Кузнецова, Светлана Александровна

Кузнецо́ва Светла́на Алекса́ндровна (1985 шеран 27 июнехь(19850627), Ленинград, ССРС) — российн теннисхо, Российн спортан хьакъ долу говзанча; Боккхачу гӀеман ша ловзаран шина турниран толамхо (АЦШ теннисан йиллина чемпионат 2004 а, Францин теннисан йиллина чемпионат 2009 а); WTA 34 турниран толамхо (царех 18 ша ловзуш); хилла дуьненан шолгӀа ракетка ша ловзуш; Боккхачу гӀеман шиъ ловзаран шина турниран толамхо (Австралин теннисан йиллина чемпионат 2005 а, 2012 а); хилла дуьненан кхоалгӀа ракетка шиъ ловзуш; Российн гулйинчу командан йукъахь Федерацин Кедан кхолха толамхо (2004, 2007-08).

Светлана Александровна Кузнецова
Йина терахь 1985 шеран 27 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})[1][2][…] (38 шо)
Йина меттиг Ленинград, ССРС
Гражданалла
Еха меттиг Москох, Росси
Локхалла 174 см
Возалла 73 килограмм[3]
Белхан куьг аьтту
Аьрру агӀора тохар ший а куьг
Тренер Карлос Мартинес
СовгӀатан ахча, долл. 25 816 890 $[3]
Ша ловзар
Матчаш в/п 18 WTA, 1 ITF
Уггаре лакхара меттиг 2 (2007 шеран 10 сентябрехь)
Боккхачу гӀеман серин турнираш
Австрали 1/4 (2005, 2009, 2013)
Франци толам (2009)
Уимблдон 1/4 (2003, 2005, 2007, 2017)
АЦШ толам (2004)
Шиъ ловзар
Матчаш в/п 16 WTA
Уггаре_лакхара меттиг 3 (2004 шеран 7 июнехь)
Боккхачу гӀеман серин турнираш
Австрали толам (2005, 2012)
Франци финал (2004)
Уимблдон финал (2005)
АЦШ финал (2003, 2004)
svetlanak27.com
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Россихойх уггаре дукха левзина Боккхачу гӀеман турнирийн массо а кепара финалашкахь — 11-за (4 ша ловзуш, 7 — шиъ ловзуш).

Йукъара хаамаш нисйе бӀаьра

Светлана йина спортхойн доьзалехь. Да Кузнецов Александр — советий а, российн а велоспортан тренер ву, кхиийна Олимпийн а, дуьненан а ворхӀ чемпион. ХӀинца иза тренер ву спортан «Локомотив» йукъараллехь. Нана Царёва Галина — 6-за дуьненан чемпион вилспеташ хахкарехь, 20 дуьненан рекорд хӀоттийна, ССРС спортан хьакъ долу говзанча. Воккхаха волу ваша Кузнецов Николай — Атлантера Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо велотрек тӀаьхь командаша тӀаьхьахахкарехь.

Светлана 7 шо долуш йолайелира теннисах ловза. Кхин а йалх шо даьлча кхин дӀа Санчес-Касалан академехь Ӏамо кхелхира Испане.

Спортан карьера нисйе бӀаьра

Карьеран йуьхьиг нисйе бӀаьра

Кузнецова йолийра говзанчийн карьера 2000 шарахь. 2001 шеран апрелехь цуо йаьккхира шен хьалхара титул ITF цӀекхлора. Оцу шеран майхь Светланин дебют хилира WTA-турехь. Иза хилира Мадридера турнирехь, цига иза кхечира квалификацех чекхйаьлла. Оцу тӀегӀанера хьалхарчу матчехь цуо иэшийра испанхо Вирхиния Руано Паскуаль, ткъа шолгӀачу матчехь ийшира америкахон Лиза Реймондан.

2002 шеран январехь цуьнан дебют хилира Боккха гӀеман серин турнирашкахь, иза левзира Австралин йиллина чемпионатехь. Кхузахь а дехьйелира квалификацех, Кузнецован жамӀ къовсаман шолгӀа раунде йалар хилира. Майхь Варшаверчу турнирехь россихо дуьххьара кхечира чийрик-финале. Июлехь иза чекхйалайелира Касабланкера турниран ахфинале. Оцу баттахь, Сопотера турнирехь гӀарайаьллачу испанхойн теннисхочуьнца Аранча Санчес-Викариоца цхьаьна шиъ ловзуш, Кузнецовас йоккху карьерехь дуьххьарлера WTA титул. Августехь, квалификацера йолаелла, цуьнан аьтту белира Хельсинкера турнирехь ша ловзуш тола, финалехь иэшийра Дениса Хладкова, хьалхара сетехь ноль йолуш иэшнехь а — 0:6, 6:3, 7:6(2). Ишттачу турнире иза туьйлира шиъ ловзуш а, йуха а левзира Аранча Санчес-Викариоца цхьаьна. Хельсинкера толамо таро йира Кузнецован дуьххьара дуьненан рейтингехь Топ-100 хьалаяла. АЦШ йиллина чемпионатехь иза дехьайолу квалификацин раундан, коьртачу машанехь иэшайо Анна Кремер а, Жанетта Гусарова а, ткъа кхоалгӀачу раундехь оьшу Сильвия Фаринел. Сентябрехь Санчес-Викариоца цуо йоккху кхин а шиъ ловзуш хӀонц Токиора турнирехь. КӀира даьлча Кузнецовега йаккхало ша ловзу титул Балин турнирехь, финалехь иэшайо кхин а гӀарайаьлла испанхойн спортхо Кончита Мартинес (3:6, 7:6(4), 7:5). Светланин 2002 шеран жамӀ хуьлу 43-гӀа меттиг рейтингехь. Кхин а шен аьттунан шо бахьнехь иза билгалйоккху WTA совгӀатца уггаре дика «Шеран керланиг» олий.

2003 шеран стартехь Кузнецовас шиъ ловзуш хӀонс йаьккхира Голд-Костехь, цхьаьна левзира гӀарайаьллачу Навратилова Мартиница. Йиллинчу Австралин чемпионатехь хьалхарчу раундехь дуьхьала нисйелира оцу хенахь дуьненан шолгӀа ракетка Винус Уильямс, Светлана ийшира 4:6, 2:6 чот йолуш. Февралехь Навратиловаца цхьаьна Кузнецовас даьккхира Дубайн къовсаман совгӀат. Майхь церан дуэто 1-ра категорин турнирехь, Румехь титул йаьккхира. Дебютан зударийн цхьацца ловзучу Йиллина Францин чемпионатан къийсамашкахь Светлана ийшира хьалхара раундехь Меган Шонессица ловзуш. Уимблдонан турнирехь дика левзира иза. Дуьххьара ша левзина, Кузнецова туьйлира доьазза, йелира чийрик-финале. Оцу тӀегӀанехь иза ийшира дуьненан кхоалгӀа ракеткел Жюстин Энен-Арденнал (2:6, 2:6). Август болалуш уьш йуха цхьаьна нисбелира Сан-Диегора турниран ахфиналехь, йуха а туьйлира Бельгин векал. Турнирехь Лос-Анджелесехь иза йелира 1/4 финале, цигахь ийшира Ким Клейстерсал. Торонтон турнирехь Кузнецовас йаьккхира шиъ ловзу титул Навратиловаца. АЦШ Йиллина чемпионатехь и шиъ финале кхечира. Боккхачу ГӀеман кеде кхача гӀулч йисинчу хенахь Кузнецова сацийра Вирхиния Руано Паскуала а, Паола Суареса а. АЦШ турнирехь ша ловзуш иза кхечира кхоалгӀа раунде, цигахь левзира дуьненан хьалхарчу ракеткица Ким Клейстерсца, ийшира 3:6, 2:6. Сентябрехь Кузнецовас а, Навратиловас а йаьккхира кхин цхьаъ шиъ ловзуш титул турнирехь Лейпцигехь, шо чекхдоккху шиъ ловзаран рейтингехь Топ-10 йукъахь.

2004—2005. Толам АЦШхь нисйе бӀаьра

2004 шо долалуш Лиховцева Еленица цхьаьна йоккху шиъ лозуш хӀонс Голд-Костехь. Российн ши йоӀ финале кхечира Йиллина Австралин чемпионатехь, цаьрга титул ца йаккхайелира, ийшира Вирхиния Руано Паскуалал а, Паола Суаресал а. Ша ловзуш Кузнецова кхоалгӀа раунде йелира, цигахь ийшира Жюстин Энен-Арденнал (2:6, 5:7). Февралехь уьш йуха а левзира Дубайн турниран финалехь, йуха а бельгихо туьйлира (7:6(3), 6:3). Турнирехь Дохехь Кузнецовас тӀаьххьара иэшийра Энен-Арденн, ахфиналан тӀегӀанехь — 6:2, 4:6, 6:3. Финалехь иза ийшира шен махкахочул Мыскина Анастасиял — 6:4, 4:6, 4:6. Шиъ ловзучу турнирехь Дохехь Светлана тоьлу Лиховцева Еленица цхьаьна. 1-ра категорин турнирехь Индиан-Уэллсехь церан дуэт финале кхечира. Турниран цхьаъ ловзучу къийсамашкахь Кузнецовас къовсам дӀабаьхьира дуьненан классификацин лидерца Жюстин Энен-Арденн, чийрик-финалехь хӀинца ийшира цулла — 4:6, 5:7. Цул тӀаьхьа йолчу турнирехь Майамехь Лиховцева а, Кузнецова а цхьаьна ловзуш финале йолу. Майхь Кузнецова финале йолу Варшавера латтан тӀехь ловзу турнирехь, цигахь оьшу Винус Уильямсал (1:6, 4:6). Оцу хенахь иза йара Топ-20 йукъахь. Турнирехь Берлинехь а, Румехь а российхо кхачайелира 1/4 финале.

Турнирашкахь ловзаран истори нисйе бӀаьра

2019 шеран 4 августан хьолехь

Шозза а йаздина гӀурт ца бархьама, хӀокху таблицин хаамаш нисбо турнир чекхйаьлча йа ловзархо оцу турнирехь дакъа лаьцна ваьлча.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Collins B. The Bud Collins History of Tennis (инг.): An Authoritative Encyclopedia and Record Book — 2 — NYC: New Chapter Press, 2010. — P. 676. — ISBN 978-0-942257-70-0
  2. Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  3. 1 2 сайт WTA

Хьажоргаш нисйе бӀаьра


СовгӀаташ
Хьалха хилларг:
Даниэла Гантухова
Шеран керланиг
2002
Когаметтаниг:
Мария Шарапова