Кузнецова Мария Степановна, маре йахале — Иванова (1910 шеран 5 январь1986 шеран 12 ноябрь) — советийн йуьртан бахаман хьалхелелорхо, ССРС Советийн бахаман министраллин Саратовн областан, Аткарскан кӀоштан хӀулелон «Елизаветинский» совхозан звеньевая, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1948).

Кузнецова Мария Степановна
Кузнецова Мария Степановна
Кузнецова Мария Степановна
ГӀуллакхан тайпа йуьртан бахам
Йина терахь 1910 шеран 5 январь({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Йина меттиг Елизаветино эвла, Аткарскан уезд Саратовн губерни
Кхелхина терахь 1986 шеран 12 ноябрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг Саратов
Гражданалла  ССРС
СовгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо — 03.04.1948
Ленинан Орден — 03.04.1948

Биографи нисйе бӀаьра

Йина оьрсийн ахархойн доьзалехь. 11 шо долуш да-нана делла буо йисира, кхиош йара девашас. Ишколехь дешна йацара, грамота ледара йолуш йара.

Къахьега йолайелира 15 шо долуш. 1929 шарахь "Елизаветинский" колхозан йукъайахара, 1941 шарахь цунах совхоз йира изза цӀе йолуш. Болх бан йолайелира могӀара колхозхочуьнна тӀиера, тӀаьхьа хилира арелелоран бригадан зӀенхо, кхиадора кӀа. 1947 шарахь цуьнан зӀено кхиийра лакхара буьртиган ялта. 9,97 гектар майдан декъан тӀиера гулдира 31,08 центнер хӀора гектаран тӀиера "Саратовская 29" цӀе йолу сорт кӀа[1].

ССРС Лакхара Советан Президиуман 1948 шеран 26 февралан омарца, совхозо 1947 шарахь пачхьалкхан йуьртан бахаман сурсаташ дӀадаларан план кхочушйеш, лакхара кӀен ялта кхиорна а, 1948 шеран бӀаьста дӀаден буьртиган культурийн хӀу латторна а Кузнецова Мария Степановнин йелира сийлахь цӀе Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо Ленинан орден а, ««Марс а, жӀов а» мидал» а луш.

Лакхара совгӀаташ дӀаделира даздаран гуламехь Саратовхь 1948 шеран 17 майхь.

1959 шарахь доьзал бахьнехь кхелхира гуттаренна йаха Саратов гӀала. 1960 шарахь балха йахара гӀишлошйаран кхолламе пхьегӀаш йуьлург, йуьург йийриг, кухнера белхахо. 1963 шеран мартехь дуьйна – "Саратовтехснабнефть" конторан белхахо. 1967 шарахь садаӀа хьакъдолуш пенсе йахара[2].

Йелла 1986 шеран 12 ноябрехь. ДӀайоьллина Саратов гӀалан Елшански кешашкахь.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Иэс нисйе бӀаьра

  • Елизаветино эвлара Турпалхойн аллей тӀехь Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун Кузнецова Мария Степановнин сий деш хӀоттийна мемориалан у[3].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  Кузнецова, Мария Степановна. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».