Малхбален Тимор

Малхбален Тимор[7], шолгӀа йоца цӀе Тимо́р-Ле́сте[8], юьззина официалан цӀе — Демократин Респу́блика Малхбален Тимор[7]Къилба-Малхбален Азин пачхьалкх, дӀалоцу Тимор гӀайренан малхбален дакъа, цул совнах жима эксклав йу (Окуси-Амбено провинци) оцу гӀайренна малхбузе декъехь а, кегий гӀайренаш а Атауру (къилбаседа) а, Жаку а (малхбале).

Демократин Республика Малхбален Тимор
Repúblika Demokrátika Timor-Leste[1]
República Democrática de Timor-Leste[2]
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Unidade, Acção, Progresso (Кеп:Tr-pt
Малхбален Тиморан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш 28 ноябрь 1975 шо (Португалех)
20 май 2002 шо (ХӀиндонезех)
Официалан меттанаш тетум
португалихойн
Коьрта гӀала Дили
Йаккхий гӀаланаш Дили
Урхаллин тайпа Республика[3]
Президент
Премьер-министр
José Ramos-Horta
Таур Матан Руак
Пачхь. дин Католицизм
Латта
 • Шадерг 15 007 км² (154-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор 1 291 358[4] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2016) 6,60 млрд[5] долл. (161-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 3870[5] долл.
АДКИ (2016) 0,605[6] (йукъара; 133-гӀа меттиг)
Ахча АЦШн доллар (USD, 840) (IDR, код 360)
Интернет-домен .tl
Код ISO TL
Код МОК TLS
Телефонан код +670
Сахьтан аса +9
Автомобилийн некъаш аьрру[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

XVI бӀешарахь мехкан колонизаци йира Португалин империс, йевзара Португалин Тимор санна колонизаци дӀайаккхалц. 1975 шо долалуш Малхбален Тимора кхайкхийра маршо, амма тӀаьхьо оццу шарахь оккупаци йира ХӀиндонезис, ткъа шолгӀачу шарахь — схьаяьккхира хӀиндонезин 27-гӀа провинци санна. 1999 шарахь, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо къобал дина дӀакъастаран акт динчул тӀаьхьа, ХӀиндонезин правительствон терго дӀаелира оцу махкара, тӀаккха 2002 шеран 20 майхь Малхбален Тимор хилира дуьххьарлера керла Суверенан пачхьалкх ткъе хьалхарчу бӀешеран. Маршо яьккхинчул тӀаьхьа мохк йукъа бахара Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан а, Португалхойн мотт буьйцучу мехкийн доттагӀаллин. 2011 шарахь Малхбален Тиморо кхайкхийна шен Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциацех дӀакхета лаам, чу кехат а делла тобан цхьайтталгӀа декъашхо хила ният долуш. Иза шиннах цхьаъ керсталлин мохк бу Къилба-Малхбален Азехь (важа — Филиппинаш).

Истори нисйе бӀаьра

ГӀайренан дуьххьарлера бахархой баьхна Джерималай хьех чохь 60—50 эз. шо хьалха. Вайн эрал 38 - 17 эз. шо хьалхарчу муьрехь Джерималай хьех чохь нах ца Ӏийна, иза доьзна хетарехь, хӀорд чубожарца[9].

Тардалийтарехь 4 эзар шо хьалха Тиморе охьахевшина австралоидан расан векалш, цара буьйцуш хилла шира папуасийн меттанаш. ТӀаьхьа Тимор тӀеховша буьйлабелла австронезийн монголоидан тайпанаш, уьш баьхкина хӀинцалерачу ХӀиндонезин гӀайренаш тӀиера. ТӀаьххьара баьхкина тетумаш — тера ду, XVI бӀешарахь. Тетумаш бина хаъал Ӏаткъам гӀайрен тӀехь хилла къаьмнаш кхиош — тетумашкара масала оьцуш, уьш буьйлабелира шира бахаман гулдар тӀиера латта лело, масала, дуга кхио.

Оцу хенахь (XIV—XVI бӀешерашкахь) Тимор тӀехь хуьлура яван, малайн, цийн махлелорхой, цара хуьйцура меттигерачу бахархошца сандалан дитт, иза дика оьцура Къилба-Малхбален а, Къилба а Азин мехкашкахь.

Португалхой хилира европахойх дуьххьала кхаьчначех, уьш баьхкира оцу махка XVI бӀешарахь, масех эвла йиллира цара Тимор гӀайрен тӀехь, оцу хенахь гуонахьара гӀайренаш карадахнера голландхойн.

Административан йекъайалар нисйе бӀаьра

Байракх Гуо Адм.
центр
Код
ISO 3166-2
ЦӀен.
бахам
Майда[10],
км²
Бахархой[11],
адам. (2010)
Луьсталла,
адам./км²
Гуон
карта
Картан тӀехь
Нохчийн порт. тетум
1   Айлеу Aileu Aileu Айлеу TL-AL 7745 676,02 44 325 65,57    
2   Айнару Ainaro Ainaru Айнару TL-AN 11 527 869,79 59 175 68,03    
3   Баукау Baucau Baukau Баукау TL-BA 22 659 1507,95 111 694 74,07    
4   Бобонару Bobonaro Bobonaru Мальяна TL-BO 18 397 1380,82 92 049 66,66    
5   Викеке Viqueque Vikeke Викеке TL-VI 15 115 1880,39 70 036 37,25    
6   Дили Díli Dili Дили TL-DI 31 575 368,12 234 026 635,73    
7   Кова-Лима Cova Lima Kovalima Суаи TL-CO 11 820 1206,66 59 455 49,27    
8   Лаутен Lautém Lautein Лоспалос TL-LA 12 998 1813,11 59 787 32,97    
9   Ликиса Liquiçá Likisá Ликиса TL-LI 11 063 550,95 63 403 115,08    
10   Манатуту Manatuto Manatutu Манатуту TL-MT 8338 1785,96 42 742 23,93    
11   Мануфахи Manufahi Manufahi Саме TL-MF 8901 1326,60 48 628 36,66    
12   Окуси-Амбено Oecusse Oe-Kusi Ambenu Панте-Макасар TL-OE 13 659 817,23 64 025 78,34    
13   Эрмера Ermera Ermera Глену TL-ER 21 165 770,83 117 064 151,87    
Массо 194 962 14 954,43 1 066 409 71,31

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Konstituisaun
  2. Constituição
  3. Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 15. — ISBN 978-5-85120-295
  4. World Population Prospects: The 2017 Revision (инг.). United Nations, Department of Economic and Social Affairs, Population Division (2017 шеран октябрь). — (custom data acquired via website). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 ноябрь.
  5. 1 2 World Economic Outlook Database. Report for Timor-Leste (инг.). IMF (2017 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 ноябрь.
  6. Human Development Index and its components (инг.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии (2016) на сайте Программы развития ООН. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 ноябрь.
  7. 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 15. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  8. Классификатор стран мира (ОКСМ) Архивйина 2009-12-07 — Wayback Machine
  9. Археологи откопали на острове Тимор древнейшие рыболовные крючки, 25.11.2011
  10. Direcção Nacional de Estatística: 2010 Census Wall Chart (English) Архивйина 2011-08-12 — Wayback Machine
  11. Highlights of the 2010 Census Main Results in Timor-Leste English Архивйина 2013-09-28 — Wayback Machine