Лечи Алхазурович Курбанов (1978 шеран 9 апрель, Гуьмсе, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн каратист а, кикбоксер а. Масийттуза Российн чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а. Халкъашна йуккъера классан спортан говзанча. 8-за дуьнен абсолютни чемпионатан совгӀатхо. ГӀарваьлла шен йухавирзина цӀеххьана ког тохаран бахьнехь[1]. Карате Кекусинкай Российн вовшахтоьхна тобанан декъашхо хилла ву иза.

Лечи Алхазурович Курбанов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
ЦӀеран оригинал оьрс. Лечи Алхазурович Курбанов
Пачхьалкх ССРС СССРРосси Росси
Говзалла Карате
Вина терахь 1978 шеран 9 апрель({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (46 шо)
Вина меттиг Гуьмсе, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Локхалла 180 см
Йозалла Абсолютни
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Лечи Курбанов вина 1978 шеран 9 апрелехь. Цуьнан да вара Алхазур Хамидович, нана йара Таус Абдулаевна. Иза вара цера шозлугӀа бера. 13 шо кхаьчча иза каратэ аьха волавелира.

2008 шарахь цуьнан букъ чӀогӀа лазийра. Амма иза тавелчула тӀехь летачара ца сецира[2].

Доьзалла нисйе бӀаьра

Ткъа шо кхаьчча цо дейт шо кхаьчна йоӀ Марьям йалинера. Цера ши бера ду — кӀант Мохьмад а, йоӀ Лайлан а[3].

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • Масийттуза Российн чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а.
  • 2000 шарахь Европин чемпион.
  • 8 дуьненан абсолютни чемпионатан совгӀатхо.
  • 2002 шарахь Японин чемпионатан толамхо.
  • 2003 шарахь 8 дуьненан чемпионатехь — 5-гӀа меттиг.
  • 2005 шарахь дуьненан чемпионатехь цо йеза йозаллин категорехь толам беккхира.
  • 2007 шарахь Тамешивари дуьненан 9 чемпионатан чемпион[4].
  • 2010 шарахь Йерриг Америкин карате кекусинкай чемпионатан совгӀатхо[5].
  • 2011 шарахь 9-гӀа дуьненан чемпионатан декъашхо.
  • 2013 шеран 29 июнехь Соьлжа-ГӀалахь хилира Курбановн тӀаьххьара латар Ичигеки дуьненан абсолютни чемпион титул къуьссуш — World Ichigeki Cup Russia 2013[6]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра