Кунья (цӀе)

(Кунья (цIе) тӀера хьажжина кхуза)

Ку́нья (Ӏаьр. کنیة‎‎) — Ӏаьрбийн цӀеран дакъа, долало Абун (божаршна) а, Умман (зударшна) а тӀиера, чекхдолу кӀентан я йоьӀан цӀарца. Цхьацца меттигашкахь куньяно дика амал лелайо (масала, Абуль-Хайр, Абуль-Баракат). ЦӀе а ца йоккхуш, кунья алар, Ӏаьрбийн лерам бар лору[1].

Ӏаьрбийн цӀе нисйе бӀаьра

Дукха хьолахь Ӏаьрбоша кунья ло воккхаха волчу кӀентан цӀарах, амма меттигаш хуьлу кунья кхечу кӀентан я йоьӀан цӀарах туьллуш а. Кунья иштта яла тарло берана а, бер доцу воккхачунна а. Берашна куньяш луш, Ӏаьрбаша дог дохуш санна хета, шен беран доьзалхо хиллалц иза дехар долуш санна[2].

Ислам нисйе бӀаьра

Исламан ламастехь куньян доккха маьӀна ло. Имам аль-ГӀазалис яздо цунах:

« АллахӀан элчано шен асхьабийн кунья йоккхуш хилла. Деш хилла цуо иза, церан сий а, лерам а бархьама, цуьнца царна хазахетар дан а. Цкъацца цуо ша хоржура асхьабашна йогӀу кунью, оцу куньяца вист а хуьлура цаьрга. Цунна тӀаьххье кхечу асхьабаша а олура и кунья. Стеган бераш ца хилчи а АллахӀан элчано кунья хоржура цунна. Цкъацца АллахӀан элчано куньяца кхойкхура бераш а, цхьаццана ша хоржула иза. Иштта ша дукха воьзуьйтура берашна а, баккхийчарна а».

Мустафа Хусейни Дашти. Маареф ва маариф. — Т. 8. — С. 595.

Мухаммад пайхамаран кунья Абуль-Къасим яра. Цуьнан кӀант хилла Къасим цӀе йолуш, жима волуш вела иза. Имам ан-Нававис шен «Азкара» жайнахь куньяш гулйина йоӀрийн цӀарах техкина куньяшца бевза асхьабийн а, табиӀинийн а[3].

ГӀуо кунья нисйе бӀаьра

Наггахь кунья лелайо ца вашар, лерам ца хилар билгалдоккхуш. Исламан исторехь меттигаш хилла, гӀуо куньяш луш, масала, Абу Джахль (Боданаллин да), Абу ЛахӀаб (ЦӀеран да). И нах кхайкхамца дуьхьало еш бара Мухьаммад пайхамарна , хӀумалгаш лелайора бусалбанашна[4].

Куньях долу жайнаш нисйе бӀаьра

Кутуб аль-асмаъ ва-ль-куна ва-ль-алькъаб (Ӏаьр. كتب الأسماء و الكنى و الألقاب‎‎) — и жайнаш лерина ду хьадисаш схьаделлачеран цыӀерашна, куньяшна, лакъабашна. Иштта жайнаш хӀиттадо гӀалат ца бовлархьама, иэ ца янхьарма хьадисаш схьаделлачеран цӀераш.

Уггаре гӀарадаьлла оцу тайпана жайнаш:

Ӏаьрбийн меттадакъошкахь нисйе бӀаьра

МагӀрибан (малхбузан) Ӏаьрбаша дешан хьалхара элп ца доьшу أبو меттана بو, аьлчи а Абу дешан меттана яздо, деша а доьшу Бу. Масала:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Кунья // Люгатнаме Деххода. — Тегеран: Изд-во тегеранского университета, 1373 г.х.. — Т. 11. — С. 16452.
  2. Кулиев Э..
  3. ан-Навави. Аль-Азкар мин калам саййид аль-абрар. — Бейрут: Дар аль-минхадж, 1425/2005. — С. 481-482.
  4. Шиитская энциклопедия.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра