Маьхьди́ (Ӏаьр. مهدي‎‎) — исламехь: Мухьаммад пайхамаран тӀаьххьара когаметтаверг, ша тайпана масихь, дуьне духуш вогӀур волу. Къуръанехь Маьхьди ца хьахаво, амма масихьан ойла шуьйра маьӀна доккхуш юьйцу Мухьаммад пайхамаран хьадисашкахь. Юьхьанца къемат-де гергадар хаийта деза Маьхьди а, Ӏийса пайхамар цхьаъ ларара. ТӀаьхьа Маьхьди хилира ойланашца ша васт «дин цӀандийриг»[1].

Маьхьди цӀе, язйина исламан каллиграфица Масджид ан-Набавихь
                              

Истори нисйе бӀаьра

Хьиджран хьалхарчу бӀешерашкахь Маьхьди гуора хин волу урхалча санна, цуо юьхьанца ма-хиллара цӀандан дезара ислам. Оцу меттиге тоьттура «антихалиф» ӀабдуллахӀ ибн аз-Зубайр. Масихьан ойланаш шуьйра яьржира шиӀизмехь, Маьхьди варах тешар дӀаийра «къайлаваьлла» имам Мухьаммад аль-Маьхьди юхаверзарца[1].

Масихьан ойланаш исламан социалан а, динан а боламийн са иркара хӀиттадора. Маьхьдин цӀе лелийра ФатимгӀеран некъий кхоьллина ӀубайдаллахӀ аль-Маьхьдис (909—1171); АльмуваххьидгӀеран некъий кхоьллина Мухьаммад ибн Тумарта, Малхбален Суданера МаьхьдигӀеран гӀаттаман тхьамдано Мухьаммад Ахьмада[1].

Маьхьди Ӏийса санна стиглара вуссур вац, ткъа цуьнца цхьаьна латта тӀехь Делан паччахьалла хӀоттор ю. Иза хир ву Мухьаммад пайхамаран тӀаьхьенех, шен гӀуллакх долор ду Дажал варца цхьаьна. Ӏийсаца цхьаьна, цуо тӀом бийр бу Дажалан дуьхьала, тоьлар а ву иза Дажалал. Ӏийсас а, Маьхьдис а дӀадохур ду ницкъбар а, харцо а, хӀоттор ду нийсонан бакъ долу Ӏедал[2].

Васт нисйе бӀаьра

Маьхьди хир ву кхечарех тера стаг, шен муьран нийсархо[2]. ШиӀийш теша Маьхьди дийна хиларх, кестта дуьнен тӀехь нийсо меттахӀоттор хилар. ШиӀизмах къаьстина, суннийн Маьхьди, И. Гольдциера билгалдаккхарца, «билгала доцу адам, мифан тӀейогӀучу хенан хазна»[1].

Цьаболчу Ӏалимаш Маьхьди а «дин цӀандийриг» (муджаддид) цхьаъ лору[2].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Прозоров С.М. ал-Маьхьди // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 163.
  • Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/M.html#Mahdi41 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • «Мукаддима ибн аль-Салах», Сахих аль-Бухари, Дар аль-Мааариф, стр. 160-169.
  • Джафар аль-Садик, Аль-Гайба (Заклинание): рассказы о пророчествах аль-Маьхьди Имамом Джафаром аль-Садиком, издательством «Михраб».
  • Бакр аль-Маджлиси, Мухаммад (2003 год), Китаб аль-Гайбат, Qom: Ansariyan Publications.
  • Doi, ARI, «Yoruba Mahdī», журнал «Религия в Африке», 4 (2): 119-136, doi: 10.1163/157006671x00070, JSTOR 1594738.
  • Мартин, Ричард К., изд. (2004 год), «Маьхьди», Энциклопедия ислама и мусульманский мир.
  • Момен, Моджан (1985 год), введение в ислам шиитов, Нью-Хейвен, Коннектикут: Йельский университет, ISBN 0-300-03531-4.
  • Шаухат Али, тысячелетние и мессианские тенденции в исламской мысли (Lahore: Publishers United, 1993 год)
  • Timothy Furnish, Holiest Wars: Исламский Маьхьдис, Джихад и Усама Бен Ладен (Вестпорт: Преэгер, 2005 год) ISBN 0-275-98383-8.
  • Абдулазиз Абдулхусейн Сателина, Исламский мессианство: Идея Маьхьди в twelver Shi'ism (Олбани: Государственный университет Нью-Йоркской прессы, 1981 год) ISBN 0-87395-458-0.
  • Сяйх Хисям Каббани, «Подход Армагеддона» (Исламский Высший Совет Америки, 2002 год) ISBN 1-930409-20-6.
  • «Маьхьди», Британская энциклопедия, 2008 год

Хьажоргаш нисйе бӀаьра