Вахи́т Гара́евич Магома́дов (1967 шеран 20 сентябрь, Шела, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — 67,5 а, 71 а кг кхаччалц йозаллин категорешкахь лаьтта волу нохчийн боксёр, ССРС кегирхойн йукъахь чемпион, ССРС Кубок йаьккхинарг (1986 шо), МВД белхалойн йукъахь дуьненан чемпион, ССРС говзанчийн йукъахь чемпион, дукха халкъашна йуккъера йахьаллонийн толамхо, ССРС халкъашна йуккъера классан спортан говзанча.

Вахит Гараевич Магомадов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла стаг
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзалла Бокс
Вина терахь 1967 шеран 20 сентябрь({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (56 шо)
Вина меттиг Шела, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Тренераш
Йозалла 67,5 - 71 кг
Арахьара суьрташ
Вахит Магомадов

Биографи нисйе бӀаьра

Винера 1967 шеран 20 сентябрехь Шелахь. 1978 шарахь иза волавелира паргӀат кепар латар Ӏамадан. Юртан йистера йуккъе дӀаэха гена дара. Цундела генахь йоцуш боксан секци схьайиллича иза цига дӀайазвелира. Цуьнан хьалхара тренер вара Умар Эдильханов. Цуьнан куьйгалца иза 19801983 шерашкахь хилира кегирхойн юккехь Нохч-ГӀалгӀайн республикин чемпион, кегирхойн йуккъехь Российн къилбан чемпион, кегирхойн йуккъехь ССРС чемпионатан финалист.

1984 шарахь иза веара «Динамо» спортан йукъаралле Владимир Алексеевич Моребис тренер волча. Цуьнан куьйгалца иза хилира «Динамо» спортан йукъараллин чемпион (1984 шо), РСФСР чемпион (1985 шо), ССРС Кубок йаьккхинарг (1986 шо), къона спортсменашна йукъахь ССРС чемпион (1987 шо), дукха халкъашна йукъараллин йахьаллонийн толамхо, МВД белхалойн йукъахь дуьненан чемпион (Пхеньян, КНДР, 1987 шо).

1987 шарахь Владимир Моребис веллачул тӀехь, иза волавелира Хамзат Джабраиловца болх бан. Уьш цхьана болабелира Сеулехь хила йезаш йолу Олимпиадан кечбала. Амма цамгар бахьнехь цуьнан ССРС чемпионатехь дакъа лацар ца нисделира.

Магомадов марзбеллачарца 130-за летира, царех 115-за туьлира. 57-за иза летира халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь, царех 50-за туьлира.

Цул тӀаьхьа иза профессионал хилира. 19901991 шерашкахь иза хилира профессионалашна йуккъехь ССРС чемпион. Профессионал волуш иза Россиехь 11 летира, шен массо а къийсархо эша а бира.

1991 шарахь иза АЦШ дӀавахара. Цигахь иза 6-за летира, царех 5-за туьлира, 2-за — нокаутца.

1992 шарахь цуьнца чӀагӀам бинера пхеа шеран. Амма иза цӀавирзича Нохчичоьхь керла Ӏедал а хӀоттина, нохчашна доза дӀакъевлира.

Вахитан бокс йита дизира. Иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхиина 15 сов Российн спортан говзанча.

Доьзалла нисйе бӀаьра

Цуьнан кхо бер ду.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра