Кузнецова-Руф, Анастасия Александровна


Кузнецова-Руф Анастасия Александровна (йина 1983 26 апрелехь, Москохахь) — российн зуда-исбаьхьалча, Москохан исбаьхьалчийн бертан декъахо.

Кузнецова-Руф Анастасия Александровна
Сурт
Йина терахь 1983 шеран 26 апрель({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (40 шо)
Пачхьалкх:
Дешар: Вайн заманан Говзаллин Проблемийн институт (ВЗГПИ), Москохан Пачхьалкхан Академин Исбаьхьаллин В. И. Суриковн цӀарах институт (МПАИИ В. И. Суриковн цӀарах), Москох
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1983 шеран 26 апрелехь Москохахь. 2003 шарахь чекхйаьккхира Вайн заманан Говзаллин Проблемийн институт (ВЗГПИ), ткъа 2007 — цӀечу дипломаца МПАИИ В. И. Суриковн цӀарах. 2008, 2015, 2017 шерашкахь Анастасия — РФ Оьздангаллин министраллин стипендиат. 2013 шарахь Анастасияс IV Дуьненайукъара Якоб Кристиан Якобсенан цӀарах портретийн ковсам PORTRÆT NU! шолгӀа совгӀат даьккхира.

2016 шарахь боккху 16 меттиг InArt версица «Российн къона исбаьхьалчин Топ-100» йукъахь[1].

Кхолларалла нисйе бӀаьра

Кузнецова-Руф Анастасияс болх бо вирировкан сурт дилларан техникехь.

Лелабо кӀезиг гӀирс — исбаьхьаллин шиннал сов ца хуьлу: кӀора йа кӀоран къолам, цхьа бос а темпераш йа акрила. Дукха хьолахь — боьмашо-охран.

Стокгольмера (Швеци) AGARDH & TORNVALL галерейца болх беш йу. 2012 шарахь дуьйна гайтамаш бо Москохан «Файн Арт» галерей.

Кузнецова-Руф Анастасиян белхаш ду Австрин, Швецин, Бельгин, Германин, Ирландин, Израилан, Францин, Италин, Российн долара гуламашкахь, Пекинан Пачхьалкхан музейхь (Цийчоь).

Гайтамаш нисйе бӀаьра

  • 1996 – акварелан а, графикин а гайтам, Нижни Новгород
  • 1997 – акварелан а, графикин а белхийн гайтамаш, Владивосток
  • 2001 – «Москохан бухахь немцойн-фашистийн эскарш хӀаллакдина 60 шо кхачарна» гайтам, Москох
  • 2001 – «25 кегийрхойн гулам», Москох, Кузнецки ТӀайн тӀийра МИС гайтаман зал
  • 2002 – «Оьрсийн натюрморт эзар шерийн сенашкахь» гайтам, Москох, РФ Президентан Администрацин гайтаман зал
  • 2002 – «Москох къоначеран бӀаьрхула. XXI бӀешеран мегаполис. 2002 шо» гайтам, Москох, гайтаман зал «Керла манеж»
  • 2002 – «Москохан къуона исбаьхьалчийн 26-гӀа гайтам», Москох, Кузнецки ТӀайн тӀийра МИС гайтаман зал
  • 2003 – «ШолгӀа хийцадалар», Вайн заманан Говзаллин проблемийн институт, Москох
  • 2003 – Кегийрхойн гайтам «Сан гӀала», Москохан мэри
  • 2003 – «Москохан къуона исбаьхьалчийн 27-гӀа гайтам», Москох, Кузнецки ТӀайн тӀийра МИС гайтаман зал
  • 2004 – РФ Президентан Администрацера долара гайтам
  • 2004 – «Москох къоначеран бӀаьрхула — Спортан Москох 2004» гайтам, ЦИЦӀ
  • 2004 – «Рождество водучу новкъахь» гайтам, Москох, МИС гайтаман центр
  • 2005 – «Суьрташ даккхийн а, кегийн а» гайтам, Москох, гайтаман центр МИС
  • 2005 – «Дуьйцу Москохара. Цхьаьна хила деза зама» гайтам, Ӏилманан а, оьздангаллин а оьрсийн цӀа, Берлин, Германи
  • 2005 – Сретенкера арт-проект «Арт-Пасха», Москох[2]
  • 2005 – «Террорах бохам баьллачеран иэсан лерина» гайтам, Н. Островскийн цӀарах Гуманитаран Центр «Преодоление», Москох
  • 2007 – «Российн къуона исбаьхьалчаш», ЦИЦӀ, Москох
  • 2007 – «АКАДЕМИН ИШКОЛ». Москохан а, Петарбухан а академин институташкара арахецначеран белхийн гайтам, гайтаман зал «Керла Манеж», Москох
  • 2007 – «Къуоначу исбаьхьалчийн IV Йерригоссийн П. М. Третьяковн цӀарах къовсам», Пачхьалкхан Третьяковн Галерей
  • 2008 – «Москох къоначеран бӀаьрхула. Доьзал а, кхолларалла а» гайтам, ЦИЦӀ

Галерей нисйе бӀаьра

Доьзал нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Кузнецова-Руф Анастасия (инг.). in-art.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 11 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 14 февралехь
  2. В Москве прошла уникальная пасхальная выставка под открытым небом "Арт-Пасха на Сретенке". www.portal-credo.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 11 май.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра