Лаха Невре (оьрс. Надтеречное[5], Нижний Наур) — Нохчийн Республикин Теркан кӀоштара эвла.

Эвла
Лаха Невре
Сурт
43°37′21″ къ. ш. 45°20′22″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
КӀошт Теркан кӀошт
Йуьртан меттиг Лаха Неврен
Истори а, географи а
Йиллина 1783
Хьалхара цӀерш станица Надтеречная[1], Ниж.Наур[2]
Центран локхалла 82[3] м
Климатан тайпа барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 7860[4] стаг (2002)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Официалан мотт нохчийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87132[3]
Поштан индекс 366810
Автомобилан код 95
ОКАТО 96216822001
nadterechnoe.ru
Картин тӀехь
Лаха Невре картан тӀехь
Лаха Невре
Лаха Невре картан тӀехь
Лаха Невре
Лаха Невре картан тӀехь
Лаха Невре

Лаха Неврен йуьртан меттиган административан центр[6]. Цунна йукъайогӀу Минеральни а.

Лаха Неврен Администраци

Географи нисйе бӀаьра

Лаьтта Теркан аьтту бердаца, 20 километр генахь кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан, 28 км цӀерпоштнекъан станцин Ишорен[7].

Уллора йарташ а, гӀаланаш а, кӀотарш а: малхбузехь — Лакха Невре (8 км), къилбаседа-малхбалехь — гӀаланаш Макан-ГӀала а, Савельевски а, къилбаседа-малхбузехь — Новр-ГӀала, къилбехь — кӀотар Минеральни, малхбалехь — Макане (8 км) а, Макан-КӀотар а[8].

Микротопоними нисйе бӀаьра

Йуьртахь а, гуонаха а хӀара микротопонимиш йу.

«Кхо колл йолучохь» — къилбехь. Дежийлаш.

«Ишал чоь» — къилбаседан агӀора. Дежийлаш.

«Ишал мере» — йуьртан малхбузехьа. Дежийлаш.

«Мокин баьрзнаш» — цхьа могӀа баьрзнаш ду йуьртан къилба-малхбалехь. Мока — нохчийн шира цӀе йу. Дежийлаш а, оханаш а.

«Хьажин гунаш» — йуьртан къилба-малхбалехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«ГӀамаран ор» — йуьртан къилбехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«Боккхачу шу кӀело» — йуьртан къилбехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«ТӀутӀин боьра» — йуьртан къилба-малхбузехь. Дежийлаш.

«ЦӀахьин акъара» — ЦӀахьа — нохчийн шира цӀе. йуьртан къилбехьара дежийлаш.

«Возкхин боьра» — Возкха — нохчийн шира цӀе. йуьртан къилба-малхбалера дежийлаш.

«Аьчган акъара» — йуьртан къилбаседа-малхбалера дежийлаш. Хьалхарчу заманахь кхузахь мужан хьост хилла, шеца эчиг а долуш.

«Сту бийна боьра» — йуьртан къилбехьара дежийлаш а, аренаш а. Нохчийн ширачу заманахь ламаст хилла тӀевеана стаг тӀелацаран, йуьртара доккхачу тайпано тӀе ца лаьцчи нах охьаховшийтуш ца хилла. Шеш тӀелоцург цара сту йа говр йа гомаш йуй сагӀа доккхуш хилла. ТӀаккхий бен шайн тайпана йукъаоьцуш ца хилла. Дийцарехь оцу меттигехь и сагӀа доккхуш хилла[9].

«Беширан хуьчу» — йуьртан къилбехьара дежийлаш.

«ЦӀуна кхуьйсу боьра» — дежийлаш а, оханаш а йуьртан къилбехьа.

«Муьжа чоь» — дежийлаш а, оханаш а, бошмаш а йуьртан къилбехьа.

«ГӀулоз чу» — дежийлаш, Теркан дукъ тӀиера атагӀа.

«ГӀулоз гӀу» — дежийлаш а, оханаш а йуьртан къилбехьа.

«ТогӀи чохь» — йуьртан къилбаседехьара Теркан тогӀи.

«Девкара-эвла боьду некъ» — асфальт биллина малхбалехьара малхбузехьа йуьртан йукъахула болу некъ, йуьртан арахьа биллира лела машенаш йуьртан йукъахула ца лелийта. ТӀаккха а, йуьрт шоръелла некъ Лаха Неврен йукъахь бисира.

«Аьчка хи тӀе боьду некъ» — тӀулгийн некъ йуьртан къилба-малхбалехьа.

«ГӀулоз чу боьду некъ» — аренан некъ къилба-малхбузехьа.

«Муьж чу боьду некъ» — къилбехьа боьду аренан некъ.

«Сен маӀашка» — йуьртан малхбалехьа.

«Мусин хьун» — йуьртан малхбалехьара хьун[10].

«Язаркъе» — йуьртан къилба-малхбузехьара догӀа доьху меттиг. Дежийлаш, оханаш.

«Эскин кӀотар» — йуьртан къилба-малхбузехьа Эскас йиллина кӀотар лаьттина меттиг. Оханаш а, дежийлаш а. Эски — нохчийн шира цӀе.

«Муьжан хара йоллучу» — йуьртан къилбехьа.

«Дозанан барз» — йуьртан малхбалехьара барз. Кхузахула доза ду Лаха Неврен а, Маканен а йукъара.

«Хьакхарчийн барз» — Къилбаседехьара барз, хьалха кхузахь эрз а, къух а хилла йукъахь акха хьакхарчий а йолуш.

«Хьажин вал» — къилбаседа-малхбузера Теркан дуьхьала Хьаьжас бина вал, построенный жителем села Хьажи.

«Ӏумхин кӀотар» — къилба-малхбалехь кӀотар лаьттина меттиг. Ӏумха — нохчийн цӀе.

«Эна йуккъера барз» — йуьртан йуккъехь лаьтта. Баккхийчара дийцарехь оцу меттигехь пхьолгӀа лаьттина, иза йохийча бульдозерца и гӀишло а, пхьолгӀахь багийначу кӀоран къовкъарш а тӀеттӀа гулйина бина бара и барз. ХӀинца оцу меттигехь маьждиг доьгӀна.

«КӀуо барз» — йуьртан къилба-малхбузехь. Дежийлаш, оханаш. КӀуо стена олуш хилла хууш дац, хетарехь цигахь акха саьрсекх йа хьонка болуш хилла хила тарло.

«Касин кӀотар» — йуьртан къилба-малхбухехьа кӀотар лаьттина меттиг. Каса — нохчийн шира цӀе. Цуьнан тӀаьхье, Сесанойн тайпана нах хӀинци а беха Лаха Неврехь[11].

«Чхарнаш дохучу» — чарташна тӀулг боккху меттиг. йуьртан къилба-малхбалехьа[12].

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
1939[13]1959[14]1970[15]1990[16]2002[17]2010[18]2019[19]
3659350251195150786084759748
Къоман хӀоттам

2002 шеран:

  • нохчий — 7 826 ст. (99,6 %)
  • кхин — 34 ст. (0,4 %)

Истори нисйе бӀаьра

Йуьртах лаьцна нисйе бӀаьра

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а арабаьхначул тӀехьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР йоха а йина Лаха Неврен цӀе «Надтеречное» аьлла хийцира. Йуьртахь вина Советийн Союзан Турпалхо Висаитов Мовлад.

Теркаца лаьттачу йуьртахь беха хӀума хаалууш, шайн йуьрт, мохк, нах дукха безаш бахархой. Лаха Невре кӀоргера орамаш долуш йу. Иза кхоллайаларан истори XVIII бӀешераш долалучу заманера йу, Российн историца уьйр йолуш а йу.

Йуьрт йиллар нисйе бӀаьра

Дийцарехь, иза дуккха а хьалха кхоллайелла дисинчу документашкахьчул а, цара боху гихтӀахой охьахевшира кхуза 1779 шарахь. Ткъа Ӏаларойн тайпанара нах шеко йолуш бац шайн дай дуьххьала Теркан тогӀи чу охьаховшарх. Изза боху нижалоша а. Ший а тайпа Лаха Неврехь уггар доккхах дерш ду, ткъа церан орамаш XVIII бӀешере кхочу. Уггар гӀарабевлларш а, йоккха силсил йерш а хилла элий ТӀурлогӀара. Цара йиллина лору XVIII бӀешераш чекхдовлуш ший а Невре.

Олуш дара, гӀазакхийн Новр-ГӀала йоьгӀна Теркан аьрру берда тӀехь нохчийн, шен цӀе туьйранашкара наьртан Новран цӀарах тиллинчу йуьртан Лаха Неврен дуьхьала. Дийцаршкахь наьрт даьхна теркаца, Лакха Неврехь хӀинци а долчу Новр-Ӏуьрг чохь. П. А. Востриков дийцарехь, Новр-ГӀалан цӀе кхьаьчна «кхуза гӀазакхий бахкале хиллачу нохчийн эвланах». Историка Исаева ТӀауса йаздо: «XVII бӀешарахь, ойла йан йеза, хилла Теркаца йуьрт Нойри (хӀинцалера Лаха Невре). Архиван документашца, меттигаш Мекень а, Наур (Ноур) а хьахайо 1642-1643 шерийн кехаташ тӀехь. Ткъа гӀазакхийн гӀала Наур хилла 1645 шарахь а.

Амма Теркаца йолу нохчийн эвланаш а, гӀазакхийн гӀаланаш а, Соьлжан къевлинчу меттигца цхьаьна, йагийра 1653 шеран мартехь «Кызылбашан талораш» долуш гӀажарийн эскаро, гӀодеш боргӀаной а, гӀумкий а болуш. Оцу хенара документаш дуьйцу: «Соьлжан къевлина меттиг гӀумкаша маьӀ-маьӀнехь йагийра, амма йерриг ца йагийра, Терк хица йолу гӀазакхийн гӀаланаш а дукхах ерш йагийра. Оцу хенахь хӀаллакйина йарташ йуха туо ца йира дуккха а шераш девлчий бен. ХӀоранза а шира нохчийн аренашкара йарташ хан хене мел йолу хӀаллак йора тӀемашкахь, ткъа бисина бахархой лаьмнашка шайн тайпанин эвланашка дӀаболхара. ТӀаьхьа, маьрша зама йеачи, адамаш дика латташ долчу аренашка бахам лело охьабагӀара.

Йуха охьаховшар нисйе бӀаьра

Хьосташца, йуха Невре охьаховшар хилира XVIII бӀешераш чекхдовлуш. 1748 шеран документашкахь «Наверене» а, «Мекень» а (аьлчи а «Невре», «Макане») хьехайо. 1769 шарахь Теркан аьрру бердаца охьаховшу гӀалагӀазкхий.

Теркан аьтту бердаца охьаховша болало маьрша нохчий. П. Г. Бутковн белхашкахь карадо хӀара тешалла: «Нохчий, …шайн элий хилла болу, уьш лаьхкира, шайн олаллех бехира. ТӀаккха и элий цхьаберш йухабирзира шеш баьхккинчу Аксай а, Ӏаьндаре а; кхин берш, российн хьаькамийн пурбанца, йехкира керла йарташ аренашкахь Соьлжан а, Теркан аьтту бердан а йукъахь, гребенски а, мазалкан а гӀазакхийн гӀаланашна дуьхьала. Нагахь Бутковс Лакха Невре а, Лаха Невре а йиллина терахь 1784 шо ларахь, тӀаккха Ӏаббас-Кули-АгӀа Бакихановн «Гюлистан-и Ирам» жайнин академика З. М. Буниятовс динчу маьӀнашца жайнахь доьшу: «1782 ш. ТӀурлугӀара кхелхира Новр гӀалин дуьхьала Теркан аьтту берд тӀехь шеш йиллинчу эвла».

Ткачёв Георгийс дош дашера а ца доккхуш Бутковн ойланца ву: «1760 шарахь Гермачигара а, Шелара лаьхкинчу Довт-ГиригӀарна, правительство бакъо йелира дӀалаца оьрзгӀалан гӀазакхийн Мелчу хин хьостуш долучара «Шира-йурт», цара бух биллира таханлерачу йоккхачу эвлана Ширчу-Йуртана. 1783 ш. царна тӀаьхьа баьхкира ТӀурлугӀара. Уьш арабаьхнера Топлера, охьахевшира оьрсашкара бакъо йаьккхина Лаха а, Лакха а Неврехь гӀазакхийн гӀалана Новрана дуьхьала».

ГӀараваьлла дегӀастанан этнографа Б.К. Далгата (1870-1934) йаздо: «1783 ш. Потёмкина таӀзардира нохчашна, цара массара а (аренашкарчара) байӀат дира. Лаьхкина элий йухаберзийна оьрсийн лаамца, амма дукха ца лаьттира; тӀаьххьаре а цара йитира Нохчийчоь, дӀабахара Соьлжан аьрру бердан тӀе, Соьлжан а, Теркан а йуккъехь кхоьллира эвланаш Лакха а, Лаха а Невреш; царна тӀаьхьа шайн лаамца бахара масех бӀе нохчий, царех маьрша нохчий олура». Далгатан йоӀа – Уздията, дас дуьццург дуьйцу: «Лакха а, Лаха а Невре санна йаккхий эвланаш йехкина нохчаша Соьлжа а, Терк а хишна йуккъехь 1783 ш. оьрсашца Ӏиттабелча»

Цхьаьна версица, дуьххьала йуьрта охьахиинарг Устарха лору. XIX бӀешо долалуш, Сесана эвлара Устарха кхелхира Девкар-Эвла. Устарха хилла гӀараваьлла таллархо («БӀаьрг нийса топ туха Устарха» олуш хилла цунах). Оцу мехка доладеш хиллачу эла ТӀурлос кхайкхина охьахиина Устарха шен кӀенташца Касийца а, Яндархийца а (хӀинца а бу церан тӀаьхьенаш КасаевгӀар а, ЯндаровгӀар а Неврехь) оцу латта тӀехь. XIX бӀешо чекхдолуш Касас латт эцна Теркан дукъан кӀоштахь, шен кӀенташца цига охьахиина. Йиллина цигахь Касин кӀотар. Дукха даьхний, говраш, уьстагӀий хилла цуьнан. РСФСР Къилбаседа-Кавказан мехкан ЦСУ (гӀ. Ростов, 1925 ш.) терхьашца Касин кӀотарахь хилла 20 цӀа, 53 стаг, 47 зуда, вериг а 100 стаг. Лаха Невре а, Лакха Невре а цӀераш тахкар бахьана ду, Лакха Невре Теркаца лакхахь хилар, ткъа Лаха Невре – лахахь хилар.

Имам Шамиль Теркйистехь нисйе бӀаьра

1840 шеран бӀаьста имам Шамиль коьртехь волуш мурдаш баьхкира Теркйистерачу йарташка, цара кхайкхам бира Российн дуьхьал довла бохуш. Уггар чӀогӀа даггах къамел дира цуо лахановрхошна хьалха. Теркахоша имам дика тӀеэцний хиина, паччахьан администрацин тешам байра теркйисттерачу нохчашна, кхайкхийра герз охьадилладеза аьлла. Иза бахьнехь 1840 шеран июнь баттахь йерриг а йарташкара нохчий шайн цӀенош охьакхийсина Гихта хьуьнах дӀакхелхира. Нохчийчуьра паччахьан баьччалло барт бира таӀзар дан гӀевттинчу теркахошна, кечйира таӀзаран экспедиции, коьртехь инарла Галафеев волуш. Иза лаьттара 3 эзар гӀашлочух а, 1500 гӀазакхийчух а, шайца 14 йоккха топ а йолуш болу. И экспедици хӀаллакйира 1840 шеран 11 июлехь ВалартӀа йоккхучу тӀамехь. Теркйистера бахархой бевддачул тӀехьа, паччахьан администрацис омар дира, «йухабоьрзу нохчий шайгара пурба доцуш тӀе ма эца» аьлла. 1840 шеран 9 августехь эскаран баьччо инарла–адъютанта Граббес тӀеман министре Чернышевга деллачу рапортехь йаздина: «Теркйистера нохчий хӀинцале дохко бевлла, доьху къинтӀера довлар. Хьан сийлаллин хаьа, аса йаздина инарла Галафеевга дӀакхайкхаде, уьш гуттаренна а бевлла шайн латах мукъа». ГӀаттамал тӀехьа йаьсса йисина йуьрта Лаха Невре йуха охьахевшира 1847 шарахь. Оцу хенахь цунна кхин цӀе еллера Новомусино аьлла. И цӀе тиллинера Лаха Неврен олалла дечу ТӀурлогӀера эла Мусан цӀарах.

XIX бӀешеран чеккхе, XX бӀешеран йуьхьиг нисйе бӀаьра

1859 шарахь, Кавказан тӀом чекхбаьлла аьлла хетачу хенахь Лаха Невре хевшира Мамакаев Хьанакхи а, Висинчиев Чала а, оьрсашкахьа бевлла болу. Шинне а эпсаран даржаш делира, латтанаш а делира Теркйистехь. Ша жима волуш Х.Мамакаевн дика хаара Ӏарбийн а, оьрсийн а меттанаш, цуо аьтту бира цуьнан йуьртда даржехь дуккха а латта. Дукха хьолахь йуьртахойн халонаш хуьлура гӀалагӀазакхашца йукъаметтигашкахь мотт ца хаарна – оьрсийн мотт хууш 10 стаг бен вацара йуьртахь. Ӏарбийн мотт хууш 12 стаг вара. Хьалха Терк Новр-ГӀалан уллохула долура, амма 1876 шарахь цӀеххьана шен харш хийцина Лаха Невре хин чуйахийтира Терко. Бехк йуьртахойн бара, царна гӀазакхаш хьехар динера Теркан тӀиера шайна татол дига бошмашна а, хасбошмашна а хи тоха, даьхнашна хи мало а аьлла. Амма оцу хенахь хиллачу йуьртдас Мамакаев Хьанакхис бехира цаьрга Терк дистича йуьртан чудер ду хи бохуш. Иштта нис а делира. Дукхах болу бахархой лакха хьалабевлира хих бевдда. 1886 шарахь «Посемейный список селения Нижне-Наурского» цӀе йолчу тептаро дийцарехь Лаха Неврехь 2098 стаг вара. XIX бӀешо чекхдолуш XX бӀешо долалуш Лаха Неврен къегина мур беира, йуьрт йоккхалуш йара, кхуьуш йара массо а агӀора, йуьртабахам айабеллера, тайп-тайпана пхьоланаш дара. 1916 шарахь йуьртахь 3508 стаг вара, латтан майда - 9477 десятин (10 эзар гектар гергга), хӀора стагана кхочура 2,7 десятин. Россехь 1917 шарахь революци хиллачул тӀаьхьа а, Гражданийн тӀом болуш а, Лаха Невре масийттаза схьайаьккхира тӀом бен агӀонаш, Теркан тӀехула диллина бурам хилар бахьнехь. 1918 шеран 1-2 январехь Лаха Неврен бахархой коьртехь лераме шайх Хантиев Кана волуш тӀом бира кӀайнгӀазакхашна дуьхьала Девкар-эвлан бахархошца цхьаьна могӀарехь. Оцу тӀамехь гӀазот хилира ворхӀ лахановрхо. Гражданийн тӀом чекхбаьлчи Теркйистехь маьрша дахар хӀоьттира.

Советийн мур нисйе бӀаьра

КӀоштара дуьххьара ишкол йиллира 1923 шарахь Лаха Неврехь. Дуьххьарлера хьехархо - Базаков Ӏабдул-Муслим Керзуевич. Изза ву дуьххьарлера Халкъан дешаран гуонан отделан хьаькам. 1934 шарахь А-М.К.Базаков Москоха деша вохуьйту а Халкъан дешаран белхалойн квалификаци ойу Центран Институте. Къилбаседа Кавказера уьш шиъ бен вацара. Халкъан хьехархочо Базаковс валлалц бира и болх. Цуьнан цӀе йу НГӀАССР Дешаран Министраллин сийн жайнин тӀехь. 1926 шеран 8 мартехь кхоьллина Теркан кӀошт центр Лаха Неврехь а йолуш. 1965 шарахь бен дӀа ца йаьхьина иза ЧӀулга-Йурта.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш немцой Теркан аьрру бердашка кхечира. Лаха-Неврехь Теркан кӀошт ларйаран штаб йара. Цундела цига масийттаза бумбанаш туьйхира немцойн авиацис. Кхин тӀе Лаха Невре хӀора дийнахь йаккхий тоьпаш йеттара. Оццу хенахь дукхаха болу йуьртара кегий нах, советийн-германийн фронтан массо а дакъошкахь къинхетам ца беш хӀаллакбеш бара мостагӀий. Царна йукъахь бара Эдиев Дикалу, Султанов Ӏабдул–Хьалим, МамакаевгӀар Паша а, Ахьмад а, Такаев Лема, Тасуев Мохьди, Довлетукаев Ӏарби, Чалаев Ӏийса, Саралиев Ӏела, Базаков Хьамид, кхин дуккха а.

Висаитов Мовлад - Советийн Союзан Турпал, полкан баьчча, Советийн Эскаран полковник, 1945 шарахь дуьххьала Эльба хин тӀекхаьчначарех хьалхарчех цхьаъ, цигахь дуьхьалкхетта бартхойн эскаршна, цунна АЦШ Президентан Трумэнан омарца АЦШн лакхара пачхьалкхан "Сийн легион"орден йелла. Иштта йаздина цунах лаьцна АЦШн Президента Трумэн Гаррис: "Полковника Висаитовс гайтина турпалалла Германин дуьхьала бартхоша цхьаьна операци йеш. Цуо гайтина хьекъале, майра тӀеман баьчча хилар. Баьччаллин говзалла, майралла, лакхарчу тӀегӀанера шен тӀемлочун декхар кхочушдар полковника Висаитовс, хилира коьрта фактор цуьнан декъо аьттонца тӀом бар."

Гитлеран Германин тӀехь толам баккхарехь нохчийн тӀемлоша лаьцна доккха декъе ца хьоьжуш, 1944 шеран 23 февралехь дерриг нохчийн къам арадаьккхира Кхазакхстане а, Йуккъерчу Ази а.

Оцу йукъара ца бевлира лахановрхой а, уьш кхечира Кхазакхстанан Карагандан областе. Лаха-Невре, оьрсий ховшийра, йуьртан цӀе хийцира «станица Надтеречная» аьлла.

13 шо даьккхина Лаха Неврен дай цӀабирзира шайн Даймахка. Реабилитаци йина, цара долийра керла дахар, шайн хӀусамаш оьрсашкара мехах схьаоьцуш.

ГӀарабевлла йуьртахой нисйе бӀаьра

Дешар нисйе бӀаьра

  • Йуккъера йукъарадешаран ишкол № 1[22].
  • Йуккъера йукъарадешаран ишкол № 2[23].
  • Йуккъера йукъарадешаран ишкол № 3[24].
 
Лаха Неврен №2 йолу ишкол

Оьздангалла нисйе бӀаьра

Йуьртахь йу Ӏарби Мамакаевн литературин-мемориалан музей а, кӀоштан оьздангаллин цӀа а.

 
Лаха Неврера рузбанан маьждиг
 
КӀоштан оьздангаллин цӀа

Тайпанаш нисйе бӀаьра

Йуьртахь деха тайпанаш:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Карта 1:100000 (хотя на более ранних картах обозначалась именно как Надтеречная)
  2. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  3. 1 2 Село Надтеречное / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  4. Итоги переписи 2002 г.
  5. Название населённого пункта согласно Закону Чеченской Республики от 20 февраля 2009 г. № 16-РЗ "Об образовании муниципального образования Надтеречный район и муниципальных образований, входящих в его состав
  6. Надтеречная сельский округ (сельсовет)* (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
  7. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Сулейманов, 1997, с. 558.
  8. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  9. Сулейманов, 1997, с. 559.
  10. Сулейманов, 1997, с. 560.
  11. Сулейманов, 1997, с. 561.
  12. Сулейманов, 1997, с. 562.
  13. Кеп:Население/1939AI
  14. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  15. Надтеречный район (1970).
  16. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  17. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  18. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  19. Паспорт Надтеречного муниципального района Чеченской Республики на 01.01.2019 год на сайте администрации
  20. Кислицын С. А., Паршин А. В. Лидеры российской власти и оппозиции: учебная книга в 2-х томах. — Ростов н\Д: ДЮИ. — Т. 1: Большевистские вожди. — С. 157. — ISBN 5-89871-024-8.
  21. Жиленков М. Политическая борьба после смерти Сталина. Свержение Берии // ИА «Красная Весна». — М.. — № 143, раздел «Аналитика».
  22. МОУЧ 'СОШ 1 с. Надтеречное Надтеречного района' 89288940513, 2007004390
  23. МОУЧ 'СОШ 2 с. Надтер Надтеречного муниц. района' 89287829267, 2007004400
  24. МОУ 'СОШ 3 с.п. Надтеречное' 89635904515, 2007003847
  25. Саиев, 2009, с. 558.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра