Лати́нская Аме́рика (испан. América Latina, Latinoamérica, порт. América Latina, фр. Amérique latine) — америкин мехкаш а, латтанаш а гулдаран цӀе, официалан леладо романийн меттанаш, уггаре хьалха — иберин-романийн, испанхойн, португалихойн, наггахь кхин а галлийн-романийн, французийн. ЦӀе романийн меттанаш латинан меттах схьабевлла дера тиллина. Бахархой — 661 млн ст. (2021 шеран 9 сентябрехь) (Дуьненан бахархойх 8,9 %)[2].

Латинн Америка
Латинан Америка картин тӀехь
Латинан Америка картин тӀехь
Мохк20 197 000[1] км²
Бахархой661 012 393 (2021)[2] стаг
Йукъахь йу20 мохк[3], кхин а 6 йозу[4] пачхьалкхаш
Моттиспанхойн, португалихойн, кечуан меттанаш, майян меттанаш, гуарани, французийн, аймара, ацтекийн меттанаш, италихойн 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кхин гергара цхьа термин ду Иберин-Америка, цуо билгалдаха тарло иберин-романийн меттанаш дуьйцу (Латинан Америка Франкийнметтанийн мехкаш доцурш) Америкин мехкаш, йа изза мехкаш шайн Пиренейн ахгӀайренна (Испани а, Португали а) тӀера метрополешца цхьаьна.

XIX бӀешо дӀадаллалц АЦШс иштта лелайора Испанин Америка термин, цуо билгалбохура АЦШ къилбехьара берриг испанхойнметтан мехкаш[5].

ХӀоттам нисйе бӀаьра

Латинан Америкин йукъа даиман тухура материкан Америкин испанхойнметтанан мехкаш Мексикин тӀера къилбаседехьара Аргентине кхаччалц къилбехьа, кхин а Карибан майданан испанхойнметтанаш дуьйцу мехкаш (Куба, Доминикин Республика, Пуэрто-Рико), кхин а португалахойнметтан Бразили.

Дукха меттигашкахь йукъатуху франкийнметтан Гаити, Сен-Мартен, Французийн Гвиана. Америкин ингалсметтан мехкаш (Ямайка, Барбадос, Багамаш, Белиз, Гайана, кхин дерш) Латинан Америкин йукъара дац.

Географи нисйе бӀаьра

Латинан Америкехь лаьтта Дуьненна тӀера уггаре йеха ламанан — Андаш, уггаре лекхачех бижаза болу планетин тӀаплам — Котопахи, кхин а дуьненан уггаре лекха чухчари — Анхель, уггаре боккха ламанан Ӏам Титикака а, дуьненан шен майданца уггаре доккха а, хих дуьзина хиларца а эрк — Амазонка. Латинан Америкин Ӏаламехь сих-сиха хуьлу мохкбегораш а, тӀаплаьмнаш Ӏаьттор а. Оцу регионан лаьттах доллу дукха мехкадаьтта, Ӏаьржа а, къиен а металла, Ӏаламан газ.

Континентан уггаре баккхийчу мехкех цхьаъ бу — Бразили, дукха къаьмнийн истори шена чухуьйдина мехала оьздангалла йолу мохк: африкахойн, индахойн, европахойн. Оцу регионан кхин боккха мохк — Аргентина, дика бевза дика кхиина йуьртан бахамца а, дукха пайденна маьӀданашца а.

Климат

Латинан Америкин доккхаха долчу декъера климат йовха йу, йуккъера де-буьйсан температурин барам 21 градусал лакхара бу. Амма, масала, Андийн басенашкахь догӀнаш эха тарло дерриг шарахь а, ткъа тийнаӀапказан Перун а, Чилин а бердашкахь шарахь цкъа а дан а, ца дан а, тарло.

Фауна

Оцу регионан фауна ша-кепара йу, кхин цхьанне меттигехь ца хаало иштта дийнаташ, масала, ламанаш, гуанакош, маймалаш-малончаш, йа америкин страусаш. Латинин Америкин дийнаташа дагайоуьйту Африка а, Австрали а.

Истори нисйе бӀаьра

Латинан Америкин хьалхара а, уггаре беха а историн мур бара Колумбал хьалхара Америкин мур — ширачу заманара XVI бӀешеран йуьххье кхаччалц, Америкин испанхойн колонизаци (конкиста) йолайаллалц, ткъа цул тӀаьхьа португалхоша Бразилин колонизаци йаллалц.

 
«Хама бехк такхар», сурт Модесто Брокос[pt] (1895)

Латинан Америкин историн шолгӀа, колониалан мур лаьттира кхаа бӀешарахь. Оцу муьрехь колонизаторша лайш беш болу индахойн бахархоша, европера мухажирша, церан тӀаьхьено-креолаша, нуьцкъала чубалийна африкин лайш вовшешца уьйранаш латтор бахьнехь кхоллайелира латинаамерикин йукъаралла. XVIII бӀешарахь латинаамерикин къам кхолладаларан, Латинан Америкин тайп-тайпана регионашкахь къоман ойла самйаккха таро хилира.

 
Латинан Америкин мехкаш маршо йаккхаран терхьашца

1810—1826 шерашкара Америкера испанхойн колонеша маршо йаккхаран тӀамо а, 1822 шарахь Бразилин импери кхайкхоро а Латинан Америкин дукхаха йолу колонеш маршоне кхачийра. Цигахь кхиа йолайелира капиталистийн йукъаметтигаш. Мексикехь, Бразилехь, Чилехь йукъайелира фабрикийн йайн промышленность, кхоллайелира банкан система. Амма латтан дайшкахь даккхий латтанаш дисаро а, католикин килсан йелла аттонаша а, капитализмал хьалхара нах бацоран тайп-тайпана кепаш йитира.

XIX бӀешарахь Латинан Америкин мехкашкахь Ӏедал къийсира тайп-тайпана тобанаша а, хамалгӀаша а, уггаре хьалха латтан долахойн-латифундихойн. Политикин девнаш луьстура гражданийн тӀемашца йа «пронунсиамьентон» новкъахь, аьлча а пачхьалкхан харцамца. Политикин чолхалла стаг цецвоккхуш хӀума дацара. Масала, 1826 - 1836 шерашкахь Перухь хийцавелла 8 президент, ткъа Чилехь 1823 шеран январера 1830 шеран март кхаччалц Ӏедал хийцаделира 24-зза. Колонин муьрехь хӀоьттина социалан кхоллам (асьендин ден Ӏедал, цуьнан бух бара къийса йиш йоцучу авторитет тӀехь а, «клиентура цунна муьтӀахь хиларан а тӀехь, цуьнан бахам бозура «патронах»), дехьабоккхура пачхьалкхан тӀегӀанна а, цуо далийра каудилизм олучу феномене. 1810—1826 шерашкара маршонаш йахаран тӀемнийн муьрашкахь дуьйна регионан мехкашкахь Ӏедалан милитаризаци йира. Мексикехь а, Перухь а тӀеман ницкъийн коьртабаьчча йа тӀемлойн боьххьера кхин векал эскаро гӀодийр ду олий дош доккхий хӀотта тарлора «лакхара каудильо», мехкан президент. Иза хуьлура диктатор, цу тӀе, формалан республикин урхаллин кеп а йуьтуш, Ӏедал декъаран кеп а йуьтуш. Цуьнан «клиентура» хуьлура муьтӀахь болу лахара каудильош, ткъа церан шайн клиенташ хуьлура. Латинан Америкин кхечу мехкашкахь Ӏедале гӀерта каудильош гӀертара шайн Ӏалашо чекхйаккхаметтигера бахархой вовшахтоьхна полкашца а, шайн долара пеонашца йа гаучошца.

Политикин декъар нисйе бӀаьра

Формалан доцуш къаьста Карибийн регион (Мексика, Йуккъера Америка, Вест-Инди), Андийн мехкийн регион (Венесуэла, Колумби, Эквадор, Перу, Боливи, Чили), Атлантикин регион (Гайана, Суринам, Гвиана, Бразили, Парагвай, Уругвай, Аргентина).

Латинан Америкин йукъайоьду лахара пачхьалкхаш а, мехкаш а:

Пачхьалкхаш Бозу мехкаш
  Аргентина
  Боливи
  Бразили
  Венесуэла
  Гаити
  Гватемала
  Гондурас
  Доминикин Республика
  Колумби
  Коста-Рика
  Куба
  Мексика
  Никарагуа
  Панама
  Парагвай
  Перу
  Сальвадор
  Уругвай
  Чили
  Эквадор
  Гваделупа
  Мартиника
  Пуэрто-Рико
  Сен-Бартельми
  Сен-Мартен
  Французийн Гвиана

Оьздангалла нисйе бӀаьра

 
Латинан Америкин пачхьалкхан меттанаш

Латинан Америкин доккхаха долу декъо испанхойн мотт буьйцу, изза бу дукхаха болчу мехкийн пачхьалкхан мотт. Бразилехь пачхьалкхан мотт бу португалихойн. Бразилехь лело португалихойн мотт, чӀогӀа Ӏаткъам бина бу испанхойн матто, мелла а хийца а ло оригиналан португалихойн меттах. Мелла а кӀезиг баьржина пачхьалкхан мотт санна ингалсан, французийн, нидерландийн меттанаш. АЦШ а, Канадех а къаьсташ, Латинан Америкехь орамера бахархойн алсама лакхара процент йу. Боливехь а, Парагвайхь а индахой алсама бу.

35 млн 342 эз. йерриг Америкин индахойх максималан церан беха барам бу лахарчу мехкашкахь (эз. ст.):

2008 шарахь Боливех кхоалгӀа латинаамерикин мохк хилира грамота иэшийна аьлла дӀакхайкхийначех. Хьалха иза хаийтира Кубо (1961 шо) а, Венесуэло (2005 шо)[6].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. World Development Indicators: Rural environment and land use (инг.). World Development Indicators, The World Bank. World Bank. Архивйина 2016 шеран 17 июнехь
  2. 1 2 Population of Latin America and the Caribbean (2021) - Worldometer (инг.). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 9 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 24 февралехь
  3. 18 испаниметтан, цхьаъ португалиметтан, цхьаъ франкиметтан
  4. Пхиъ франкиметтан, цхьаъ испаниметтан
  5. Испанская Америка. www.amerika.org.ua. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 15 декабрь. Архивйина 2016 шеран 20 декабрехь
  6. В мире | Лента новостей «РИА Новости». ТӀекхочу дата: 2011 шеран 17 июль. Архивйина 2011 шеран 6 ноябрехь

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра