам» цIе йолчу пьесица, цуьнан боккха аьтту хилира. Драматурган кховдийра театран куьйгаллехь меттиг, ткъа цуо дош лора хIора шарахь цхьацца пьеса театран яла.

 
«Иштта лела дуьненахь» цIе йолу дуьххьарлера комеди арахецар (1700)

Конгрива паччахь-аьзни Мария йаларан элеги йазйинчул тIаьхьа цуьнан белхаш безарш хилира британин йукъараллин лакхарчу чкъоьрашна йукъахь а, йелира цунна лакхара алапа долу синекура акцизан урхаллехь. Моде йовлуш йара оцу хенахь риторикан бохамаш, тIакхха 1697 шарахь Конгрива гайтира шен зиеделларг оцу балхехь цIе тиллина «ЧIир лелон нускал». ТIаьхьа и пьеса наггахь бен ца хIоттаяхь а, амма оцу хенахь боккха аьтту болуш йара иза.


Хьост нисйе бӀаьра