Левшик — уьрсаца, воттанца, херхаца йа кхин гӀирсаца дечигах, металлах, пластмассех йа кхечу гӀирсах йаьккхина йуткъа а, готта а кегийра кийсигаш. Левшик хуьлу дечиган а, металлан а, кхечу гӀирсан а.

Куьйга воттана хьакхарца йаьккхина дечиган левшик
Эчиган левшикан масалаш, царна йукъахь пресца охьатаӀийна левшик а
Чархо йаьккхина левшик

Металлан левшик нисйе бӀаьра

Металлаца болх беш цуьнан физикин-механикин хьоле хьаьжжина тайп-тайпана левшик йолу. Коьрта кепара левшикаш билгал а йаьхна теллина профессора И. А. Тимес, цуо билгалйаьккхина левшикан кхоъ кеп: левшиг каггийнарг, аьттарг, охьайоьттинарг. Охьайоьттина левшик йолу цӀеста тӀехь болх бечу хенахь, чуьйна тӀехь болх беш йолу каггийна левшик, ткъа чӀогӀа гӀирсаца болх беш (болат, победит) — аьтта левшик.

Дечиган левшик нисйе бӀаьра

Дечиган левшик, цхьана могӀара жирца, чӀешалгца, дечиган цуца кегийра дина дечиган цхьа кеп йу. Иза йаккха таро йу леррина йолчу левшик йоккхучу чархаца[1] а, дечиган пхьола деш яла а. Шен хатӀца хила тарло чӀапа, хьевзина йа мехакепара — шоралла а, стоммалла а йохаллел дуккха а алсама йолу.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. ГОСТ 17462-84. www.budinfo.org.ua. — Продукция лесозаготовительной промышленности. Термины и определения. ТӀекхочу дата: 20 апрелехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.

Хьажа иштта нисйе бӀаьра


Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • ГОСТ 18110-72. www.complexdoc.ru. — Плиты древесностружечные. Технология. Термины и определения. ТӀекхочу дата: 20 апрелехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.
  • ГОСТ 23246-78. www.complexdoc.ru. — Древесина измельчённая. Термины и определения. ТӀекхочу дата: 20 апрелехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.