Куьзганаш — уггаре баьржина оптикан гӀирс, лерина бу адаман бӀаьрса нисдан бӀаьргаш оптикан кхачаме ца хилчи, йа бӀаьргаш Ӏалашдан цхьацца зуламе Ӏаткъамах.

БӀорзагалла нисъе куьзганаш

Куьзганаш лаьтта тӀетесна тӀемаш долу гуран чохь долчу аьнгалин йа пластикан бӀаьргех. Наггахь лергаш тӀетосу тӀемаш меттана, лелайо аса йа доьхка, коьртан тӀехьахула доьхку.

Куьзганийн хӀоттаман дакъош нисйе бӀаьра

 
  1. Гура
  2. ТӀай
  3. БӀаьрг
  4. ТӀам, аса йа доьхка
  5. Мара чухӀуттург
  6. КӀажа (сета пурженан кӀажанах «флекс» олу).

Куьзганийн истори нисйе бӀаьра

Мелхан дуьхьала куьзганаш нисйе бӀаьра

Дуьххьарлера бӀаьргаш мелхан серлонах куьзганаш дора Йисттера Къилбаседера, Азера, Америкера бахархоша. Церан куьзганаш хуьлура дийнатийн даьӀахкех йа диттан чкъоьран декъах бӀаьргашна готта херонаш йохий дина.

Дуьххьарлера мелхах ларвен куьзганаш девлира Цийчохь. XII бӀешарахь кӀурз биллина кварцан экъанаш лелайора суьдхоша, тешашна шайн бӀаьргаш ца гайтархьама[1].

Дешаран куьзганаш нисйе бӀаьра

 
Тревизон килсан фрескин дакъа, Томмазо да Модена, 1352 ш.

БӀаьрса тодо куьзганаш довлале, леладора цхьаьна бӀаьргана цхьацца шардина кристаллаш йа аьнгалин кийсигаш.

Куьзганаш йукъадаьхна, схьагарехь, Италехь XIII бӀешарахь.

Хетарехь дина шо — 1284, ткъа хьалхара куьзганаш динарг документийн тешалла дацахь а, лору Сальвино Армати (Salvino degli Armati)[2].

Куьзганаш хиларан хьалхара документийн тешаллаш ду 1289 шерера[2].

1305 шеран 23 февралехь Флоренцехь вашас-доминиканхочо Джордано да Ривалтос (Giordano da Pisa) хьахийна хьехамехь[3][4]:

  20 шо а ца даьлла, бӀаьрса тодан куьзганаш даран говзалла йукъайаьлла. Иза уггаре дикачех цхьа говзалла йу дуьнен тӀехь. Мел кӀезиг хан йаьлла и керланиг йукъадаьккхина, цкъа а хилла йоцу говзалла. Суна гина дуьххьара куьзганаш дина стаг, аса къамел дина цуьнца.  

Дуьххьарлера куьзганийн сурт ду Тревизон (Итали) килсан 1352 ш. мозгӀаро Томмазо да Модена йина фрески тӀехь.

 
«Мадонна каноника ван дер Пале» суьртан дакъа (Муниципалан исбаьхьаллин галерей, Брюгге), Ван Эйк, 1436 ш.

Дуьххьара гӀоьртира куьзганийн авторалла билгалъяккха Флоренцера Карло Роберто Дати (16191676) Франческо Редин гӀоьнца шен балхехь «Куьзганаш, дуй техьа уьш ширачу заманахь дина йа дац?», цуо тӀейаздина куьзганаш йукъадахар Пизера мозгӀаран а, Ӏилманчан а Алессандро Спинан (Alessandro della Spina) (? — 1313). Цу тӀе хетара, куьзганаш хьалха ца вевзачу пхьеро динехь а, Спинас ша, йукъара дийцарца меттахӀиттийнехь а, даран сийлалла бакъонца цуьнан йу[4][5].

1300 шарахь дуьйна, Венецин аьнгали дечеран гильдин уставашкахь сих-сиха хьахадо бӀаьсен бӀаьргаш, дохадан хьехар ло цӀена ангалих тера дина бос боцу ангали, цуо тешалла до Венецехь куьзганаш сиха моде довларан.

Куьзганаш Цийчуьра схьадаларх кхин цхьа версии а йу, бух бу 1240 шеран «Тамашина хӀуманаш кхетор» жайнин тӀехь, цигахь боху

  Къена нехан корта а хьийзина, церан бӀаьрса доьхчи, цара бӀаьргаш тӀе духку аи-таи, тӀаккха цаьрга дегӀан доладало, хӀунда аьлчи элпийн йоза гар нисло.  

Амма тӀаьххьара бинчу талламаша гайтира, и цитата йукъайаздина хилар XV бӀешарахь[4].

XVI бӀешо нисйе бӀаьра

XVI бӀешо кхаччалц куьзганаш леладора генара гучара, тӀаьхьа йукъадевлира чутаьӀна бӀаьргаш долу куьзганаш бӀорзагалчарна. Хийцалора куьзганийн куц а, лелоран хьесап а.

Цийчохь куьзганаш девзина Мин некъийн урхаллин муьрехь (13681644), цуьнан тешалла ду оцу хенахь философа Чао Цзи Кус (XIII бӀешо) йаздина «Къайле хӀуманех кхетор» (жайнин хьалхара экземпляраш 1240 шерера йу) цӀе йолчу жайнин тӀиера кийсик. Цийчу куьзганаш кхаьчна Европера Ӏаьрбийн а, гӀажарийн а совдегаршца. Иза тардолуьйту цийн паччахьан кертарчу тептаро (1410 шо гергга), цуо хьахийна, Малаккин паччахьо (паччахьалла Малайзин ахгӀайрен тӀехь, цига жигара оьхура Ӏаьрбий а, гӀажарий а) императоран совгӀатна делла итт куьзганаш.

Цийша къовса таро йу кӀур биллина куьзганаш дар, уьш дора кӀур биллинчу кварцах. Иштта куьзганаш леладора суьдхоша, шена кхелах лаьцна хетарг къайладаккхархьама паччахьан кертахь кхел кхайкхочу хенахь. Хьахийна Лью Чин «СадаӀаран сахьтехь йаззамаш» (XII бӀешо).

XVII бӀешо нисйе бӀаьра

XVII бӀешарахье куьзганаш леладора паччахьо Алексей Михайловича, уьш дара детин гуран чохь бӀаьргаш диоптрица[6].

XVIII бӀешо нисйе бӀаьра

Лондонан оптика Эдвард Скарлетта XVIII бӀешо долалуш куьзганашна тӀетоьхна тӀемаш[2].

Дуьххьарлера промышленностан парти (200 000 гергга) малхан дуьхьала хӀинцалера тайпана куьзганаш заказ дина Наполеона Мисран экспедицин (17981801). Цуо тӀедожийна хӀора салтийчун Ӏарждина куьзганаш лело. Экспедицехь гучуделира и омар дохор, цхьаболчу салтийн бӀаьргашна марха а, кхин цамгарш а кхийтира, европахойн бӀаьргаш доьлла доцу серло бахьнехь.

Йукъаевлира тайп-тайпана конструкцеш — монокль, пенсне, лорнет.

Франклин Бенджамина дина бифокалан бӀаьргаш, уьш лакхарчу декъехь генара гойтуш ду, ткъа лахарчу — уллера болх бан[2].

XIX бӀешо нисйе бӀаьра

ХӀокху заманан куьзганаш нисйе бӀаьра

Башха бӀаьргаш долу куьзганаш леладо, бӀаьрсен параметраш нормех галъевлча, бошхалла а йац, галйалар бӀаьрган кепан, сатторан тӀехулонашна елахь а, оптикан йукъан сатторан ницкъан елахь а, дилхан системан хийцамаш (гӀуьнжаралла) йа йоӀбӀаьрган чордалла а, саттаралла а. Оцу галйаларан амале хьаьжжина, йаздо куьзганаш горга (массернаш санна, перископан, франклинан), цилиндр кепара, сферан-цилиндран, призман, стенопин, бесара.

ХӀокху заманан кхиамийн тӀаьхьало йу бифокалан бӀаьргаш прогрессиван хилар, офисан бӀаьргаш — церан диоптрийн дехьадовларш бӀаьргашна чохь ду, тӀехулара шера дуьсу, эстетикан куц деш куьзганашна.

Пластикан куьзганаш (органикан аьнгали) нисйе бӀаьра

ХӀокху заманан технологис таро ло полимеран бӀаьргаш дан, лакхарчу тӀегӀанера нийсаллица бӀаьрган хьолан хаьржина (0,1 D кхаччалц), ткъа иштта сфероцилиндран бӀаьргаш астигматин бӀаьргана (хьалха, ангалин бӀаьргаш хьокхуш а, шардеш а сфера-цилиндран цхьаьна даран харжам доза долуш бара, бӀаьргаш механ а, дозаллин бараман а деза дара).

Минералан ангалин бӀаьрг онда а, чӀогӀа а бара органикан ангалин бӀаьргал, амма пластикан бӀаьргаш лело таро йу чӀагӀдечу тӀиеца. Пластикан бӀаьргаш гӀоле ду тӀе масех чкъоьран бес-бесара тӀие дилла, царна йукъахь серла доху хьолаш а.

Пластикан бӀаьргаш хила тарло асферин бӀаьргаш, цара дика гойту бӀаьрган йисташкахула призматикан эффекташ дӀайахар бахьнехь.

Цул сов, таханлера компьютеран технологеш довзийта дукха нийса диоптрин бӀаьргаш леларан чот йина куьзганийн бӀаьргаш. Иза дина бӀаьргаш гӀел ца далийта Ӏалашо йолуш, куьзганийн коррекцин эффекталла айархьама, цуьнца цхьаьна куьзганийн бӀаьргийн массо а декъехь бӀаьрса ира дархьама.

Куьзганаш-«хамелеонаш» нисйе бӀаьра

Куьзганаш-«хамелеонаш»фотохроман бӀаьргаш ультрафиолетан йовхо йаларан Ӏаткъамо бос хийца (Ӏарждала) таро йолу куьзганийн тайпа. Цуьнца кхетадо «хамелеонаш» Ӏаржцадалар ангали тоьхна хӀусам чохь, хӀунда аьлчи силикатан ангалино ультрафиолет чекх ца йолийта ала мегар ду.

БӀаьргашна тӀие диллар нисйе бӀаьра

Точность изображения зависит и от качества просветляющего покрытия, нанесенного на линзу. Серлайоккху тӀие го, нагахь бӀаьрг хьовзош раз хьаьжча — ган тарло бес-бесара бухадисаран рефлекс. Цуо латтадо дика цӀена бос къастар, сов йоккху серло чекхъялийтар (99 % кхаччалц), ткъа иштта дӀадоху бӀаьрган тӀиера схьакхетта къегарш. Серладаккхарал сов, тӀие дилларо бӀаьрг бохарх а, бехбаларх Ӏалашбо.

БӀаьргашна диллина тӀие даа ца даларан зиеран коьрта промышленностан — Байеран тест (Bayer Test) йу. Къевлинчу пхьегӀан чубуьллу тӀие диллина бӀаьрг. Цул тӀаьхьа, иза йузу стандартан гӀамарца (500 грамм), лестайо аьтту-аьрру агӀора ялх бӀозза — гӀоьрту алсама сизнаш даха бӀаьрган. Цул тӀаьхьа бӀаьрг схьабоккху, хилла сакхташ дусту. ЖамӀаш до Байеран шкалаца, дӀайазйо Байеран коэффициентан терхьашца, йа Байеран терхьашца. Коэффициент лакхара мел хуьлу, бӀаьрг дика дуьхьала лаьтта сизнашна а, механикин даадаларна а.

Куьзганаш харжар нисйе бӀаьра

Аномали дӀайаккха куьзганаш хоржуш, тидам бан беза, йуй теша бӀаьргехь бӀаьрсин иралла, доха-м ца до теша бинокуляран бӀаьрса.

Дукхачу меттигашкахь, бӀаьргаш декъа мега кхаа тобане:

  1. Эмметропан — нормера бӀаьрг, цуо аккомодаци йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан фокусе парралелан йолу зӀаьнарш, го чӀогӀа дика, цхьан аткъам боцуш, бӀаьрган гена йолу хӀумнаш а. ХӀума улле ялийчий бен болх бан ца болало аккомодаци еш болу бӀаьрга негӀаран пха, цуьнан болх а бу доза долуш. Цхьаьна йукъаметтигехь (адаман хене хьаьжжина) аккомодаци соцу. Иштта, хӀора эмметропан норман бӀаьрган шиъ тӀадам бу, генара а, гергара а (punctum remotum а, р. Proximum а), царна йукъахь йолу хӀуманаш дика го.
  2. Миопан — брахиметропан, бӀорзагал бӀаьрг,цуо аккомодаци йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан тӀадаме дӀасайоьду зӀаьнарш. Параллелан йолчу зӀаьнаршна фокус лаьтта бӀаьргана са гойту пардонан хьалха, цигара схьа, бӀаьрган ца го генара хӀума. Миопан бӀаьрган рефракцеш совйовлар дуста мегар ду нормера бӀаьрган рефракцица, миопан доза туху генарчу а, гергарчу а тӀадамашна йукъара барамна масех сантиметарца (60—5).
  3. Гиперметропан — генара гуш болу бӀаьрго, аккомодацеш йоцуш гулйо бӀаьргана са гойту пардонан тӀехь чучча йоьду зӀаьнарш фокусе, ткъа параллеланчара ло бӀаьргана са гойту пардон фокусан тӀиехье. Аккомодацин гӀоьнца бен гиперметропан бӀаьрго ца гулйо фокусехь хӀумнашна тӀиера схьайогӀу бӀаьрган хьалха лаьтта параллелан а, дӀасайахаран зӀаьнарш. Гиперметропан бӀаьрган йу тоъал йоцу рефракци, аккомодаци йоцуш, дика ган таро а йацара хӀуманаш, генара а (генара гуш вацахьара). Иза гайта хала дац, бӀаьрган чу атропин а тоьхна цхьаьна хенан иза сацийчахьана. Эмметропан бӀаьрг, евзаш йолу йоӀбӀаьрган марха дӀайоккху операци йича, йа йоӀбӀаьрг агӀора хилча — хуьлу чӀогӀа гиперметропан, хӀунда аьлчи бӀаьрган яйна йоӀбӀаьрган рефракци. Цундела ала мегар ду, хӀунда аьлча, гиперметропан бӀаьрган рефракци punctum remotum бӀаьргана са гойту пардонан тӀехьара дацаре анахь ца тоарна, ткъa punctum proximum, бӀаьрг хьалха делахь а, амма дуьстича гена ду.

Амметропан бӀаьргашна куьзганаш йаздар (миопан а, гиперметропан а) Ӏалашо йу аномалеш совцо, аьлча а миопан бӀаьрган гергара а, генара а тӀадаман йукъара шорте шорйар, тӀаьхьарниг дӀатеттина ца соццуш, ткъа гиперметропан бӀаьргана дӀататта генара тӀадам дацаре шортера мА-таттало бӀаьрган хьалхара, аккомодаци а ца еш. Цундела миопан бӀаьрган лело деза са даржош долу куьзган бӀаьргаш (сов йолу бӀаьрган рефракци сацош); ткъа гиперметропан — са гулден куьзган бӀаьргаш, шен рефракцица ца тоьа бӀаьрган рефракци йузуш. Иштта куьзганийн фокусан йукъаметтиг цхьатерра хила йеза punctum remotum тӀиера бӀаьрган оптикан йукъан йа цуьнан шедан тӀадаман барамца.

Аномалийн тӀегӀа нисйе бӀаьра

Миопин тӀегӀан а, ницкъан а маххадабо дакъаллийца 1/Rm, билгала доккху элпаца М = 1/Rm; Rm доккха мел хуьлу, аьлчи а punctum remootum гена мел хуьлу, миопи гӀийла хуьлу, тӀаккха R чеккхе йоцуш делахь бӀаьрг дика лору. Миопи дӀайоккху оптикан ницкъ 1/Rm болу сферан-чутаьӀначу ангалийно; нагахь Rm йукъаметтиг метрашкахь елахь, тӀаккха дакъаллех диоптри олу. Масала, ангалийна шен саттаман гайтам 1,53 болу, йуккъера зӀаьнарш R = 18 дюйм елахь, ангалийн ницкъ 1/18 = 2,25D (диоптри) хуьлу. Гиперметропин тӀегӀан а маххадабо дакъаллийца — 1/Rh, Rh доккха мел ду, гиперметропин тӀегӀа лахара йу. Иза нисъян йа дӀайаккха сферин аратаьӀна гулдаран оптикан шен ницкъ = +1/Rh болу ангали (+) деза. Гиперметропин а, миопин лахара тӀегӀа лору 1/12 тӀекхаччалц йолу тӀегӀанаш, аьлчи а 3,25 D кхаччалц. Йуккъера — 1/12 тӀиера 1/6 тӀекхаччалц, аьлчи а 3,25D — 6,5D, чӀогӀа аномалеш — ерриг тӀегӀанаш 1/6 йа 6,5 D лакхара.

Амма дерриг сферан аьнгалеш цхьабосса ца мега куьзганашна. ЧӀапа аратаьӀна ангалиш мухле а ца мега куьзганашна. Уггаре пайдехь оптикан агӀора — чутаьӀна-аратаьӀна гулдаран а, даржоран а («+» а, «−» а менискаш), хӀунда аьлчи и ангалиш, чутаьӀначу агӀора бӀаьрга тӀедирзина делахь, церан хуьлу уггаре кӀезга сферин аберраци. Иштта Вульстен (Wollaston) олучу перископан куьзганашна тӀехьа, бӀаьргаш паргӀата лела бӀаьрсин кӀеззиг а зулам доцуш.

Кхин а хуьлу асферин куьзган бӀаьргаш, цара куьзган бӀаьргийн йисташкахула дика бӀаьрса латтадо, йисташкахула кхоллало призман эффекташ дӀайахаран чоьтах.

Цул сов, таханлера компьютеран технологеш гойту куьзган бӀаьргаш диоптрийн тӀадамашца берриг бӀаьрган тӀехула чот йина, бӀаьрг леларан чот йина. Иза дина бӀаьрг гӀелбалар лагӀдар, куьзганийн коррекцин эффекталла айа Ӏалашо йолуш.

Куьзган бӀаьргийн лоьмарш хӀиттор нисйе бӀаьра

Дукха генара дуьйна куьзган бӀаьргийн лоьмарш хӀиттайора саттаран радиусца, лорура дюймашкахь. Амма шех куьзган бӀаьргаш деш долу ангалийн саттаман йуккъера гайтам = 3/2, аьлчи а 1,53, ткъа бӀаьргийн стоммалла йоккха ца хуьлу, тӀаккха лорура дукха галл ца бовлуш ангалийн коьрта фокусан йукъаметтиг саттаман радиусе терра йолу. Иштта кепара куьзган бӀаьргийн +36 а, — 8 лорура гулдаран а, даржоран а бӀаьргаш, коьрта фокусан йукъаметтигаш (цуьнца цхьаьна саттаман радиус а) 36 дюйм а, 8 дюйм а йолу. И бӀаьргийн дюйман лоьмарш 1875 шарахь, Брюсселехь хиллачу дуьненайукъара медицинан конгрессан сацамца, хийцина керлачуьнца — метринчуьнца тӀехьадогӀучу коьртачу хьолаца: ангалийн лоьмар билгалъяккхар ангалийн оптикан ницкъаца = ± 1/f, цигахь f — метршкахь лерина фокусан йукъаметтиг йу, цу тӀе ангалийн ницкъах f = 1 м ала долийра диоптри. Иштта, ангалийш фокусан йукъаметтигашца 1/2 м, 1/3 м, 1/4 м цхьаьна йан йеза лоьмаршца 2, 3, кхин дӀа а (церан диоптришкахь лерина болу оптикан ницкъца). Цундела хӀинцалерачу куьзганийн ангалийн йукъара тӀеэцна диоптрийн лоьмарш, амма шира дюйман системера дехьадовларехь, керлачунна тӀе Российхь тӀеэцна дикка гергара формула DN = 40, цигахь D метрийн системера лоьмар йу диоптрихь, ткъa N — дюймашкахь. [Французийн бӀаьргашна лелийна французийн дюймаш: DN = 36.].

Куьзгийн бӀаьргийн хьаьркийн таблица нисйе бӀаьра

Куьзгийн бӀаьргийн хьаьркийн йукъаметтигийн таблица диоптришкахь (метрийн системехь) церан дюйман системера лоьмаршна.

Система
Метрийн (n** = 1,53) Дюйман
D
0,25 = 160
0,50 = 80
0,75 = 52
1,0 = 40
1,25 = 32
1,50 = 26
1,75 = 22
2,0 = 20
2,25 = 18
2,50 = 16
2,75 = 14
3,0 = 13
3,25 = 12
3,50 = 11
4,0 = 10
4,5 = 9
5,0 = 8
5,5 = 7
6,0 = 6,5
6,5 = 6
7,0 = 5,5
8,0 = 5
9,0 = 4,5
10,0 = 4
11,0 = 3,5
12,0 = 3,25
13,0 = 3
14,0 = 2,75
16,0 = 2,5
18,0 = 2,25
20,0 = 2

** nкуьзган бӀаьрг бина ангалин саттаран гайтам.

Куьзганаш харжар нисйе бӀаьра

Куьйганаш хоржуш пациент хӀоттаво серлайаьккхинчу башха таблицин 6 м[7] гена (19 ингл. фут.). ХӀора бӀаьрг толлу шашах. Пациента, лакхара дуьйна, доьшу хӀора могӀан элпаш; тӀаьххьара бешна могӀа билгалбоккху бӀаьрсин иралла санна. Цул тӀаьхьа бӀаьрга тӀе хӀиттадо гӀийла (еха фокус йолу), ткъа кхин дӀа тӀаьхь-тӀаьхьа чӀогӀа (йоца фокус йолу) шозза аратаьӀна ангалеш, пациенте доьшуьйту тӀаьххьара бисина могӀа. Нагахь иза дича цунна шен бӀаьргаца санна дика гахь, йа кхин а дика гахь, тӀаккха цуьнан йу гиперметропи. Гиперметропин (Н) тӀегӀа билгалъяккха бӀаьрга тӀе хӀиттадо кхин а чӀогӀа ангалеш, пациентан гӀуо галлалц. Уггаре чӀогӀа аратаьӀна аьнгалино гойтур ду гиперметропин тӀагӀа. Нагахь D ангалин 10 делахь, тӀаккха ангалин ницкъ +10D, таккха гиперметропин тӀегӀа — 10 D йу. Нагахь ангали аратаӀарх пациентан бӀаьрса лагӀлахь, тӀаккха билгала даккха деза, йуй теша миопи йа эмметропи. Оцу Ӏалашонца бӀаьрган хӀиттадо чӀагӀлуш долу чутаьӀна бӀаьргаш; нагахь тӀаккха бӀаьрса тодалар хаъал гучудалахь, тӀаккха миопи йу. Миопин тӀегӀа гойтур йу гӀийла чутаьӀна ангалино, цуьнца пациенте дика ешалур йу. Нагахь чутаьӀначу ангалица а бӀаьрса то ца лахь, тӀаккха бӀаьрсин иралла лагӀъелла, бахьна хаадеза зеделлачу бӀаьрган лоьро. Цуьнца цхьаьна бӀаьрсин иралла стеган хенах йазаран формулица куьйгалла дар пайден ду.

Къаналлин генара гаран куьзганаш нисйе бӀаьра

Тайп-тайпана бӀаьргийн аккомодацин ницкъ техка шуьйрачу дозанашкахь. Аккомодацин ницкъ бустар тӀеэцна бухадиснарг — 1/A, шина дакъаллех, царех жималуш долу дакъалла ду 1/P, ткъа дӀадоккхург 1/R, цигахь R > 0 миопан, R < 0 гиперметропан, аьлчи а

1/P — 1/R = 1/A;

Стеган хенаца аккомодацин ницкъ лагӀло, хӀунда аьлчи ехачу хенахь R тӀадаман меттиг гуттаренна лаьттачи гена болу бӀаьрган. Дондерсаца, нормера бӀаьргийн p.р. а, р.r. а хуьлу лахара бӀаьрга шедан тӀадаман йукъаметтигаш.

P R 1/A
10 2",66 1/2,66
20 3,75 1/3,75
25 4,44
30 5,33
40 8,27 1/8,27
50 15 —240" 1/14
60 48 —60 1/27
65 —40 1/40
70 —40 —26 1/74
75 —26 —26 0

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Forbes
  2. 1 2 3 4 Ген близорукости сулит избавление от очков// Би-би-си, 14 сентября 2010 г.
  3. Rivet Spectacles — The Earliest Style Архивйина 2018-08-13 — Wayback Machine(ингалс.)
  4. 1 2 3 Питер Джеймс, Ник Торп. Личные вещи и украшения // Древние изобретения = Ancient Inventions. — Кеп:Мн.: Попурри, 1997. — С. 354—360. — 768 с. — ISBN 985-438-139-0.
  5. По позднейшим исследованиям, Дати и Реди сознательно исказили источники ради проталкивания идеи о легитимности признания изобретателем того, кто воссоздал изобретение на основе общего описания. Это было предпринято ради поддержания авторитета их сотоварища Галилео Галилея, первенство которого в изобретении телескопа тогда оспаривалось.
  6. Выставка «Премудрая двоица. Царь Алексей Михайлович и патриарх Никон» экспонируется в Одностолпной палате Патриаршего дворца.
  7. В советской и российской практике — 5 м.