Кузнецова, Валентина Михайловна

Валентина Михайловна Кузнецова (1937 21 январь, Москох2010 3 сентябрь) — российн новкъахо, полюсхо, лыжашхо (СССР спортан говзанча), радиоинженер. Дуьненахь цхьаъ бен хилла йоцу, беккъа зударийн полюсан экспедицин тобанаш вовшахтоьхнарг а, куьйгалхо а. Экспедицис йира 16 автономийн Арктикан экспедиции а, царна йукъахь кхоъ Антарктикан а.

Кузнецова Валентина
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зударийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла полюсхо, лыжашхо, радиоинженер
Йина терахь 1937 шеран 21 январь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Йина меттиг Москох
Кхелхина терахь 2010 шеран 3 сентябрь({{padleft:2010|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (73 шо)
Кхелхина меттиг Москох
Спортан карьера 1961-1962

Биографи нисйе бӀаьра

Кузнецова Валентина йина 1937 шеран 21 январехь Москохахь. 1941 шарахь да фронте кхайкхира. Нана шина бераца дӀайахара шен даймахка — Курскан областера эвла, цигахь а оккупацин кӀела бахара уьш. ТӀом чекхбаьлча да-нана къаьстира. Валентина дас Москоха цӀаерзийра. Ишколехь дийшира. Лыжаш марйелира, Москохан пионерийн цӀа чохь уьш Ӏамо йолайелира. ССРС чемпион хилира юниорашна йукъахь[1].

1951 шарахь дӀахӀоьттира Москохан архитектурин-гӀишлошйаран техникуме. 1955 шарахь иза чекхйаьккхира. Хьажийра Гипропищепроме техник-архитектор дарже, цигахь шина шарахь болх бира. 1-ра разрядан дика лыжашхо хиларна дуккха а дакъалецира Москохан хьалхейаккхарехь спортан «Пищевик» йукъараллин командан йукъахь.

1956 шарахь дӀахӀоьттира Москохан авиацин институтан радиофакультетан суьйренан декъе, Гипропищепромера балхара дӀайелира. МАИ физкультуран а, спортан а кафедро гӀо лаьцна 1957 шарахь дехьайаьккхира оццу факультетан дийнан декъе. МАИхь доьшучу хенахь дуккха а аьттонца дакъалецира институтан гулйинчу командан йукъахь спортан «Наука» йукъараллин лыжашан хьалхейаккхарехь.

1958 шарахь маре йахара, 1961 шарахь йоӀ хилира Ирина, метахӀоьттина говза лыжашхо санна спортан говзанчан кандидат. Йуха а лакхара спортан кхиамаш бехира, ССРС спортан говзанча хилира. Мехкан гулйинчу команде кхайкхира, цхьаьна кечам бира ССРС дуккхаза а чемпионка хиллачу Колчина Алевтиница.

1962 шарахь чекхйаьккхира МАИ, Радиоприборашйаран ӀТИ (РПӀТИ) радиоинженер балха хьажийра. Шенна тема а йелла, аьттонца из адӀайаьхьира.

1966 шарахь кхоьллира зударийн лыжашан команда «Метелица»[2]. 2010 шо кхаччалц йисира командан ца хийцало капитан а, Дуьненайукъара йукъараллин «Дуьненайукъара полюсан экспедицин-спортан центр „Метелица“» кхолламан президент а[3][4].

1966 - 2010 шерашкахь Кузнецова Валентинин куьйгаллийца кечйина дӀайаьхьна 16 автономин арктикан а, 3 антарктикан а экспедици, Скандинавин а, Къилбаседа Европин а мехкашкахула 4 автохахкар[1].

2010 шеран 3 сентябрехь Валентина Михайловна лазар кхетта сихха йелира. ДӀайоьллина Востряковски кешнашкахь.

«Метелица» дуьненан полюсашкахь" нисйе бӀаьра

2011 шарахь араделира Кузнецова Валентина Михайловнин Соловьева Ирина Бояновница цхьаьна йаздина жайна, «„Метелица“ Дуьненан полюсашкахь»[5].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Светлана Самара Русская «Метелица», которую больше знают на западе, чем в России. Газета "На Западе Москвы" (25.05.2018). Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  2. Памяти Валентины Кузнецовой, главной Метелицы страны(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 21 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 25 январехь.
  3. Команда «Метелица». РГО-Новосибирск. Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  4. Легендарная "Метелица". Risk.Ru (28.10.2010). Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  5. Кузнецова В. М. "Метелица" у полюсов земли: история единственной в мире научно-исследовательской команды лыжниц уникальный опыт российских женщин-участниц арктических и антарктических экспедиций. — Паулсен, 2011. — 223 с. — ISBN 5987970644. — ISBN 9785987970645.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра