Мациев Ислам Хьамзатан воӀ (1973 шеран 10 декабрь, Йоккха АтагIа, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС) — нохчийн дзюдоист, 4-зза Российн чемпион (19951997, 1999), дуккха а Российн, Европин, дуьненан чемпионатийн совгӀатхо, халкъашна йуккъера турнирийн совгӀатхо, Российн халкъашна йуккъера классан спортан мастер (1996). Иза вара 66 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь леташ. Иза ву 170 см лекха.

Мациев Ислам Хьамзатан воӀ
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС ССРС Росси
Говзалла Дзюдоист
Вина терахь 1973 шеран 10 декабрь({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (50 шо)
Вина меттиг Йоккха АтагIа, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС
Спортан карьера 1983-2004
Тренераш
Локхалла 170 см
Йозалла 69 кг

Биографи нисйе бӀаьра

Иза вина 1973 шеран 10 декабрехь в селе Йоккха АтагIахь. Дзюдо аьха волавелира шен 10 шо кхаьчча. Цуьнан хьалхара тренер вара Феликс Куцель. ТӀаьхьа цуьнан тренераш бара Шевалье Нусуев а, В. Хабиров а. Школа чекхйаьккхича иза деша вахара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте физкультуран факультете. Армехь иза вара Москвахь, Йуккъера эскаран спортан клубехь.

СССР хӀаллак хилча иза Туркойчоь дӀавахар. Цигахь а цо спорт ца ютара. Цхьа хан ялча иза йуха а цӀа вирзира. ЦСКА клубехь йуха а лата волавелира иза. Масийттуза кхиамца йахьаллонашкахь дакъа лаьцначул тӀехь иза Российн дзюдон гулйина тобана йукъавахара 1994 шарахь.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра